Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Бомбанаш ша а, шен вашас а кечйинера аьлла Царнаев ЖовхIара

0
ФБР-н агенташа левечу хенахь ша а, шен вашас а шайн куьйгашца лоьлхуьйтурш а кечъеш, динера тIелатар аьлла, дIахьедина 2013-чу шеран бIаьста Бостонехь марафонехь эккхийтар дина аьлла, лаьцна латточу Царнаев ЖовхIара. Дуьххьара зорбане даьхначу кхелан процессан документаш тIехь Iораяьккхина и информаци.


Лоцучу заманчохь лазийначу ЖовхIарна хала дара юьхьанца къамелаш дан, цундела шега талламчаша дечу хеттаршна жоьпаш шен куьйга дIа а яздеш, лора цо. ХIетахь хаамбина хилла цо, шен вешица цхьана шаьшиммо сиз-кепаш хIиттош, бомбанаш ен гIирс вовшахтухура аьлла.


2013-чу шеран бIаьста 3 стаг а вуьйш, 282 лаза а веш, Бостон-гΙалахь марафон йоьдуш ши эккхийтар дарна бехке вира, хΙеттехь лоцуш полицино вийна Царнаев Тамерлан а, тΙаьхьо лаьцна Царнаев ДжовхΙар а. ТIаьхьо кхеле кхачийначу оцу хаамех яздина ду ФБР-н рапорт тIехь.


Царнаев ЖовхIара дийцарехь, Кембриджерчу Массачусетс олучу штатехь цуьнан ваша вехачу хIусамехь йина хилла цушиммо лоьлхуьйтурш. Стенгахь кечйина хилла бомбанаш, церан кара хьан елла хилла уьш бохуш, дукха хенахь дуьйнна диллина лаьттинчу хеттаршна жоьпаш ло оцу керлачу хаамаша.


Царнаевн гIуллакх толлучу хенахь ФБР-н агенташа дуйнаца тоьшаллаш дира, Царнаев Тамерлан вехачу хIусамехь оьккхуьйтург йина лараш ца карийра шайна, ур-атталла сантехника вовшахъяьккхича а аьлла. Iорадаьхначу кехаташа чIагIдо, бомбанаш дукха хьолахь Тамерланан петар чохь а, юкъ-кара ЖовхIаран машен чохь а еш хиллийла. Бомбанаш йина ваьллачул тIаьхьа, талламчаша бахарехь, вежарша лоьхуш хилла уьш яхка меттигаш.


Оцу юкъанна царна хиина хилла гергарчу оршотдийнахь Бостонан марафон хир юйла. Иштта Iалашо лаьцна цу шиммо цигахь уьш лелхийта.


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатин бехккъасторхоша Царнаев ЖовхIар вен кхачор шен сацамца тIечIагIдира 2015-чу шарахь.


Адвокаташа боккхах бехк лоцуш вийначу воккхахчу вешина Тамерланна тIе а биллина, ЖовхIар вен кхачорах хьалхаваккха а гIиртира.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net