Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Путинан "гIашсалти" Кадыров а, ШарI а

0
Путинан

Шаьш Путинан "гIашсалти" бу боху хьаькамаш стенна кхийда ШарIе

Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад ШарIан кхелехула юкъаметтиг къасто гIерта Магасерчу митингехь шена а, Кадыровна а дуьхьал къамел динчу жигархочуьнца Барахоев Ахьмадца. Пачхьалкхо, дин юьстах а дуьтуш, деккъа шен цIарх арахоьцучу низамашца еха Оьрсийчоь цецъялла оцу суьртах.

Барахоев а санна, шина мехкан доза далхош, митингехь "эвхьазваларна" Даудовс ша а вуйла лоьхуш ма-хиъи, ШарIан кхеле нийсо яр ша дехна ГIалгIайчуьрчу кхечу цхьана протестхочо – ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Iийначу Погоров Ахьмада. Цо доьху шех лаьцна телевизинашкахула, прессехула кIон дош аларна Кадыров Рамзан ШарIе валор.

Лорда (оцу цIарца вевза Даудов дукхахболучу нахана) луларчу махка а вахана, кевнаш  а детташ, шен цIахь лоьхучаралахь вара Магасерчу Iедалца къийсалуш веха муфтий Хамхоев Iиса а. Ша баьхьина некъ видеоца интернете а биллира Даудовс, муфтий воьху цо ШарIан кхеле.

ШарI а, Iадаташ а

Цхьа нохчий хилла ца Iа ШарIе кхийдачаралахь. Цуьнгахьа гIерта гIалгIай а, Дагестанера къаьмнаш а. Мелла а оцу могIара бахка тарло кхарачой а, балкхарой а. Цхьа наггахь юлу ШарIан кхел адыгIашна юкъа.

ШарI доцуш, Iадаташца а луьсту кавказхоша шайн юкъаметтигаш.

Оьрсийчохь импери йолчу хенара дуьйна схьа лелаш хаало ШарI. Динан (ШарIан) а, ламанхойн (Iадатан) а кхелаш юкъара ехира Советан Iедало 1924-чу шарахь. Кхин а 4 шо даьлча дIакъевлира хьуьжарш. Бусалбанашна маршо кхайкхош хилла тIаьххьара вакуфаш (хьолаца, ахчанца доьзна девнаш луьсту хьукматаш) дIаехира 1930-чу шарахь.

Iаьрбийн маттахь "хьаст, динан коьрта орамаш" бохург ду "ШарI". Шуьйрачу маьIнехь, цунна чудогIу Исламо бусалбанна къастош долу кхетаман хатI а, бакъо а гойту низамаш. Ала деза, пIелгаш тIехь багарбал бен а бац Кавказехь ШарI дуьззина девза Iеламчаш.

Лелча а, ШарIан кхелашна листа дуьтуш дац Оьрсийчуьрчу регионашкахь нехан дар-дацарш къестор бен, хуьлда иза бахам къовсуш я дегара воIана кхочу рицкъ доькъуш иккхина цакхетам.

Бусалба доьзалшкахь ШарI лелаш Европехь а хаало. Iедалша кеп лелайо ца гуш санна. ШарIе воьдучу шимма дош ло, шайна цуьнан къастам ца тахь, дов Iедале ца даккха.

Хала ду возуш воцу къеда каро

Магасерчу гуламхошний, уьш тIелийначу Кадыровн гонний юкъабоьлла къовсам луьстуш толам боьзна хир бу къеда стенгара, мила, хьенан ву хьаьжжина. Соьлжа-ГIалахь кхел яхь, кхеташ ду, тоьлларг Кадыров бен хир вац. Ткъа нохчашна резабацар дистина лелачу ГIалгIайчохь ШарIан кхел хилахь, шеко яц бухара вахархо бакъвийр вуйла.

"Кавказ.Реалиино", Оьрсийчохь мел лела таро ю ШарIан, аьлла, динчу хаттарна жоьпаш деллачех ву ша цавовзийтар дехна Iеламча-блогер Арслан. Орьсийчохь, бусалбанаш миллионашкахь белахь а, магош дац ШарI, я низам а ца хета иза Iедална, элира цо. Магош хилча а, цунна хетарехь, Iедало шен Iуналлера йохийла дац ШарIо къестош йолу нехан юкъаметтигаш.

Дуккха а бусалбанаш шеца болчу блогеро М. Хьусайна, Кавказехь дуккха а бу ШарI девза говзанчаш, царалахь бу къаьмнийн дар-дацарш листа хуурш, амма шен кхел бен лоруш а йоцчу Оьрсийн пачхзьалкхехь лела бух бац ШарIан низамашна, элира. Хьасайнна гарехь, къедано дов мел хаза, нийса листарх а, цо дина хьукма (сацам) хьехам а хуьлий буьсу.

Уггаре халаниг ду тахана, цхьаьнггахьа а ца узуш, хьоьгара хьакамалла, хьан ахча-бохча ца лоьруш, нийсса ШарIца кхел еш волу къеда каро. "Вай цкъачунна кийча дац", бохура "Кавказ.Реалиица" къамел динчу эксперташа.

Оьрсийчоьнан кхелех цатешарна, къедига леткъа нах. Делахь а, ШарIан кхеле стаг ийзор ловзар бен дац цкъачунна. Амма иза дац нехан ШарIе ларам бац бохург, динца къастош йолу кхелаш юкъараевр ю бохург.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин объявил о скором введении трёх станций новой Троицкой линии метрополитена


Спорт в России и мире
Москва

Турнир по бильярдному спорту «Кубок Мэра Москвы» продлится до 18 мая в столице


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Рафаэль Надаль: Рекордный 10-кратный чемпион, побежденный в двух сетах Хубертом Гуркачем на Открытом чемпионате Италии | Теннисные новости


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Синоптик Шувалов: в Москве потеплеет до +15 градусов, заморозки прекратятся





Путин в России и мире
Москва

Как Россия побеждает в Африке: Волна военных переворотов приносит Путину новых союзников


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Марина Василевская передала Александру Лукашенко флаг Беларуси, побывавший на МКС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Баста

Племя Гунны: рэпер из США в меланхолии, наш Баста — в музлитературе



Москва

Минфин: нефтегазовые доходы бюджета России выросли на 82,2% за четыре месяца

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net