Нохчийчохь, Дагестанехь бу уггаре кIезиг алапа оьцу хьехархой
Пачхьалкхехь 11280 сом ду алапийн лахара доза – Оьрсийчоьнан Къинхьегаман кодексо ца магадо цул кIезиг ахча белхалочунна дала. Амма 7% хьехархой бу алапа оцу дозанал лахара оьцуш, Оьрсийчоьнан статистикан урхалло (Росстато) бахарехь.
Хьехархойх 20%-на ло 14000 соьмал кIезиг алапа. 23% -о оьцу ахча лакха ца долу 15800 соьмал.
Iедало пачхьалкхехь къастийначу алапан лахарчу дозанал а лахара алапа оьцучу хьехархошлахь бу Нохчийчуьра педагогаш. Царел сов ца бовлу Дагестанера хьехархой а.
Амма гайтинарг ма-дарра сурт а дац - Iедало йоккху ял а ю оцу терахьцашна юкъалерина, боху РБК агенталло.