Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2019

"И кехаташ миччахь а дахало"

0

Филиппович Екатерина

Соьлжа-ГIаларчу Исакова Лизана заьIапхочун кехат тешнабехкца даьккхина шена, боху талламо. Шерашкахь лелла иза шен петар тояр доьхуш, ткъа тойинчул тIаьхьа Iедалхоша видеокамераш хIиттийна чу, тергалйина иза.

Къайлаяьхна латточу камерша гайтина, ша бIаьрзе ю, энаша лаьцна, меттахъхьалуш а яц, баьхна зуда, гIудалкхца бала боцуш, шена гонах мел дерг а гуш, чухула яьлла хьийзаш.

И хилам базбеш гайтина "Грозный" телекомпанино, бийцаребо хIинца ерриг а Нохчийчоьно. Бакъду, догIуш доцу заьIапхочун кехат даларна бехкебийраш бац махкара хьаькамаш – Исаковас гIодехна хилла "Мемориал" центр йо бехке.

Гина йоцчу комаьршаллица

2017-чу шеран Зазадоккху-баттахь йийца яьккхира Исакова Лизан а, цуьнан гIайгIанаш а. Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад вара зуда йовзийтинарг. "Нийсо меттахIоттайойтуш", омра дира цо иза шена тIееъча. ЗаьIапаллин кхоалгIа тIегIа шолгIачунна тIе охьаяккха а еза, хIусам яла а еза, аьлла дара хIетахьлера къамел.

2019-чу шеран Охан-баттахь дира Исаковас "Мемориале" арз. Бакъоларъярхоша дагадаийтира Даудовна цо зудчух лаьцна ши шо хьалха дина къамел, бекхбиллира дош кхочуш цадарна.

Ша дахьийтинчу жоьпехь ("Кавказ.Реалиигахь ю цуьнан копи) Нохчийчуьрчу Iедало хаамбо: "Комисси вовшахтоьхна могашаллин министралло, цо толлур ду "цомгуш йолчу Исакован бакъонаш талхийна бохург".

Оццу кехато бахарехь, "бух боцуш ду" Исакова Лизанан аьрзнаш, "тIех дукха ду" цунна Iедалера дезарг.

Ала догIу, комисси и кехат яздечу юкъанна а яцара зудчо ша Iехийнийла кхеташ – Исакова "1-рчу тIегIан заьIапхо" ю боху цо.

"Кавказ.Реалиис" хаттар дира зудчух лаьцна журналисташца зIе латточу могашаллин министраллерчу белхахочуьнга телефонехула. "Тергал ца йина ас и тема, тидамехь ца хилла. Шу дуьххьара ду и хоттуш," – дара жоп.  

Исаковаца боьзна белхам-белам болабелира Нохчийчуьрчу Iедало "Мемориална" жоп яздинчул тIаьхьа. Цхьана агIор, Iедалхошахьал ма-дарра охьадиллина бакъоларъярхошка: субсидеш ца йогIу Исакована. Ткъа вукху агIор – оцу сахьта йина "юьззина евроремонт", цул сов, дарба дайта делла зудчунна 686 эзар сом.

Даьхьначу совгIатийн тIорказ дасталушшехь, гучудаьлла зуда могуш-маьрша юйла а, бIаьрса цуьнан дика дуйла а.

Амма оццу спектакло Iорабоху Iедалан "гома сенаш" а.

"Суна хетарехь, царна [нохчийн хьаькамашна] иза моттаргIанаш лелош юйла гучудаьлла тIех тIаьхьа - шаьш цуьнан петар тоеш, совгIаташ кхийдош хьийзачу муьрехь. (Алссам ахча делча бен иштаниг хуьлуш дацахь а). Иза мила ю хиинчул тIаьхьа, шаьш цIандалархьама, "Мемориал" бех а еш, шайн моттаргIанаш дIалелийна цара. Уьш а, тхо а Iехийна бозбуанчас. Уьш а, тхо а - амма уьш алссам Iехийна", – чIагIдо "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Орлов Олега.

"Мемориална" – неIалташ

Ша хьалха леллийна кеп лелайо Нохчийчуьрчу Iедало: шена хьовзаме яла тарлуш йолу ситуаци иккхича, бехкебо "республика бехъян гIерта" бакъоларъярхой.

"Дуьххьара "Мемориалан" сайто яздира, Исакова Лизанна гIо ца до аьлла", - хаамбо кху беттан 6-чохь арахецначу шен сюжетехь "Грозный" телекомпанино. Амма дош а ца боху Нохчийчоьнан парламентан сайто массарел хьалха оцу зудчун къа-бала балхийна хиларх лаьцна - 2017-чу шеран Зазадоккху-беттан 9-чохь дара Даудовс "заьIапхо хьехон яьккхича.

Юьйцучу сюжетехь Исаковас, "Мемориалан" белхахоша ша "Iехийра" боху, "шайн боьха Iалашонаш кхочушъеш". Цо елха а ийзош, дуьйцу, бакъоларъярхоша хьийхира шена меттахь йоьжна Iилла.

Видео йоьрзуш, тIетуху Лизана: "НеIалт хуьлда "Мемориалан" векалшна".

Исакова йолчу, Соьлжа-ГIала, бахана леллачу "мемориалхоша" дийцира "Кавказ.Реалиига" шайна дайнарг: тIехьажча, зуда могуш йоцийла гина царна, цуьнга неI а ца елла елла шега, цуьнан воI цIакхачаре хьоьжуш лаьттина хьеший. Бакъонаш талхайо шен, аьлла, кехат яздан а кIант хIоттийна цо.

"Лизанах дерг оха Нохчийчоьнан парламентан сайтехула теллира. Зудчо ша заьIапхо ю, дуккхаза а дехна Iедале гIо, бохура. Парламенто омра дина цуьнна гIодан тедожош, иза ша кхочуш а дина. Официалерчу оцу информацина тIе а тевжаш, 2017-чу шарахь Даудовс дийцинарг юьхьар а оьцуш, делла дош кхочушдахьара, дийхира оха. Тхаьш Нохчийчу хьажийначу кехатах буьйзира парламентан сайта тIера и хаам а," – элира "ГIо оьшу меттигаш" цIе йолчу "Мемориалан" программин юриста Тарасова Галинас.

Хеннахь ца кхетта Iедал Исаковас лелораш моттаргIанаш юйла, ткъа ша тIаьхьакхиича, зудчуьнгара даьлла бозбуанчалла "Мемориална" духьалдетта доладелла, аьлла хета юристна.

"Нохчийчоьнан официалан инстанцех тийшира тхо. Цара и зуда заьIапхо ю, цунна гIо оьшу бохура. Москвара тхан белхахо яхара Исакова йолчу, къамел дира, хьаьжира цуьнга. Тхо Нохчийчуьра лелхийна ма дуй, бац цигахь хIинца тхан белхахой, цундела хала ду талламаш кхоччуш дика чекхбаха.

"2017-чу шарахь Нохчийчоьнан парламенто шен сайта тIе тоьхна информаци ю оха махка хьажийнарг. Стенна бехке ю "Мемориал"? – цецъюьйлу Тарасова.

Яздинчух ма теша

"Мемориална" бехк тIехьекхарх лаьцна шена хетарг элира "Кавказ.Реалиица" къамел деш адамийн бакъонийн Нохчийчуьрчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас. Кадыровна гергайолчу цо чIагIдо: Исакова Лизанан дехар юьхьаръэцале, цунна иза заьIапхо ю аьлла нохчийн хьаькамаша делла кехат талла дезаш хиллера Бакъоларъяран Центро.

"Къаьсттина новкъа ду оцу хиламна юкъа "мемориалхой" боьлла. Талла деза иштаниг, ткъа церан ларам бац цигахь [Нохчийчохь] болхбечаьрга. Соьца зIене стенна ца бевлла, я кхечаьрца?", - боху Саратовас.

Ткъа муха нисделла Iедало официалехь цуьнан кара заьIапхочун тоьшалла далар, шега хаьттича, ала дош ца карийра Соьлжа-ГIаларчу бакъоларъярхочунна.

"Документаш-м документаш дара… Царна дика ма хаьа, Нохчийчохь хьовха, миччанхьа а и тайпа кехаташ дахалой. Кхидолу тоьшаллаш а хиллера лаха дезаш. Стенна ца дуьйцу "Мемориало" кхузахь мел дукха петарш ю луш… Позитив а йовзийта еза, еккъа негатив ю даима юьйцург. Цундела ца банбелла-кх "Мемориале" Нохчийчохь болх. Позитивехь хьежа веза дахаре, аьлча а, хьал ма-дарра гайта деза", - дерзийра Саратовас.

"Бакъдерг аьлча, со ца теша цуьнан [Лизанца] истори шерашкахь кхиийна "Мемориал" бехъярхьама бохучух. Исакована заьIапхочун тоьшалла муха делла боху хаттар тхоьга дан дезаш дац – цунна кехат деллачу инстанцешка хетта деза", - боху Орлов Олега.

ЗаьIапхочун кехаташ Кавказехь муха доху дийцира "Пациентан монитор" юкъаралла кхоьллинчу Увайсов Зияуддина: "Низам а дохош, нах заьIапаллах долу тоьшаллаш даха гIиртина меттигаш дукха ю. Цундела жоьпалла Исакова Лизанна кехат деллачарна тIе дужу ".

"Масала, Дагестанехь и тайпа тоьшалла луш йолчу медицинан-социалан экспертизин бюрохь массо а куьйгалхо ву тахана бехк-такхаме озийна, талламо левеш", - элира Увайсовс.

***

Исакова Лизане Iедалхой а, бакъоларъярхой а оццул атта Iехабаларо дуккха хеттарш дойту юкъаралле. Хьукматаш хIун деш Iара, шаьш Iеха а йойтуш? Нохчийн Iедало шен бехк буй-те "Мемориална" дехьакхийдориг, я иза хьалххе кечйина акци ю?

"Кавказ.Реалиица" къамел динчу массо а эксперташна цхьа тIаьхьало го хиламан: кхелан таIзарх зуда къелхьара ялахь тамаша бу, яьлча а юьтур яц Нохчийчохь парггIат яха.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин: Колледжи проведут Дни открытых дверей


Спорт в России и мире
Москва

Охрана и безопасность. Как роботы и дроны работают на спортивных объектах?


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
ATP

Теннисиста Медведева выбили из топ-4 ATP


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Маршруты для прогулок в мегаполисе: 7 экотроп Москвы





Путин в России и мире
Москва

Глава МИД КНР Ван И заявил, что Пекин ценит позицию Москвы по Тайваню


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Запись от имени Президента Беларуси сделана в книге соболезнований в посольстве Ирана




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский объяснил, почему не хочет приглашать РФ на «саммит мира»


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Елена Волкова

В Республике Марий Эл пройдет культурный проект «Классика: история и современность»



Москва

Первый этап фестиваля «Русская классика» завершился в Лобне

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net