Чолакх йинчу ГIалгIайчуьрчу йоьIан да а, нана а схьакарийна
Дейишас йиттина къизачу хьолехь ГIалгIайчуьрчу дарбан цIийне ялийначу 7 шо долчу йоьIан да а, нана а карийна аьлла, хаамбина Оьрсийчуьчру берийн омбудсмено Кузнецова Аннас "Новости" агенталле. Схьадийцарехь, дукха хенахь дуьйна къаьстинчу цушинна йоI ганза дуккха а хан хилла.
"Да а, нана а схьакарийна. ДIасакъаьстина хилла уьш. Дена йоI ганза а дуккха а зама хилла, ткъа нана кхечу стагехь марехь ю. Цо бахарехь, Iазап латтийна аьлла, шеконашка эцначу дейишига лело дIаелла хилла цо йоI", - дийцина Кузнецовас.
Бакъонашларъярхочун информацица, цкъачунна бераца хир ю ГIалгIайчоьнан омбудсмен, цул тIаьхьа беран доладан а, иза кхио а доьзал лохур бу.
Дахначу еаридийнахь Наьсарарчу берийн дарбан хIусаме ялийра, йиттина, чолакх йина ворхI шо долу йоI. Цуьнан дегIа тIехь дуккха а чевнаш карийра лоьрашна. Зуламна бехке ю аьлла, шеконашца дIалаьцна беран дейиша. Оьрсийчоьнан талламан комитето луьстур йолуш ю и инцидент. Карарчу хенахь Москварчу Рошаль Леонидан дарбан цIийнехь дарба лелош ду йоIана.