Маршо Радион тIаьххьара керланаш (01.11.2019)
СинпаргIато йоцу мохк, Лаьмнашкара Тушоли, Наркотикаш - наркотикех лардечарна
СинпаргIато йоцу мохк, Лаьмнашкара Тушоли, Наркотикаш - наркотикех лардечарна
Историкаша талланза, мехкийн реестршка язъянза килсаш а, хIолламаш а, маьлхан кешнаш а карийна шайн-шайн лаьмнашкахь нохчийн а, гIалгIайн а экспедицешна. ГIалгIайн Iилманчаша теллина Iаьссан аьрру бердашца, хIордан сизал 2200 метр лакхарчу лаьмнийн тархаш тIехь лаьтта ГIал-Ерд килс. И хаам баржийна ГIалгIайчуьрчу Крупновн цIарахчу археологин центро. Хьалхо Джейрах-лаьмнашкахь экспедицина карийра архитекторийн а, Iаламан музейн а тидамза лаьттина ялх ширачу заманара гIишло – бIаьвнаш а, маьлхан кешнаш а. Читать дальше...
Ставропол-мехкан кхело листа долош ду Минеральные Воды гIаларчу веа полисхочун дов. Балха тIехь харцонаш лелорна а, нахера ахчанаш дахарна а, наркотикаш йохкарна а бехкево талламо наркотикашна дуьхьалоечу декъан куьйгалхочун гIовс Кривцов Евгений а, цуьнан куьйгакIелхьара белхахой Коков Марат а, Козлов Александр а. ВоьалгIаниг ву Галустян Яков - гIаларчу цхьана куьпанна тIехьожу полисхо. Талламан комитетна тIе а тевжаш, хаам баржийна «Интерфакс-Къилба» хьостано. Масална талламчаша даладо хIара факт а. Читать дальше...
«Исламан пачхьалкх» шех олучу террорхойн тобано бакъдина шен лидер ал-БагIдади Абу Бакр кхелхина хилар. ДАIИШ-на герга йолчу Amaq агенталло тIечIагIбина хилам. Iамеркан ницкъаша Шеминний, Туркойчоьнанний дозанехь дIаяьхьначу операцехь вийна иза. Президента Трамп Доналда бинчу хаамца, ша-шен эккхийтина ал-БагIдадис.Ткъа иза волу меттиг хаа аьтто баьлла цуьнан гонерчу нехан гIоьнца. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло кхаарийдийнахь гайтина операци дIахьош даьхна суьрташ а, видео а. Читать дальше...
Экспертийн Brand Analytics центро ша хIора шарахь хIоттош хуьлу бахархойн «синпаргIатонан рейтинг» хIоттийна Оьрсийчохь кхушара а. Цо регионашкахула зийна нехан юкъаметтигаш, вовшашка йолу дегайовхо, хьагI-гамо. Социалан машанашкахула наха вовшашка муьлхачу меттигашкахь алссам къадабо ларам, я цабезам, теллина центро. «Ас къобалдо», «суна хазахета», «ирс ду», «со воккхаве/йоккхае» бохучу дешнаша лакхаяьккхина рейтинг, я йожийна «суна ца деза», «ца тов», «сан догдетIа» бохучу дешнаша. Рейтинган... Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.