Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 28.11.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (28.11.2019)

Radiomarsho.com 

Селфи балеялар, Шема ваха ахча далар, Кадыровс шен невцах хьаькам вар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Москварчу а, Петербургерчу а кхелашкарчу нахана эвакуаци йина

Radiomarsho.com 

Минаш ю гIишлош чу йоьхкина аьлла, Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а масех кхелашка анониман хаамаш кхаьчначул тIаьхьа гIишлош чуьра нах арабаьхна хилла. Урхаллийн, хаамийн агенталлийн пресс-гIуллакххоша а, ишта кхелашкахь хиллачу журналисташа а Iорабаьхна цунах лаьцна хаамаш. Йолчу информацица, билггал эвакуацеш йина Басманан а, Останкинан а, Тверскойн а, Мещанскан а кхелашкахь. ТIаьххьара цIе яьккхинчу кхелехь ладегIарш дара тахана "Москван гIуллакхан" а, "Седьмая студия" олучу гIуллакхан а хьокъехь. Читать дальше...

ГIалгIайн «Э» центран буьйранча вер: чIир эцар я кхин бахьана?

Radiomarsho.com 

Загидова Марьям Экстремизмна дуьхьаллаьттачу ГIалгIайчуьрчу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а верца доьзна Эккажакъонгий-Юьрта баьхкинчу Iедалан нийцкъаша лаьцна 4 стаг. Зулам динарш БатIал-Хьаьжин мурдаш хиларх йолчу шеконца деана Iедал оцу юьрта. Вежарий байинчех хила тарло аьлла, массарел а хьалха цIеяьккхинарг ву Картоев Къурайш – иза лаца аьтто ца баьлла цкъачунна – ведда, къайлаваьлла Туркойчохь, аьлла хета талламчашна. Маршо Радионо яздина ма-хиллара, ГIалгIайчуьрчу «Э» центран буьйранча Эльджаркиев ИбрахIим а... Читать дальше...



Ессентукерчу изоляторчохь кхаа дийнахь мацалла хьегна Саутиевас

Radiomarsho.com 

Шега олуш-хоттуш доцуш, цхьана гIалара кхечу гIала ша дIасалелорна дуьхьал Ессентукерчу изоляторчохь мацаллин протест кхайкхийна хилла гIалгIайн жигархочо Саутиева Зарифас. Цуьнан адвокато Дзугаев Билана бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. "Нальчикера Ессенутке дIайигина Зарифа кху беттан 22-чохь. Цхьа а бахьана а, бух а, я дагадовлар а доцуш. Цундела ца ларийна иза хуьйцуш юха бедар, я кхинболу гIирс а схьаэца. Дахначу кхааридийнахь мацалла йолийнера цо, ткъа кхоалгIачу дийнахь, сан дехарца, хIума кхалла йолаелира иза"... Читать дальше...

"Левада-центр": Iедалан а, халкъан а хьежамаш цхьаьнабогIуш бац

Radiomarsho.com 

Iедалхойн а, бахархойн а хьежамаш цхьаьна ца богIу аьлла хета Оьрсийчоьнан 72 процент бахархошна, "Левада-центран" зерашца. Халкъо кхобуш бу Iедалхой, амма къомаца бала бац церан аьлла хета 53 процент бахархошна. Халкъан лаамашка а ца хьуьйсуш, политикан сацамаш а, хийцамаш а шайна ма-хетта бо Iедалхоша аьлла, билгалдаьккхина 19 проценто. Iалашонаш а, лаамаш а Iедалан а, къоман а даим хилла къаьсташ боху 16 проценто. "Ведомости" хьосте "Левада-центран" директоро билгалдаккхарца, Iедал пайден дац... Читать дальше...

Керлачу шарахь 6 миллионна сакъоьрур ду нохчийн хьаькамаша

Radiomarsho.com 

Хьаькамашна лерина Керлачу шеран барамашна 6 миллион сом ахча дайа Iалашо ю Нохчийчоьнан министрийн кабинетан. Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь Iедалхоша зорбане яьккхина тендер. Оцу ахчанна тендер кхочушъян тIелаьцначо Керлачу шарна лерина суьйре дIаяхьа концерт вовшахтоха а дезар ду, 600 хьешана юур-мерг хIотто а оьшур ду. Барамехь дакъалоцур ду мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Мел лахара а итт Нохчийчоьнан хьакъволу артист хила веза цигахь иллеш олуш, ткъа концерт дIаяхьа могуьйтуш ду оьрсийн а... Читать дальше...

"Хелллоу, Грозный!" кино яккха волавелла нохчийн режиссер

Radiomarsho.com 

"Россия историй" киноальманаха юкъа яхийта лерина йолу "Хеллоу, Грозный!" йоцца филм яккха йолийна ю Нохчийчохь. ТАСС агенталле бина цунах хаам режиссеро Агаев Шемала. "Тхо болхбан дуьйладелла хIинцале а. Доллу дахар Европехь дIадахна, цхьа хан яьлча шен дена а, езарна а ша бакъволу нохчо вуй хаийта даймахка веанчу нохчийн хирургах Адамах лаьцна ю и филм. "Россия историй" киноальманахехь хир ю и, Екатеринбургерчу коллегашца тIедогIучу шарахь ара а хецна, Оьрсийчочьнан кинотеатрашкахь гайта Iалашо  йолу и  кино", - аьлла агенталле режиссеро. Читать дальше...

Миграцин урхаллан хьаькам хIоттийна Кадыров Рамзанан 22 шо долу нуц

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу миграцин хьукматан керла урхалхо вовзийтина республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана, хаамбо "Обзор" хьостано. "Кавказ.Реалиин" хаамашца, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоI Iайшат яхна нуц ву 22 шо долу керла хьаькам Мацуев Висхан. Соьлжа-гIалара Суворовн цIарах доьшийла чекхъяьккхина Мацуевс 2016-чу шарахь. "СКФО Тelegraph" каналан информацица, Мацуев доьшуш хилла Краснодарерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан университетехь а. 2010-чу шарахь ЦIоьнтарахь... Читать дальше...

ДаIишхойх дIакхета ахча деллачунна 6 шо хан тоьхна

Radiomarsho.com 

Шемарчу даIишхойх дIакхета ойла хиллачу накъостна ахча делла аьлла, Нохчийчуьрчу Ухигов Юсупна набахтехь даккха тоьхна 6 шо хийцаза дитина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. "Кавказский узел" агенталло яздарца, кху аьхкенан Марсхьокху-беттан 30-чохь Ростоверчу Къилбаседа-Кавказан тIеман кхело 6 шо кхайкхийра Ухиговна, иза бехкехилар тIе а чIагIдина. Адвокаташа латкъамбинера Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле, амма коллегино гIуллакх юха листинчул тIаьхьа а ма-дарра дитина. Талламчийн версица, 2016-чу шарахь... Читать дальше...

Страсбургехь селфи йина ши нохчо дIалаьцна полицино

Radiomarsho.com 

Керлачу шарна хIоттийначу базарахь кхааридийнахь Страсбурган полицино Нохчийчуьра ши мухIажир дIалаьцна, хаамбо BMF TV телехьожийло. "Терроризм бакъярна" бехкевина и шиъ. Экстремистийн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошкахьа озабезам бу аьлла, тарделла полисхошна цу шиннан лелар. Страсбургерчу килса хьалха селфи еш хьажон пIелгаш стигал айбина (Дела цхьаъ вар ду) хилла шина нохчочо. ГIалин полицин декъе дIавигина  лаьцна шиъ. Еаридийнахь прокуратурано сацамбийр бу церан хьокъехь. Кху беттан... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Легионер "Локомотива" Ньямси: в Москве жизнь дешевле, чем в Париже


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Названы победительницы матчей Рыбакиной и Путинцевой за четвертьфинал турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Ключевой аспект успеха: как построить долгие и хорошие отношения с клиентом





Путин в России и мире
Москва

«Ану-ка, девушки!»: какой была легендарная передача, которая вернется на ТВ


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Тимати

Мама Тимати прошлась по интервью Шишковой: «Смотреть было брезгливо, но Аленка молодец»



Москва

Ударивший ножом экс-супругу мужчина задержан в Люберцах

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net