Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 04.11.2019

Украина дуьхьал ю нохчочунна Илаевна тховкIело яла

Radiomarsho.com 

Украинан миграцин хьукмато тховкIело ца елла Нохчийчуьрчу 33 шо долчу вахархочунна Илаев Амхьадна. Бакъонашларъярхочо Кожушко Николайс бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Цо дийцарехь, мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу коьртачу офисе латкъамбийр бу йинчу дуьхьалонна. Харковерчу Октябрскан кIоштан кхелахой дагахь хиллера Илаев лаьцна вуьтуш хан дIаяхъян оршотдийнахь, амма кхеташо дIатеттина кху беттан 5-чу дийне. Адвокато Ангелин Ивана тIечIагIдина ишта, шен клиент маьршаваккха аьлла, Лакхарчу Радан депутаташа Чийгоз Ахтема а... Читать дальше...

Шен йоI девешо йийна аьлла, нахала даьккхинчу зудчо харцдерг дийцина хилла

Radiomarsho.com 

Масех де хьалха, оьзда ца леларна девешо шен йоI йийна аьлла, социалан машанашкахула баржийна хаам бакъ бац аьлла зудчо. Шеггара долийнера ша аьлла цо. Видео тIехь гуш ду, хьиджаб тиллина йоI а гойтуш, зудчо нохчийн маттахь дуьцуш, ши сахьт а, ах сахьт а хьалха девешо урс хьаькхна, шен йоI йина бохуш. "ЧП.Чечня" канало Инстаграмехь арахецначу керлачу видео тIехь шен шина берана юккъе а хIоьттина нанас гечдар доьху. "Iовдал хIума ду соьгара даьлларг. Сайн тилла лела цIийнда цIаверзон Iалашонца дIаязйинера ас и видео. Читать дальше...

Машен чохь газан баллон иккхина, ши стаг лазийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанчаша хаамбарца, полисхойн декъе информаци кхачийна, Соьлжа-ГIалахь машен яьгна аьлла. Авторхановн цIарахчу урамна 10 метар дехьа йогучу Тойота машен чохь хилла газан баллон иккхина хилар къаьстина ницкъаллийн стрцуктурийн белхахошна. Машенан долахочунна а, цуьнца цхьана хиллачу накъостна а чевнаш йина. Дарбан цIийнехь оьшу лоьралла динчул тIаьхьа цIа вахийтина и шиъ. Хиллачу инцидентах кхин дIа а талламаш беш бу.



Полисхоша го а лаьцна, дIавоьллина гIалгIайн "Э" Центран куьйгалхо

Radiomarsho.com 

Москвахь вийна ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦЭП) хилла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Iабдулахьмад а дIавоьллина Наьcарахь оршотдийнахь. Тезет хIоттийна меттиг гоне ерзийна, ха деш бара полисхой, яздо Life Shot телеграм-канало. БIе стаг хилла кадамбан веана. Дийцарехь, хIора 150-200 метар мел ю дIахIиттийна хилла ницкъахой. ГIалгIайчуьрчу полицин майор, «Э» центран 36 шо долу куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а вийра шоьтан сарахь Москварчу Тропарево-Никулино кIоштахь. Читать дальше...

"Аферисташна ток еттийтар а кIезиг ду" аьлла, Кадыров Исламна тIехIоьттина кегийрхойн министр

Radiomarsho.com 

"Аферисташна" ток йеттийтар бакъ дина Нохчийчуьрчу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан хьаькамо Ибрагимов Iийсас. Пачхьалхкан "Грозный" телеканалан корреспондентан Ахмадов Чингизан мэр лаьттинчу Кадыров Исламца йоьдучу эфиран бухахь комментари йитина Ибрагимовс шена хетачух. "Аферисташна ток йеттийтар а кIезиг ду", - яздина Ибрагимовс. Социалан машанашкахь цунан йозанех терго йина дуккхаъчара. Ша Соьлжа-ГIалин мэр волчу заманчохь электрошокерца зударшна ток йоьттуьйтуш, тIехь ницкъбеш видео Iораяьллачул тIаьхьа... Читать дальше...

Бертаза халкъан цхьаалин денна леринчу митинге бохуш бу Нохчийчуьра бахархой

Radiomarsho.com 

Халкъан цхьаалин денна леринчу барамашкахь дакъалацар тIедожийна министраллийн белхахошна. Мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочо Таймасханов Галаса куьйгъяздинчу омран копи ю "Кавказ.Реалиин" карахь. Документца а догIуш, хIора министраллана план дIакхачийна дезачу дийнахь вовшахтухучу митинге белхахой бахкийтар тIедожош. Масала, автомобилан некъийн министралла декхарейина 200 белхахо митинге араваккха а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а... Читать дальше...

Блогерийн пресс-турна миллион сов сом хьажийна нохчийн Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Iедалхоша миллион сом ахча дойур ду трэвел-блогершна лерина тур вовшахтухуш. Пачхьалкхан Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь бина цунах хаам. 50 стага кхаа дийнахь экспедицехь дакъалоцур ду. Соьлжа-гIаларчу Кадыровн цIарахчу музейхула а, маьждигехула а, "Ахмат-Арена" стадионехула а чекхбевлла, Аргунан чIоже гIур бу блогерш. Цул тIаьхьа ширачу Хой гIала а, Къоьзан Iам тIе а кхача Iалашо ю церан.

Кадыров Ислама шена гечдар дехна

Radiomarsho.com 

Ша Соьлжа-ГIалин мэр волчу заманчохь электрошокерца зударшна ток йоьттуьйтуш, тIехь ницкъбеш видео Iораяьллачул тIаьхьа, Кадыров Ислама шена гечдар дехна. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан журналистца Ахмадов Чингизца хиллачу къамелхь дина цо цу кепара дIахьедар. Маршо Радионо яздира, регионерчу Талламан комитетехь кхаа сахьтехь Кадыров Рамзанан маьхчин воI, Iедалан даржашкара мукъаваьккхина волу Кадыров Ислам леварх. Оцу хьокъехь хаамбинера «Грозный» телеканало, видео яржийна "Чп /Грозный" телеграм-канало. Читать дальше...

Гадаев Мохьмад-Салахь. Вешега

Radiomarsho.com 

Гадаев Мохьмад-Салахь Вешега 1 Вовшех нах хьегаран барз хуьлуш хилча, Вайшинниг баьрзашлахь сов хир бара. Вовшех дог Iийжадар терзанца хилча, Терза а вайшинниг дазлур дара. Орцанан мохь боцуш, вайша садеттахь – Яхь йожо йиш яцар ду. Хиллачийн бахьанаш вайшинга хеттахь – Замано уьш дуьйцур ду. Амма хьо, Кхаьжнашлахь вайшинниг декъаза ларий, Цуьрриг а холча ма хIотта: Хьегарца бустало Вежаршкахь лаьттачу марзонан барам, Хьегар вайн дан ма ду шортта. Хьегарах барз хуьлуш хилча, Вайшинчух лам хир бара. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Легионер "Локомотива" Ньямси: в Москве жизнь дешевле, чем в Париже


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Андреева обыграла Паолини и вышла в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

6 городов России, где можно увидеть белые ночи кроме Санкт-Петербурга





Путин в России и мире
Москва

«Ану-ка, девушки!»: какой была легендарная передача, которая вернется на ТВ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



The Beatles

Вышел трейлер отреставрированной документалки о группе The Beatles



Москва

«Технологическое предпринимательство на Дальнем Востоке: новые перспективы и сотрудничество вузов»

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net