Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 09.11.2019

SANA: Шеман а, Туркойчоьнан а эскарша вовшашна герзаш диттина

Radiomarsho.com 

Рас-ал-Iайна кIоштахь Шеман а, Туркойчоьнан а тIемалоша вовшашна тIе герзаш диттина аьлла, хаамбина Шемарчу Iарбойн хаамийн SANA агенталло. Дуьххьара кхийсарш долийнарг мила ву къаьстина дац. Байначу баттахь Хонкарас дош деллера тIом сацор бу аьлла. Ткъа Оьрсийчоьно гарантеш елира курдойн гIаттамхой дозанера дехьабохур бу аьлла. SANA хьостан  Хасакерчу корреспонденто хаамбарца, Умм Шейфа эвлахь луьра тIемаш бу боьлхуш Шеман эскарна а, оккупаци йинчу туркойн ницкъашна юкъахь а.

"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташоно" гулам дIабаьхьна нехан кертахь

Radiomarsho.com 

Наьсарарчу цхьана хIусаман кертахь эзар гергга стаг вовшахкхетта гулам бу дIахьош "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташоно", хаамбо "Кавказ.Реалиис". ГIалин администрацино дуьхьало йира шайна барам дIабахьа меттиг бала аьлла, дIахьедина организацин векалша. "Синбахамаллин хIусаман гIишло чохь дIаяхьа дагахь дара тхо, амма пурба ца делира тхуна. ТIаьххьалц хIинций-хIинций юкъахбоккху тхан болх бохуш Iийра тхо", - аьлла, дийцина портале "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан" цхьахволчу, шен цIе ца яккхар дехначу векало. Читать дальше...

Китайн бахархошна тIелатар динчу узбекна а, таджикашна а хенаш йиттина

Radiomarsho.com 

Таджикистанера а, Узбекистанера а орамаш долу виъ стаг бехкевина Челябинскан кIоштахь Китайн бахархошна тIелатар дарна. Прокуратуран хаамашца, стохка гурахь Каслинскан кIоштарчу церан хIусамчу а бевлла, тIехь ницкъбеш, цаьргара 178 эзар соьмана бахам схьабаьккхина хилла цара. Масех де даьллачул тIаьхьа кхечу китайхойшкара 500 эзар гергга механа бахам а, ахча а даьккхина. Къайлабовлучу заманчохь "Нива" олу машен ядийна хилла зуламхоша. ГIуллакх листинчу кхело 8, 9 шераш хенаш тоьхна царна набахтехь яккха.



Толаман денна леринчу барамашка Москва ван мега Трамп

Radiomarsho.com 

ТIедогIучу шарахь Оьрсийчохь Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Толаман денна леринчу барамашкахь хила тарло Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд. Вашингтонера Атланте ша воьдучу хенахь журналисташца хиллачу къамелехь хаийтина президенто шен лаамех. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьалхо кехат дахьийтинера Трампе, Толаман денна барамашка иза кхойкхуш. Ша хьошалгIа кхайкхар тайна шена аьлла Трмпа журналисташка. Iамеркехь политикан сезон йолалучу юкъанна хирболуш бу Оьрсийчохь барамаш... Читать дальше...

ГIажарийчохь мохкбегийна нах белла, бу лазийнарш а

Radiomarsho.com 

5, 9 магнитуда (ницкъан барам) йолуш мохкбегийча пхи стаг велла ГIажарийчоьнан къилбаседа-малхбузерчу Къилбан Азербайджан провинцехь, хаамбо пачхьалкхан хаамийн гIирсаша. Дуьххьара еллачу информацица, 3 вара велларг, ткъех вара лазийнарг. Керлачу хаамашца, 120 ву лазийнарг пIераскан буьйса юкъал тIех яьллачу хенахь хиллачу мохбегорехь. Саццаза оьхучу догIанаша новкъарло йо аьлла Iедалхоша нах кIелхьарбаха. Iамеркан геологин хьукматан (USGS) зерашца, мохкбегоран магнитуда 5,8 ю. Асб Форушан гIалина герггахь нисъелла хилла эпицентр... Читать дальше...

Францин кхело 10 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Францино тховкIело еллачу Нохчийчуьрчу вахархочунна Турчаев Хасанбекна 10 шо хан тоьхна набахтехь яккха Парижерчу леринчу бехккъасторхойн кхело. AFP агенталлан информацица, Шемара тIемалой кечбеш хилла аьлла, бехкала хьарчийна иза. 2013-2014-чу а шерийн кхаа баттахь ша Шемахь хилла аьлла, кхелехь бехк тIелаьцна Турчаевс. Амма цо тIе ца дуьту, ша даIишхойх дIа а кхетта, тIом бан вахана хилар. Шен вежарий лаха Iалашонца кхаьчнера ша бохуш, чIагIдо цо. Ткъа талламчаша шайгахь тоьшаллаш ду боху, тIамехь хиларал а совнах... Читать дальше...

Журналист Майсигов лаьцна вуьтуш хан дIаяхйина кхело

Radiomarsho.com 

"Фортанга" хьостан журналист Майсигов Рашид Дечкен-беттан 7-чу дийне кхаччалц лаьцна вуьтуш, сацамбина Магасан кIоштан кхело аьлла, "Кавказ.Реалии" портале хаийтина цуьнан адвокато Аушев Мохьмада. Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, кху аьхка "Фортанган" телеграм-каналан администратор Майсигов Рашид, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, лацарх. Адвокато даредарца, ток а йоьттуьйтуш, бертаза мукIарло дайтина хилла цуьнга. Иштта, Аушевс чIагIдарехь, "Майсигов чохь латтон цхьа а бух бац" кхелахойн.

Маьршачу нехан хIусамашна бомбанаш еттарна Iамерко бехкейо Оьрсийчоь а, Шема а

Radiomarsho.com 

Шемарчу масех бахархойн гIишлошна тохарш дина шемахойн тIемалоша Оьрсийчоьнан кеманаша гIо а деш. 12 стаг вийна, лазийна 40 гергга. Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка дина цунах дIахьедар шен твиттерехь. Ишта цо билгалдаккхарехь, Димаьшкъа а, Москва а ООН-о латточу процессан гурашкахь лела езаш ю, маьрша нах бехачу меттигашкахь тIемаш бар сацон а деза. Iамеркан пачхьалкхан департаменто емалдина маьршачу нехан хIусамашна тIе бомбанаш еттар. Оьрсийчоьнан тIеман министралло цкъачунна шегара комментари йина яц хьолах. Читать дальше...

Каримовн бехкаш дIатеттина «Би-би-си-но»

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана эладитанаш даржон нах совцон беза "байина а, чубоьхкина а, кхерийна" аларх, "Би-би-сино" зорбане даккхар доцург кхоллар ду аьллера мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис. Нохчийн мотт цахуучу хьостан корреспонденто харцахьадаьхна Кадыровн дешнаш, шена хезна дац цо цу кепара дина дIахьедар аьллера пресс-секретаро. "Нохчийчоьнах лаьцна ма-дарра цкъа а яздина хааделла дац суна йа "Би-би-сис" а, йа Великобританерчу, Францерчу, йа Германерчу, Iамеркарчу хаамийн гIирсаша", - аьллера Каримовс. Читать дальше...

Мохьмад Пайхамарх лаьцна тоьлла байт язйинчунна миллион сом делла

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Динан урхалло юкъаяьккхина  Мохьмад Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна тоьлла байт язъен конкурс дIаерзийна Соьлжа-ГIалахь. Къовсаман спонсор хIоьттинера Кадыров Ахьмадан цIарх йолу фонд. 150 меттигерчу вахархочо язйинчу байтех 15 къастийнера жюрин декъашхоша. Байташ къасточу заманчохь цара тидаме эцна хилла стихан цIе а, иза дагахь хаар а, дIаешаран говзалла а, Мохьмад Пайхамаран дахарх лаьцна иза хилар а. Ишта кхелахоша тергойина хилла нохчийн меттан хаарийн а. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Азаренко проиграла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Как выбрать в Москве идеальный район для семейной жизни





Путин в России и мире
Москва

«Ану-ка, девушки!»: какой была легендарная передача, которая вернется на ТВ


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Шапка

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Москва

Медведев сыграет с Бубликом в Мадриде 

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net