Маршо Радион тIаьххьара керланаш (31.10.2019)
Нохчийн меттан орфографи, Ял - маьссаргарчул а дукха, МаьIаш лепа бежа, Бераш харцхьа лелча...
Нохчийн меттан орфографи, Ял - маьссаргарчул а дукха, МаьIаш лепа бежа, Бераш харцхьа лелча...
Нохчийчоьнан пачхьалкхан «Грозный» телекомпанехула бахархой юьхьIаьржахIиттор могIара сурт ду махканна. РогIерчу эфирехь телехьожийлехула гайтина, чуьрчу бераша Соьлж-ГIаларчу цхьана урамера гIант дохийна дай-наной полице а бигина, Iедалхоша довдеш. «Ипподромный» кIоштахь гIант дохийна кхаа кIанта. Ленинан кIоштан полице бигина уьш а, церан чуьранаш а. 16 шераш кхачанза ду бераш, цундела гIалин урамашкахь белхаш бар тIедожийна баккхийчарна – наношна а, дайшна а. Эфирехь хаийтина ма-хиллара, дохийначу гIентан мах бу 44 эзар сом.
Ишта бу некъашца хуьлу хьовзамаш лахбан гIертачу Нохчийчуьрчу автоинспекцин лаам. Инспекторша тоьшалла дарехь, махкахь бода боьллачул тIаьхьа дукха бежанаш нисло некъаш тIехь, машенлелорхошна хала хуьлу уьш шайн хеннахь ган а, машен тIе ца тухуш, царех Iалашбала а. Некъаца Iуьллу, я юккъехь лаьтта бежана гуш хир дара, цуьнан маьIех, я логах долахоша серлонехь къега доьхканаш тийсича, аьлла бу некъан инспекцино къадийна лаам. Иштта хаам баржийна «Нохчийчоь тахана» агенталло.
2020-чу шеран шолгIачу декъехь Оьрсийчоьнан массо а мехкашкахь лакхабер бу коммуналах дIалучу механ барам. Iедало т1ечIаг1йина цуьнан тарифаш. Царалахь уггаре лакхара ю Нохчийчоьнна къастийна тариф - 6,5%. Коммуналах дIалучу йолан барам къастийна: ГIебарта-Балкхаройчоьнна - 5,4%, Дагестанна - 5,2%, ГIалгIайчоьнна – 5,1%, Кхарачой-Чергазийчоьнна – 4,9%, Къилбаседа ХIирийчоьнна – 4,7%, Ставропол-махканна – 3,6%.
Мозамбикера гIаттамхой тIелетта Оьрсийчуьрчу тIеман «Вагнер» компанин тIемалошна. Вийна компанера пхи стаг. Оцу хьокъехь хаамбина Мозамбикерчу Carta de Moçambique хьостано, иза тIечIагIдина «Iамеркан аз» радионо. ДIадаханчу шоьтадийнахь Муйдумбе мехкан Кабу-Делгаду кIоштахь, Мангалаве гIалина гергахь нисбелла и бохам. ГIаттамхоша къевлинчу некъа йогIуш хилла «вагнерхой» а, Мозамбикан Iедалан ницкъаш а тIехь болу машен, иза ягийна тIелеттачу гIаттамхоша. SDS-н (Iедалан) ницкъашца цхьаьна «Вагнерера" пхи «оьрсех тера волу» стаг вийна... Читать дальше...
Шен рогIерчу гуламехь таханлерчу нохчийн меттан орфографин бакъонаш тIечIагIйина Кадыровн администрацерчу мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташоно. «Нохчийчоь тахана» агенталло дийцарехь, меттан бакъонийн кодекс кечъеш. Нохчийн университетерчу нохчийн меттан кафедрин доцента, филологин Iилманийн кандидата Эдилов Салавдис бинчу хаамца, белхан тобано, лингвисташа а, журналисташ а, шина баттахь къахьегна меттан бакъонаш цхьалхайохуш. Нохчийн меттан орфографин бакъонаш кодексе йохуш а, керла... Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.