Маршо Радион тIаьххьара керланаш (28.10.2019)
Кавказехь белхан якъо лаьтта, Абдурахманов Тумсо а, Кадыров Ислам а, Ца хIоьттина Шахидов Адам хааршца къовсавала
Кавказехь белхан якъо лаьтта, Абдурахманов Тумсо а, Кадыров Ислам а, Ца хIоьттина Шахидов Адам хааршца къовсавала
Нохчийчоьнан куьйгалхочун динан хьехамчас Шахидов Адама Твиттерехь ша СаIудийн Iаьрбийчохь муфти лаьттинчу Iабдел-Iазиз ибн Баз шайхан кIентан воIаца Салехьца болийна къовсам битина чаккхе а йоцуш. ВаххIабхой харц хиларх тоьшаллаш шега даладе аьлларг Нохчийчу хьошалгIа кхойкху цо. Хьалхо Салехь ибн Базас «аьшпаш боттарна» а, зама хьалха ваьхначу устазна Мухьаммад ибн Iабдел-ВаххIабна доцу къинош тIехьерчорна а бехкевира Кадыров. Бохура цуьнга, даладе шайн устаз Сунница лелла вацарх тоьшалла. Кху беттан 25-чу а... Читать дальше...
Москварчу Лефортовон кхело сацам бовзийта болийна Дагестанехь премьер-министр Iийначу Гамидовн Iабдусаламан а, цуьнан гIовс лаьттинчу Юсуфов Раюдинан а дов дерзош, яздо ТАСС агенталло. «Гамидовс а, Юсуфовс а, девне валийна волчу кхечу кхаа стага а бертахь лечкъийна ахчанаш», - билгалдаьккхина кхело. Цкъачунна сацам дIабешна ялаза ю кхелахо. Талламо бахарехь, 2015-2016-чу шерашкахь Гамидовс а, Юсуфовс а 41 миллион сом лачкъийна ХIинжа-ГIалахь арахьара тIебаьхкина нах чохь кхобу изолятор еш. ... Читать дальше...
Соьлж-ГIалин мэр ша волчу заманахь Кадыров Ислама наханна электрошокерца ток етташ гойту видео яржийра Нохчийчуьрчу «Грозный» телеканало деношкахь. YouTube машанарчу шен эфирехь оппозиционеро-блогеро Абдурахманов Тумсос дIахьедина, и видео шегахь йолу бутт гергга хан ю аьлла. Амма шен иза гойтийла дацара, иза шега елла стаг Оьрсийчохь мел ву, боху блогеро. Материалаш шегахь юйла хиича бен ца яьхна уьш Iора Нохчийчуьрчу телевизионо, чIагIдо Абдурахмановс. «Дукха хан йоццуш сан эфирехь соьга хаьттира... Читать дальше...
Кхушеран тIаьххьарчу беттанийн терахьашца а догIуш, уггаре йоккха белхан якъо лаьтта регион ю Къилбаседа Кавказ, хаамбо Статистикан урхалло (Росстат). Юккъерчу барамехь Оьрсийчуьрчу кавказхошлахь болх ца карош беха 10,5% бахархой. Мехкашкахула зийча, и терахь ГIалгIайчохь ду уггаре лакхара – 26,2%. Белхазалла Нохчийчохь ю 13,4%, Къилбаседа ХIирийчохь – 12,6%. Массанхьачул кIезиг ю болх карорца проблема Москох а (белхазалла -1,3%), Петарбахахь а (1,4%), Ямал-Ненцойн махкахь а (2,1%). Хьалхо Маршо Радионо хаамбира... Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.