Маршо Радион тIаьххьара керланаш (29.10.2019)
Кадыровца Бахьрейнехь вац Шахидов, 5-чу гIатта тIера чуйоьжна йоI, Нана "карийна" Iайшина
Кадыровца Бахьрейнехь вац Шахидов, 5-чу гIатта тIера чуйоьжна йоI, Нана "карийна" Iайшина
Байначу баттахь цхьа шо ах шо кхаьчна йоI йоьжна хилла цIийнан пхоьалгIачу гIатт тIера уьйтIа. Цунах лаьцна хIинцца, шен таллам бирзича, хаамбина полицино, яздо «Нохчийчоь тахана» портало. Балкон тIе даьлла бер, ша тергалдеш стагга а воцуш, чудоьжна. Иза тахана толучу хьоле даьлла, хаамбина лоьраша. Хьостано бахарехь, полицина бахьана ца карийна,хилларг прокуроре а, талламчашка а даккхина, бехктакхаман дов айдайта. Делахь а, нана жоьпе озийна «бер лелон а, кхион а тIехь долчу дас-нанас шайн... Читать дальше...
Ажигова Iайша, дейишас айпе йича берриг а мохк орцах а баьлла, Москох дарба дан йигина йолу гIалгIайн йоI, кхидIа ехар ю шен ненаца Евлоева Лидица. Оцу хьокъехь хаамбина Оьрсийчоьнан берийн омбудсмено Кузнецова Аннас. Хьалхо йоьIан цхьана ханна верас къастийра Iедало ГIалгIайчуьра берийн тергоечу урхаллин куьйгалхо Чахкиева Зарема. И информаци бакъ ю, ша ГIалгайчохь а ю карарчу ханна, йоьIаца кест-кеста телефонехула йист а хуьлу, элира Маршо Радиога йоьIан нанас Евлоевас. Ши бутт хьалха лоьраша... Читать дальше...
Белхан визитца Бахьрейне вахана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Оцу хьокъехь цо ша хаам баржийна шен Instagram агIонтIехь оршоьтадийнахь. Ши кIира бен дацара Кадыров Путинца цхьаьна СаIуда Iаьрбийчохь а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь а хилла. Кадыровс бечу хаамца, Манамехь иза цхьаьнакхетта элин воIаца ал-Халифа Насер бен Хьамадца. Хила дагахь ву иза Дуьненаюкъарчу герзан гайтамехь - BIDEC конференцехь а. «Цхьаьнакхеттачохь тхо хьаьвсира Гумсехь, Оьрсийчоьнан леринчу ницкъийн университетехь... Читать дальше...
Шемахь шоьтадийнахь вийначу «Исламан пачхьалкх» олучу террорхойн тобан хьалханчин Абу Бакр ал-БагIададин дакъа хIорда чу дIадоьллина. Оцу хьокъехь хаам баржийна, Пентагонерчу шина тешанна тIе а тевжаш, CNN канало. Шемин, Туркойчоьнан дозанехь дIаяьхьначу тIеман операцехь вийна ал-БагIдади. КIирандийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан къоман кхерамзаллехула хьехамча волчу О’Брайен Роберта NBC каналехула хаамбира, ДАIИШ-ан хьалханчин докъах 2011-чу шарахь хIорда чу дIавоьллинчу бен Ладен Iусамех диннарг дийр ду, аьлла. Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.