123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

Новости за 07.10.2019

Юзик Юлияc лаххара а кхин а кIира хьор ду ТехIеранерчу изоляторехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра журналист Юзик Юлия лаьцначуьра кеста дIахеца лерина яц ГIажарийчоь – ТехIеранерчу изоляторехь лаххара а кIира доккхуьйтур ду цуьнга, элира «Кавказ.Реалиига» адвоката АгахIани Хьасана (Hassan Aghakhani). «Ас Юлиян гIуллакх лелочу талламчица къамел дина. Цо соьга дийцира иза стенна лаьцна. Ас хаьттира, шпион ю аьлла-м ца лаьцна иза. Ца лаьцна, жоп делира цо», - боху АгахIанис. Ша адвокат тIе ца витина журналистна, талламча цуьнга хеттарш дина ца ваьлла, аьлла. Гарехь, кIира даьлча бен кхочур вац иза Юзик йолчу. Читать дальше...

Адвокаташ ца тIе ца буьту Саутиева Зарифина

Radiomarsho.com 

Нальчикерчу изоляторехь латточу гIалгIайн жигархочунна Саутиева Зарифина тIе ца буьту цуьнан адвокаташ, хаам бина "Кавказ.Реалиига" юриста Дзугаев Билана. "Ши адвокат – Беков Мохьмад а, Урусова Фатима а – ду тIе ца дуьтуш. Талламчаша къастадо, мила тIевахийта мега я ца мега. Иза низамехь дац», - боху Дзугаевс. Маршо Радионо довзийтина ма-хиллара, кхо бутт хьалха ХIирийчохь лецира Саутиева. Iедалан белхахошна дуьхьалоярна бехкейо иза. Зазадоккху-баттахь гулам лаьттира Магасехь, Нохчийчоьнан а... Читать дальше...

Избербашера ши полисхо велла некъахьовзамехь

Radiomarsho.com 

Федералан «Кавказ» некъа тIехь иккхинчу некъахьовзамехь велла Дагестанерчу Избербашера ши полисхо. Мехкан полицин урхалло бечу хаамца, шерша йолаеллачу машенах дола ца далуш, иза тIекIалъяьллачу миноташкахь велла и шиъ.



«Хьо хьуо ву зудчуьнца йолу юкъаметтигаш нахала яха волавелларг». Кадыров шалхенаш лелорна бехкево блогеро Абдурахманов Тумсос.

Radiomarsho.com 

Оппозицехь волчу блогеро Абдурахманов Тумсос рогIера видео яржийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане вист хуьлуш. Цо иза бехкево нохчийн гIиллакхашца шалхенаш лелорна. Ши кIира хьалха видеош яьржира интернет-зIенашкахула, маре йоьдучу йоьIаца да воьлхуш а, шен нускалца къона майра, цуьнан мара ийзош, ловзуш а. Нохчийн гIиллакх дохорна и нах шен кхеташонехь емалбира Кадыров Рамзана. Цул тIаьхьа уьш цуьнга а, махкарчу бахархошка а шайна къинтIера бовлар доьхуш гайтира «Грозный» телеканало. Читать дальше...

Нохчийчоьнан куьйгалхо вен гIоьртина тоба лаьцна бохург эладита ду, аьлла Кадыровн пресс-гIоьнчас

Radiomarsho.com 

Кадыровн дIовш дала гIоьртинарш лецна бохург эладита ду, ша цунна комментари йийр яц, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис. Оцу хьокъехь хаам баржийна "URA.RU" портало. «Ас эладитанийн мехаш ца хедабо», - аьлла Керимовс. Хьалхо  Telegram-ерчу "СКФО Telegraph" канало яздира, Нохчийчохь «дийцаредо мехкан куьйгалхочунна дIовш дала гIоьртина бохуш», аьлла. Оцу хьостано бахарехь, зулам кечдечу тобанца хилла Устрада-ГIалахь мэр Iийна Темирбаев ИбрахIим а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти а... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (07.10.2019)

Radiomarsho.com 

Адвокат: Политковская ейтинарг карийна вац, ткъа таллам "наб еш Iа", Къилбаседа Кавказехь санна лахара дац кхечу регионашкахь алапаш, Нурмагомедов Хьабиб винчу юьртанна - спортан гIишло.

Дуьнено дагалоьцу тахана Политковская Анна

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанах "боьха хIума" олура цо. Путин коррупцин да ву, цунна "пиар еш", лелхийтина хила а тарло Москох цIенош, оцу а, кхидолу а зуламийн декъахь иза ву я вац къасто деза пачхьалкхо, аьлла хетара "Новая газетан" журналистна. Иза йийна 13 шо хьалха. Амма хIинца а хууш дац хьанна эшна иза ен. НВ-н видео.

Адвокат: Политковская ейтинарг карийна вац, ткъа таллам "наб еш Iа"

Radiomarsho.com 

Талламчашна тахана а дац хууш, хьан арабаьхна хилла Политковская Анна ен нах. Дов, "цхьана талламчера кхечу талламче а луш, юх-юха дIа а дахдеш, диллина латтадо", аьлла Интерфаксе" ПолитковскийгIеран доьзалан адвоката Ставицкая Аннас. ТIаьххьара талламчашца журналистан гергарчийн къамел хилла ах шо хьалха. ХIетахь цара дийхира политикан эмигрантера Закаев Ахьмадера тоьшаллаш дахар. Амма ца эшна Талламан комитетна Закаевгара тоьшаллаш. Оьрсийчохь лелачу цхьана версица, Закаевна а, массех шо хьалха... Читать дальше...



Къилбаседа Кавказехь санна лахара дац кхечу регионашкахь алапаш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан регионийн коьрта шахьаршкахь мел алапа оьцу бахархоша? Оцу хаттарна жоп луш рейтинг хIоттийна «РИА Новости» агенталло. 100 гIалин могIарахь массарел а лахахь ю наханна лучу алапашца Къилбаседа Кавказерчу республикийн коьрта шахьарш: Черкесск – 99-гIа, Магас – 97-гIа, Нальчик – 94-гIа, ХIинжа-ГIала – 93-гIа, Соьлж-ГIала – 92-гIа, БуьритIе – 89-гIа. Масала, Соьлж-ГIалахь болхбечара кхушара эцна алапа, царна юккъехь декъна, юккъерчу бараме далийча, хIоранна баттахь кхаьчна хуьлу 30 эзар сом. Читать дальше...

Электронан сигарета а еза йита?

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан дагахь ву Нохчийчу йохка электронан сигареташ ца кхехьийта а, уьш махкахь озар дехка а. Могашаллина зуламе ю и тайпа сигарета, тешна бу Кадыровс аьллачунна тIетайна мехкан парламентан депутаташ а.

Таджикистан: баьржаш бу интернет-молланаш

Radiomarsho.com 

Таждикистанехь молланаш, маьждигашкара имамаш интернет, социалан зIенаш лелон Iамош ду Iедал. Динах лаьцна яздийриг зIенехь схьакарон хаарал сов, посташ хIитто а, комментареш язъян а хаа дезаш бу Iеламнах. Интернет-машанашкахь хуьлу таджикаш кхетош-кхион декхаребина уьш.

Нурмагомедов Хьабиб винчу юьртанна - спортан гIишло

Radiomarsho.com 

Дагестанан премьер-министр Здунов Артем вахана гоьваьлла спортхо Нурмагомедов Хьабиб схьаваьллачу ЦIумадан кIоштарчу Силди юьрта, шеца спортхочун да, тренер Нурмагомедов Iабдулманап а волуш. Дагестанехь ян леринчу кхаа спортан-могашаллин а, хьешацIенойн а комплексех цхьаъ хир ю Силдехь, хаамбо "Дербент портало". Юьртахь спортан комплекс яр шена тIеэцна Iедало, ткъа хьешацIа дийр ду совдегарша вовшашлахь гулдечу ахчанах.

40 тонн Iежех куз бина Нальчикехь

Radiomarsho.com 

1000 квадрат-метр бу 40 тонн Iежех бина куз – ГIебарта-Балкхаройчохь йоьдучу кхачанан фестивалера Iаламат. Шоьтан дийнахь бан болийна, кIиранде доьрзуш чекхбаьккхина "куз бечара" шайн болх. Нальчикерчу Абхазин майданахь и исбаьхьа хазна кечъеш эшна массех басера а, жима-боккхаллица башхалла йолу а 175440 Iаж.

Харц ахча арахьоьцу зуда лаьцна Карачаевскехь

Radiomarsho.com 

Компьютерца кеч а деш, принтерца зорба а тухуш, шен цIахь харц ахча арахьоьцуш хилла Кхарачой-Чергазийчуьрчу яхархочо, хаамбо "Къилбаседа Кавказан портал" сайто. Полице ялийначу 49 шо долчу Карачаевск гIалин яхархочо даредина ша шен цIахь 2000 соьман кехаташ кепатоьхна хиларх. Иза Iораяьккхинарг ю полицин экономикан кхерамзаллехула йолу урхалла. Харц ахча арахецарна зудчунна дуьхьал бехктакхаман дов айдина.

Спорт в России и мире
Москва

На окружном полуфинале конкурса «Это у нас семейное» Калмыкию представляют четыре семьи


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Россиянка Хромачёва вышла в финал турнира WTA в Руане в парном разряде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

АО «Транснефть – Дружба» подвело итоги деятельности в сфере экологической безопасности





Путин в России и мире
Москва

Кремль: в Москве 22 апреля состоится встреча Путина с Алиевым


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

В Москве арестован на пять суток историк-публицист Сергеев за пост памяти Навального



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Андрей Макаревич

Борис Галкин объяснил истоки поведения Макаревича* и других уехавших артистов



Москва

Врач МОНИКИ развеяла основные мифы о донорстве крови

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net