БагIдади вийна бохучу хаамна комментари йина Кадыровс
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь комментари йина Iамеркан эскархоша операци дIахьош "Исламан пачхьалкх" тобан куьйгалхо Ал-БагIдади Абу Бакр вийна бохучу хаамна. "Ал-БагIдади Абу Бакр юха а вийна? Коьрте догIу Бульба Тараса шен кIанте Андрийга аьлла дешнаш: "Ас хьо ван а вина, ас хьо вуьйр а ву!", - яздина Кадыровс, хаам бо РИА Новости агенталло. Нохчийчоьнан куьйгалхочун хетарехь, ал-БагIадади веро кIезиг хIума хуьйцур ду, нагахь террорхой дика а, вон а бохуш бекъахь. Читать дальше...