123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

Новости за 02.10.2019

Электронан цигаьркаш лелор дехка дагахь ю Нохчийчоьнан парламент

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхиазхошна электронан цигаьркаш йохкар дехкар хьокъехь низаман проект йийцаре йийр ю Нохчийчуьрчу парламенто еарин дийнахь. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.   Нохчийчу цу тайпа цигаьркаш яр а, уьш республикехь йохкар а дехка дагахь ву ша аьлла, дIахьедар динера Кадыров Рамзана Гезгмашин-беттан чакхенехь. Цо чIагIдарехь, уьш вуно зене ю бахархойн могушаллина.

Нохчийчоьне стенна "бийцбайтина" 20 шо хьалха болабелла тIом?

Radiomarsho.com 

Кремлна луучу хьесапе яккха гIерта шайн къоман истори Нохчийчуьра хьаькамаш Нохчийчоьнан, Оьрсийчоьнан президенташа Масхадов Аслана а, Ельцин Бориса а 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь Москвахь бина машаран барт а бохош, 1999-чу шеран Гезгмашин-беттан 30-чохь Невран а, Шелковскан а къоштийн дозанаш а хедош, Нохчийчу девлира Оьрсийчоьнан танканийн дакъош. ТIаьхьо даьхкира махка эскарш Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а дозанашкара, "Кавказ" некъатIехула. Оццу хенахь мохк баккха дуьйладелира эскарш гIалгIайн лаьмнашкара дIа а ... Читать дальше...



"Соколов" латточу изоляторехь хилла Оьрсийчоьнан дипломаташ -- зорбанан гIирсаш

Radiomarsho.com 

Нохчийн мухIажир Хангошвили Зелимха верна бехке хила мега аьлла шеко йолуш лаьцна "Соколов Вадим" латточу Берлинерчу талламан изоляторехь хилла Оьрсийчоьнан ши дипломат. Цунах лаьцна яздо немцойн Spiegel Online а, Deutsche Welle а зорбанан гIирсаша, яздо Кавказ.Реалиино.   Дипломаташ бахана хилла Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна аьлла шайна ма хеззина. Цара къамелаш дина оьрсийн маттахь, тIехьожуш а, ладугIуш а стаг воцуш. ХIун дийцина хууш дац.   Цу тайпа процедура ян бакъо ю дипломатийн юкъаметтигашкахула... Читать дальше...

Велла Готт Карел

Radiomarsho.com 

Шинарин сарахь Прагехь велла 80 шо долу Чехин эстрадан йишлакхархо Готт Карел. Цунах лаьцна хаам бина ЧТК агенталле артистан гергарчу наха. Гезгмашин-бутт юккъебаьлча вон цамгар кхетта могушалла галъялла ву ша аьлла, хаам бинера цо.   Готт шуьйра вевзира 1960-чу шерашкахь. Цуьнан кхоларрала безамца тIеийцира дуккха а пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Советан Пачхьалкх а, Германи а йолуш.  Готт Карел сцени тIехь къахьоьгуш вара шен дахаран тIаьххьара денош тIекхаччалц.

Дерригдуьненан вайнехан конгресс вовшахтохар шен хеннахь доцуш хетта нохчашна а, гIалгIашна а -- "Кавказский узел"

Radiomarsho.com 

Дерригдуьненан вайнехан конгресс дIахьярх лаьцна хаттар дийца кхеташо вовшахтоьхначу наха шуьйра даржийна шаьш Истанбулехь цхьаьнакхетар, амма цигахь дакъалоцуш вацара 30 стаг а, хаам бо "Кавказский узело". Дийцарехь, Туркойчуьра нохчийн диаспора а, гIалгIайн жигархой юьстах севцна цу мероприятина, цу кепара конгресс дIаяхьар шен хеннахь доцу гIуллакх ду аьлла.   Кхеташо вовшахтоьхначара гайтина шаьш Оьрсийчоьнан Iедалшна муьтIахь хилар, ткъа декъашхошна юкъахь хилла Iедалхой а, билгадоккху "Кавказский узело". Читать дальше...

"Шегара цхьанна гIо хилча са паргIат долура цуьнан"

Radiomarsho.com 

Белль Генрихан Фондо байначу беттан 27-28-чохь а Махачкалахь барамаш дIабаьхьира, доктор Магомедова Iайшат дагалоцуш. Цуьнан цIарах совгIат дина заьIапхойн бакъонаш къуьйсучу Дагестанерчу Сеферова Маринина. Магомедова Iайшат гIараелира Махачкалахь гIоьналлин дарбан хIусам схьайиллинчул тIаьхьа. Таронаш йоцчу доьзалашкарчу зударшна дарба леладора цигахь. Цхьана хенахь берийн поликлиника лаьттина, амма еххачу заманчохь тесна йитина гIишло Магомедова Iайшате дIаелира гуттаренна а. Цуьнан гергарчара а, доттагIаша битаме ялийра и хIусам. Читать дальше...

Соьлж-ГIалахь кхоьллина Орцин-Мохк эвла

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин Октябран кIоштан 35-гIа а, 56-гIа а дакъошна керла цIе тилла сацам бина гIалин низамашдахархоша. ХIинца дуьйна цхьаьнатоьхна и ши куп хир ю XIX бIешарахь ваьхначу оьрсийн паччахьан инарлан Чермоев Орцин (Арцу) цIе лелош. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло. Соьлж-ГIалин Iедало тIеэцначу сацамехь аьлла ду керлачу эвлана Орцин-Мохк цIе туьллуш ю аьлла.   Болчу хаамца, и сацам тIеэцна Чермоев Орцин (1825–1895) цIе йиц ца ялийта. Нохчийн къомах волчу Чермоев Орцас 1842–1864... Читать дальше...

Шеман хаттарехула Iамеркаца барт бан гIерташ ю Туркойчоь

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп догдохуш ву Шеман къилбаседехь кхерамазаллин зона кхоллар хьокъехь Iамеркан президент Трамп Доналд шега тешалур ву аьлла.   Туркойчоь реза яц Iамеркица цхьаьна Шеман дозанехь кхоьллинчу цхьаьна операцеш дIаяхьаран Центран стратегина. Туркошна хетарехь, цо доза тоьхна Ефрат хинна малхбалехьа болчу курдойн ницкъашна дуьхьал операцеш дIаяхьарна. Ткъа и тобанаш Хонкаро тIеоьцуш ю шайн къоман кхерамазаллина кхераме йолуш санна.   Туркойчоьнан а, Iамеркан а... Читать дальше...

Къола дарна Гуьмсера вахархо лаьцна полицино

Radiomarsho.com 

Къола дина стаг лаьцна Гуьмсан кIоштан полицин декъан белхахоша де хьалха. Иза ву 22 шо долу Гуьмсера вахархо. Лаьцначуьнан цIе йоккхуш яц.   Полисхоша левеш цо мукъаро дина Гезгмашин-беттан 27-хь Гуьмсерчу Рябова урамехь цхьана хIусаман кертара ша ши аккумулятор лачкъорна. Цу кепара долахочунна зен дина къуьно 14 000 соьмана. Къола дар хьокъехь дIахьош бу таллам.

Спорт в России и мире
Москва

Кыргызстанцы завоевали медали на международном турнире по танцам в Москве


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Мария Шарапова

Первая ракетка России рассказала об общении с Шараповой


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Результативность, вовлечённость, трудоголизм — где грань? Книга от автора российской модели факторов вовлечённости персонала.





Путин в России и мире
Москва

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко убежден, что белорусы «никогда еще так хорошо не жили»




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Во Франции назвали бредом слова Зеленского про угрозу Путина Европе


Навальный в России и мире
Москва

Священнику, отпевавшего Навального, запретили носить рясу и крест



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Концерт

Концерт в честь Сергея Рахманинова прошел в Воскресенске



Москва

В Серпухове прошел мастер-класс по росписи пряников для детей бойцов СВО

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net