Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

Новости за 24.10.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (24.10.2019)

Radiomarsho.com 

Германино нохчий цIахьежош бу, Гуьмсан кIоштахь чIир йитина, 2 гIалгIа а, нохчо а вийна некъаца (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

50 000 гергга вахархо ток йоцуш висинера Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

50 000 вахархо электросерло йоцуш висинера Нохчийчохь, аварин хьал хIоттар бахьана долуш, хаам бина Оьрсийчоьнан Минэнергетикехь. Авари хиллера еарин дийнахь 10 сахь 50 минот яьлча. Ток йоцуш бисинера Хьалха-Мартанан кIоштара бахархой. Цу тайпаниг хилахь а аьлла кхоьллина сервисаш болх бан йолаелира ток ялар меттахIоттош.   Оцу хенахь хIаваан температура яра арахь 15 градус. МеттахIотторан белхаш дIабирзира 12 сахьт 13 минот яьлча. "Трансформатор юха а болх бан йолаелла. Массерна а луш ю ток"... Читать дальше...

«Кадыровс аьшпаш буьтту»

Radiomarsho.com 

СаIудин муфти лаьттинчу Ибн База Шайхан воьIан воIа Салихьа бехкбиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, иза «вахIабхой» олу нах сийсазбеш, царна бусалба уммат дуьхьалдохуш хьийзарна.



Германино алсамдаьккхина тховкIело йоьху нохчий Оьрсийчу дIахьежор

Radiomarsho.com 

Германера Оьрсийчу дIахьежочу нохчийн мухIажарийн терахь хаъала алсамдаьлла хиларх лаьцна хаам бо немцойн Tagesspiegel газето, федералан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш.   2017-чу шарахь Оьрсийчу дIахьажийнера 184 политикан тховкIело йоьху Нохчийчоьнан вахархо. 2018-чу шарахь цу нехан терахь дара 422, ткъа хIара шо доладелчхьана Германино цIахьажийна 277 нохчо. 2019-чу шеран 8 баттахь Германин миграцин урхалло листина 2613 нохчочуьнан дехар. Царах 99 стаг бен ца лерина Iедалан векалша мухIажиран статус яла хьакъ долуш... Читать дальше...

Кадыровн «паччахьалла» огуш дерг

Radiomarsho.com 

ХIун къуьйсу вовшашца Нохчийчуьрчу хьаькамаша? Советан Iедалан заманахь кег-мерсачу битамаша гойтура Малхбузерчу политологашна, муха хийцалур ю Москвара политика. Мила мича охьахуу рогIерчу Политбюрон кхеташонехь тергалдича, кхеташ хуьлура хинболу хийцамаш. И кеп лела тахана Нохчийчохь. Шен кхеташонехь Iедалхойх хьаьнца, муха къамел до Кадыров Рамзана тергалдича, хаало, мила стенга «охьаваьккхина», «хьалаваьваьккхина», «вожор ву» цо. Оьрсийчоьнан президентца Путинца Малхбале вахана леллачуьра ша цIа кхоччушехь... Читать дальше...

Нохчийчохь чIир йитина некъан бохамехь зуда а, бер а дийначу стагана

Radiomarsho.com 

Нана а, цуьнан 5 бутт кхаьчна бер а дуьйш хиллачу некъан бохамехь дакъалаьцна волу стаг витина кхелхинчеран доьзало Нохчийчьурчу Гуьмсан-кIоштахь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, республикерчу динан урхаллана тIе а тевжаш.    Муфтиято бинчу хаамца, Гуьмсан кIоштан къедас Абдулмуслимов Амира дакъалоцуш хиллачу маслаIатехь кхелхинчу ненан а, беран а гергарчара бехкана геч дина витина 25 шо долу Гуьмсера вахархо.   Стаг витарехь дакъалоцуш хиллачу наха баркалла аьлла догдикалла гайтинчу кхелхинчеран доьзална а, гергарчу нахана а.

"Со кхета, муьлххачу хенахь а доьза ван тарло со"

Radiomarsho.com 

"Кавказ.Реалии" порталан корреспондентца хиллачу къамелехь "Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" президенто Кутаев Руслана дийцина, юкъараллан а, бакъонашларъяран а белхаш бан Оьрсийчохь хала хиларх. Ишта политикан тутмакх лаьттинчо дуьйцу, блогеро Абдурахманов Тумсос арабаьккхинчу некъах а, Нохчийчохь маьрша шена стенна ца хета а. "Айса лелочух дика кхеташ ву со" - Лурчаха ГIуран-баттахь набахтера араваьлла хьо. ХIетахь дуьйна вахар стенгахь ду хьан? - Эха шарахь сайн регистраци йолчу меттигехь а, Москвахь а хан яьккхира ас. Читать дальше...

Нохчийчохь тIом боьдуш лачкъийна сурт юхадоьрзур ду Соьлж-ГIала

Radiomarsho.com 

Суртдиллархочун Головин Александран "Бедуинан йовлакх тиллина Е. Тетевосянан портрет" цIе йолу сурт лачкъийнера Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш. Болчу хаамца, иза Соьлж-ГIаларчу музен хилар хиинчул тIаьхьа Третьяковн цIарахчу галерейн гайтаман юкъардаьккхинера иза.   Ткъа хIинца Головинан сурт эцначу стага сацам бина иза Нохчийчоьнан Республикан къоман музейна дIадала. Цунах лаьцна кхаарин дийнахь хаам бина Третьяковн галерейн зорбан сервисо.

Машенаш уггар дукха хоьхку Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь бинчу талламо гайтарехь, 2019-чу шарахь юккъера барам схьаэцча хIора Нохчийчуьрчу машено некъбина 19,2 эзар километр. Цу гайтамехь республика ю хьалхарчу меттехь. Луларчу республикашкахь - Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Кхарачой-Чергизийчохь а, ГIалмакхайчохь а - и гайтам бу 17 - 17,5 эзар километр. Нохчийчохьчул а шозза гергга боца некъ бо Чукоткерчу бахархоша – 10,2 эзар километр.   Цу тайпа хаамаш губина «Автостат» сайтан эксперташа, юхкуш йолчу 2 миллион сов машенан гайтамаш а теллина.

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра 3 стаг вийна некъан хьовзамехь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла кхаарин дийнахь Волгоградан махкахь Камышински кIоштахь "Сызрань-Саратов-Волгоград» некъа тIехь. Жима ши машен дуьхь-дуьхьал кхетта сарахь 4 долуш Усть-Грязуха эвла некъ дIахьовзарехь. Цунах лаьцна хаам бина Infokam.su сайто. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьамогIа кIошт цхьанатоьхначу "Камышинский" декъан векло Агаркова Маринас дийцарехь, "Лада Приора" машенна урхалла деш хилла 26 шо долу ГIалгIайчохь вина жима стаг Камышино агIор воьдуш хилла, Волгограде ваха дагахь.   Агарковас чIагIдарехь... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Команда Орловской области стала победителем хоккейного турнира среди команд Черноземья


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Джиган

Рэпер Джиган вызвал Тимати на поединок после публичных насмешек в свою сторону прямо во время шоу



Москва

«К сожалению»: смогут ли клиенты криптобиржи Beribit вернуть свои деньги

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net