Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

«Суна бIаьрга ван ца веза Кадыров». Нохчийчоьнан куьйгалхочунна улле хаа а дегаза ду шена, боху саIудахочо

0
«Суна бIаьрга ван ца веза Кадыров». Нохчийчоьнан куьйгалхочунна улле хаа а дегаза ду шена, боху саIудахочо

Нохчийчоьнан куьйгалхочун динан хьехамчас Шахидов Адама Твиттерехь ша СаIудийн Iаьрбийчохь муфти лаьттинчу Iабдел-Iазиз ибн Баз шайхан кIентан воIаца Салехьца болийна къовсам битина чаккхе а йоцуш. ВаххIабхой харц хиларх тоьшаллаш шега даладе аьлларг Нохчийчу хьошалгIа кхойкху цо.

Хьалхо Салехь ибн Базас «аьшпаш боттарна» а, зама хьалха ваьхначу устазна Мухьаммад ибн Iабдел-ВаххIабна доцу къинош тIехьерчорна а бехкевира Кадыров. Бохура цуьнга, даладе шайн устаз Сунница лелла вацарх тоьшалла.

Кху беттан 25-чу а, 26-чу а деношкахь рогIера йозанаш дина вовшашка Шахидовс а, Салехьа а (Маршо Радиогахь ю Iаьрба маттахь хиллачу юкъарлонан скриншоташ).

Шахидов Адам: " Кадыров Рамзана хьоьца къамел дийр ду хьуна луъучу меттехь. Со гочдархо хир ву. Иза комаьрша а, хьеший безаш а ву ".

Салехь Ибн Баз: «Лаам бац сан, дегаза хета Путинах - бусалба вежарийн хIаллакбинчу зуламхочух – накъост винчу куьйгалхочуьнца цхьаьна охьахаа. Зуламхочух шена накъост вийриг ша ву зуламхо. Цу тIе, галбаьлла боьдучу суфийн некъахь а ву иза. Адамашна гIелоечуьнга, тилвелла лелачуьнга сан ала хIума дац, цабезаммий, юьхь тIе ласто лаьттан гIорзий йоцург».

Шахидов Адам: "Аьлча а, хьайн ледарлонна, хьуо кIилло хиларна, тхо нийсачу новкъа даха цалаарна кIера ву-кх хьо. АллахIан лаамца Муса а [Пайхамар] реза ма хилла – АллахIера маршалла хуьлда цунна – ша караверзо гIерташ хьийза ПирIонца ган, оьздда, гIиллакхе къамелдина цуьнца. Ткъа ахь хьайна Рамзан ган а ца лаьа боху. Хьуна хьайна а ца хаьа хьайна хIун лаьа))) АллахI ницкъ болуш ву, АллахIа воккхийла хьо нийсачу новкъа».

 

Ибн Баз Салехь: "Ткъа кхузахь, Твиттерехь, дало-кх вайга къамел».

Шахидов Адам: "Оха муха дийр ду къамел, шена хIун оьшу кхеташ доцу бер санна лелачуьнца? АллахIах дуй буу ас, нагахь санна тхуна диканиг хилийта доггах лууш хилча, ахь къамел лараме дийр ма дара тхоьца. Ткъа хIара суна эрна хан яйар хета. Цхьаьнакхета меттиг йилла вайна – я Маккахь, я Нохчийчохь. Нохчийчохь цхьаьнакхетийтар гIолехьа ду – гур ду хIуна, хIун дара цигахь хьалха, муха ду хIинца».

Ибн Баз Салехь: "Со бер хета хьуна, цундела хьо реза вац Твиттерехь соьца къовсавала. Оцу юккъехула къовсам дIабахьа бер Нохчийчу а кхойкху ахь?! Хьо тешна ву хьайн кхетам нийса хиларх. Ткъа Твиттерехь дискусси дIаяхьа атта-х дарий, цхьаьнхьа а ваха а ца оьшуш».

Шахидов Адам: "Оха хьо Нохчийчу кхойкху хьох къонах вархьама, бераллера валийтархьама) Ас оццул ларам а бина, Нохчийчу хьо кхойкхуш хилча, хетарехь, вац-кх хьо тхох кхоьруш. Амма ахь хьайгара цаларам гойту тхан сийлахь-везачу лидере. Хьо оьзда вацарна, ас иза лов, цуьнга  а дехна хьуна къинтIеравалар. Бакъ ду, дискусси хала дац кхучухула дIаяхьа, амма вайн Нохчийчохь ден долчу къамело санна пайда бохьур бац цо».

Оцу йозанел тIаьхьа кхин а массех пост хIоттийна Шахидов Адама Салехь хьахош. Нагахь санна иза Нохчийчу вагIахь, цунна гур ду муха Iамадо цигахь Къуран а, ШарI а, боху Шахидовс.

Салехьий, Шахидовссий вовшашка динчу йозанийн мах хадош, комментаторша боху, Шахидов Адам ца ваьхьа динах дерг къовса. «Бер кхузахь Кадыров Рамзан ду», яздо Iаьрбех волчу цхьамма.

«Нохчий, шун дуьхьа шен дахар дIаделла волу Хаттаб а ма вара аш «кафирийн» олучу динах», - яздина rashid цIе йолучо.

«Муджрим» ник йолучо боху Шахидовга: «Дов массаза долу эхь доцчу зудчо майрачуьнга санна боху ахь: «Вало тхан дена тIе». Делах дуй буу ша, боху «Муджрима», ваххIабхойх лаьцна "Салехьа дуьйцург харцдан Шахидовгахь цхьа а тоьшалла ма дац".






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин объявил о начале сборки «Москвича» по технологии полного цикла


Спорт в России и мире
Москва

"Зенит" в Москве обыграл ЦСКА и сравнял счет в серии


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Теннисист Джокович раздавал автографы в шлеме после попадания бутылкой в голову


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Синоптик Шувалов: в Москве потеплеет до +15 градусов, заморозки прекратятся





Путин в России и мире
Москва

Как Россия побеждает в Африке: Волна военных переворотов приносит Путину новых союзников


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Марина Василевская передала Александру Лукашенко флаг Беларуси, побывавший на МКС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Мечтающего по победе Киева Макаревича* проверят на экстремизм


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Бато Багдаев

Дети из Узбекского землячества Бурятии увидели театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура



Москва

У тюменцев в 5,5 раза вырос спрос на покупку дач

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net