Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 29.05.2019

Хасаев Мовсар бехказваьккхина Екатеринбургерчу кхело

Radiomarsho.com 

Екатеринбургерчу Свердловн кIоштан кхело бехказваьккхина меттигерчу криминалан гонашкахь дош лелаш хилла Арутюнян Ашот верна цхьана шарахь сов изолятор чохь латийна Веданара Хасаев Мовсар. Цуьнан гIуллакх шен тергонехь латтош бара кIоштарчу нохчийн диаспоран векалш. Цара кехаташ яздинера Оьрсийчоьнан президенте а, ницкъаллийн структурийн куьйгалхошка а, Хасаевн алиби хилар а дуьйцуш. Бехктакхаман кодексан 105-чу артиклца (стаг вер) гIуллакх айдина Свердловск кIоштан Талламан комитето динчу зуламна дуьхьал. Читать дальше...



ГIалгIайчуьрчу вахархочунна тховкIело яла дуьхьал ю Украина

Radiomarsho.com 

Украинан кхерамзаллан Урхалло (СБУ) миграцин хьукматна хьоьху гIалгIана Мейриев Русланна тховкIело цаялар. Йоьдучу кхелан кхеташонехь дIахьедина цунах миграцин хьукматан векало. "Оцу органах ца теша цхьа а бух бац тхан", - аьлла цо, Мейриевс шена  дуьхьалоярх латкъамбар толлучу Киеверчу суьдехь. Адвокато Лапин Александра бахарехь, процессан декъашхошна керла хIумма а дацара миграцин хьукмате СБУ-н куьйгалло дахьийтинчу кехат тIехь. 2017-чу шарахь а даийтира цара Мейриевна мухIажиран статус ма ло аьлла, изза кехат. Читать дальше...

Нохчийн латархо Эдилов UFC юкъарваьлла

Radiomarsho.com 

UFC-ца хиллачу контрактех мукъаваьлла нохчийн латархо Эдилов Iабдул-Керим, хаамбо Fight Time спортан хьостано. "25 шо долу латархо Эдилов Iабдул-Керим, 2017-чу шарахь шолгIачу раундехь хиллачу техникан нокаутехь Михайлович Боян эша а веш, UFC-н баннер бухахь цкъа бен летта вац", - хаабо интернет-хьостано. UFC-хь кхиамаш баха таро ца хилира нохчийн спортхочун иза лазорна а, 2016-чу шарахь допинг-тестех чекх ца валарна а. Fight Time хьостано дийцарехь, билггал информаци  яц, Эдилов юкъарваьккхина, йа шен лаамехь контаркт хадийна цо. Читать дальше...

Таджикийн бераш дIадуьгур ду даймахка

Radiomarsho.com 

Таджикистана Кувейтерчу векало Зубайдзода Зубайдуллос дахначу шерашкахь 88 таджикийн бобер юхадалийна ДАIИШ-exь xIаллакъхилла шайн дай, наной схьабевплачу махка – Таджикистане. ХIинца цуьнан барт хилла уьш санна долу бераш Шемара а дIадига. Оцу Iалашонца Зубайдзода деношкахь цхьаьнакхийтира Кувейтан арахьарчу rIуллакхийн министран гIовсца Аk - Сабахь ал - Мухьаммад Ахьмад Нассерца а, цхьамога кечу дипломаташца а.

Брюсселан Iедалша Оьрсийчоьне дIавелла даIишхо

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан могIаршкахь хилла ву аьлла, терроризмна бехкевина, лоьхуш хилла Ахмадов Имампаша кхаарин Iуьйранна Москва кхачийна. Оьрсийчоьнан дехарца экстрадици йина цунна Брюсселан Iедалша. Дагестанера схьаваьлла ву 32 шо долу Ахмадов. 2014-чу шарахь Шема дIавахна даIишхойх дIакхеттера иза. Цул тIаьхьа цхьан хан яьлча Бельги юхавеанера. Стохка дIалецира иза Белгин къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнан дехарца, ткъа цаьрга дIавала сацам кху деношкахь хилла. Ишта къаьстина, Ахмадов... Читать дальше...

"Эвлаяалле боьду некъ"

Radiomarsho.com 

Романова Софья Нохчийчуьрчу Iедало эвлаяъ веш лаьтта Кадыров Ахьмадах Кадыров Ахьмадан васт дестош схьадогIу махкара Iедал. Урамашна, маьждигашна, футболан клубна тиллина ца Iаш, ярташна а тахка йолийна Кадыров-воккхахчун цIе. Муфтий ваьхначу ЦIоьнтарах Ахмат-Юрт баха деза хIинцачул тIаьхьа. Иза дар "Пайхамаран суннат" ду боху цхьаболучара. Пайхамарийн могIарахь Махкахь президент лаьттинарг сийлаллин Iарше ваьккхар – тоххара бирзина баьлла болх бу Нохчийчуьрчу Iедална. Бусалбанашна даIваташ... Читать дальше...



Газах дIовш даьлла йоI яларна бехкево Нохчийчуьра да

Radiomarsho.com 

Меттигерчу 40 шо долчу вахархочунна дуьхьал гIуллакх долийна Нохчийчохь, ларамза чохь газ дIаихна цуьнан йоI яларна, хаамбо REGNUM агенталло, регионерчу Талламан комитетан информацех пайда а эцна. Кху шеран Дечкен-баттахь луьчучу чохь угаран газах садукъделла еллера 15 шо долу йоI. Талламчаша къасторехь, газ латто система йоьхна хилла цу хIусамехь. Хи дохден гIирс ша дIахIоттийна хилла хIусамдас, цундела инструкци тIехь долчуьнца догIуш ца хилла монтаж яр.Оцу бахьанашца бехкеозийна да. Дагестанехь... Читать дальше...

Оьрсийчоьне кхайкхамбина ПАСЕ-н декъахоша Немцов вер таллар юхадоладе аьлла

Radiomarsho.com 

Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейно (ПАСЕ) Оьрсийчоьне кхайкхамбина, политик Немцов Борис вер таллар юхадоладе аьлла. Литван делегацин декъахочо Зингерис Эмануэлиса лерина кечйинчу рапорт тIехь билгалдаьккхина, оппозицин политик верах бакъдерг хIинца а къаьстина дац аьлла. Талламаш дIахьочу юкъанна хIиттийначу камераша дIаяздинарг карийна дац, оцу зуламан цхьаболу тешаш лебина а бац, доккхачу декъанна. Цул совнах, ПАСЕ-с тергойина, дов хоттучу хенахь коьртачу тешийн тоьшаллаш бIостане хиларан а... Читать дальше...

Human Rights Watch организацин бухбиллархо велла Iамеркехь

Radiomarsho.com 

Iамеркехь кхелхина 97 шо долу бакъонашларъярхо, Human Rights Watch организаци кхоьллина хилла Бернштейн Роберт. The New York Times хьостано бина и хаам, цуьнан кIанта Питера динчу дIахьедарца. 1944-чу шарахь Гарвард чекхъяьккхина, дуьненан ШолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Simon&Schuster гIирсца болх Iамон волавеллера Бернштейн. Дуьненчохь а уггар йоккхачу книгашна зорба тухучу «Рандом Хауз» компанин куьйгалле хIоттийра иза 1966-чу шарахь. 1973-чу шарахь бакъонашларъяран болх бан волавелира Бернштейн. Читать дальше...

Австрин вице-канцлерца цхьанакхетта йоI евзина хаамийн гIирсашна

Radiomarsho.com 

2017-чу шарахь Ибицехь Австрин вице-канлер хиллачу Штрахе ХIанс-Кристианца "оьрсийн олигархан гергара ю" ша аьлла цхьанакхеттачу зудчун цIе хаа аьтто баьлла хаамийн гIирсийн. Австрин Die Kronen-Zeitung газетано яздарехь, Боснин студент хилла иза. И видео йоккхуш къахьегарна 7 эзар гергга евро луш хилла цунна цхьана дийнахь. Журналистийн информацица, Штрахен дахарх цхьацца информаци хиъначул тIаьхьа билгалъяьккхина хилла и йоI олигархан гергарчун рол ловзо. Хиллачу цхьанакхетарехь йоIа дийцаредо... Читать дальше...

Зеленский Владимира бакъо елла Саакашвилина Украинехь ваха

Radiomarsho.com 

Одессан кIоштахь губернатор лаьттинчу Саакашвили Михаилна Украинан вахархочун бакъо юхаелла пачхьалкхан президенто Зеленский Владимира. Украинхойн куьйгалхочун сайт тIехь бина цунах хаам. Омрана куьйгяздинчул тIаьхьа Саакашвилис дIахьедина, кхааридийнахь ша Киеве вогIур ву аьлла. Политик тIетайна президентна Зеленский Владимирна, иштта шен дегайовхо хиларх дIахаийтина цо, "Слуга народа" шен партино хинболчу парламентан харжамашкахь толам боккхург хиларх а. Иштта чIагIдо Саакашвилис, Украинехь политикан карьера дIаяхьа лаам бац шен бохуш. Читать дальше...

Шемахь тохарш дарна Iамерко бехкбиллина Асадна а, Оьрсийчоьнна а

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто бехкбиллина Димаьшкъна а, Москвана а Шемара конфликт марсаяккхарна. "Маьршачу бахархошна а, юкъараллан инфраструктурана а - школашна а, базаршна а, дарбан хIусамашна а тIе бомбанаш еттар могуьйтийла дац", - аьлла, дIахьедина пачхьалкхан департаментан пресс-секретаро Ортагус Моргана. Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана ситуаци марсаяьлла Идлиб провинцехь. Доккхачу декъанна, Вашингтоно емалдо Асадан эскарша химин герз лелорна. ТIемаш а, тохарш... Читать дальше...

Муцураевн иллеш даржорна гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Шелковск кIоштан кхело гIуда тоьхна меттигерчу вахархочунна, социалан машанехь бардан Муцураев Тимуран иллеш даржорна. Дахначу оршотдийнахь 1500 сом гIуда тоьхна цунна экстремизме лерина, федералан тептаре даьхна иллеш "Одноклассники" машанехь зорбане дахарна. Прокуратуран белхахоша Интернетехь мониторинг дIахьочу заманчохь гучудаьлла дихкина иллеш даржош хилар. "Кавказский узел" агенталлан зерашца, дахначу шарахь оццу артиклца бехкевинарг мел лахара а итт стаг ву.

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

"Экобас" не для Невы: стильные электросуда для Москвы делают в Ленобласти





Путин в России и мире
Москва

«Ану-ка, девушки!»: какой была легендарная передача, которая вернется на ТВ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Пётр Чайковский

В Клину состоится праздничная программа в честь дня рождения Чайковского



Москва

Нижний Новгород вошел в том-10 направлений для путешествий на поезде на майские праздники

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net