Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 16.05.2019

ГIалгIайн ницкъахоша кIант вийначу нанас компенсаци йоьху Оьрсийчоьне

Radiomarsho.com 

Ницкъаллийн структурашкарчу белхахоша йиттина, кIант вийна ГIалгIайчуьра 78 шо долу Долиева Лемка Магасан кIоштан кхеле яьлла. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера 15 миллион компенсаци тIейожор доьху зудчо. "Кавказ.Реалии" портале бина цунах хаам зудчун адвокато Сабинин Андрейс. 2016-чу шарахь ницкъахоша йиттина вийра 50 шо долу Долиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьало латточу центран гIишло чохь. Оцу гIуллакхан хьокъехь дIалецира регионерчу "Э" Центран куьйгалхо Хамхоев Тимур а... Читать дальше...

Магасехь митингехь хилла ву аьлла кхи цхьаъ а дIалаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Магасехь хиллачу митинган рогIера декъашхо лаьцна ГIалгIайчохь. Де хьалха Сунжера Аушев Аслан ша тIевеана хиллера Сунжа кIоштан полисхойн декъе, ша тIевехча. Административан низам дохорца доьзна хир ду къамел аьллера цуьнга. Цигара Магасан кIошта кхеле а вигира Аушев, Зазадоккху-беттан 26-чохь митингехь хиларна гIуда тухур ду аьлла. Кхелан хIусамчуьра Аушевс телефон тоьхна шен гергарчу нахе, ша Нальчике дIавуьгуш ву, Iедалхойн векална дуьхьало йина аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале меттигерчу "Яблоко" партин куьйгалхочо Муцольгов Руслана. Читать дальше...

Батукаев Iазиз набахтера аравалийтарна – набахте

Radiomarsho.com 

Настоящее Время                                                                                                    (Карара Хан) Бишкеко лаьцна, изоляторе кхачийна, цомгуш ву аьлла, набахтера нохчо Батукаев Iазиз аравалийтина зуда - могашаллин министран гIовс лаьттина Сагинбаева Динара. 2011- 2014 шерашкахь Iийна министран когаметта Сагинбаева Динара. Иза лацарх йолу информаци яржийна гIиргIазойн "ИА 24.kg"  а, "КирТАГ" а агенталлаша чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамна тIе а тевжаш. ... Читать дальше...



Боларо турпал винарг

Radiomarsho.com 

Толаман денна лерина Соьлж-ГIалахь хIоттийначу тIеман гайтамехь "Маршо Радион" объективо лаьцнера цхьа шашаха, вуно хаза дIаса а техкаш, курачу боларахь вогIу эскархо. Ах китал дIалаьцнна яра мидалш, тайна, къона вара ша – дара къонахчун ша-шех дозалла дал куц. И сурт тайначу махкахоша, толамхочун васте а ваккхина, смукънечу мемашкахь гайта волийна жима стаг.

Европера арабаха мегар дац шайн даймахкахь Iазапе хIиттор болу мухIажирш

Radiomarsho.com 

Европан кхело сацамбина, нагахь даймахкахь мухIажирна кхерам белахь, къиза зуламхо иза велахь а, Евробертан пачхьалкхера цунна экстрадици ян мегар дац аьлла. Шога зулам цунна догIуш делахь а, тховкIело ехначу махкара арваккха мегар дац иза боху цара. Дахначу шинаридийнахь Европан Кхело тIеэцна цу кепара сацам. ТховкIелонах ваккхахь а, Евробертан низамашца цунна бакъо яла туьгуш дацахь а, Iалашъян еза мухIажиран бакъо, мигрантийн статусех Женеван Конвенцино еллачу тароне хьаьжжина аьлла, хьесап дина Люксембургерчу суьдхоша. Читать дальше...

Терроризмна бехкевина лаьцна гIалгIайн депутатан кIант

Radiomarsho.com 

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Москварчу Дмитровехь гIалгIайн депутатан Мамилов Закрин кIентан хIусамах хьовсарх керла информаци гучуяьлла. "Кавказ.Реалии" портале парламентхочо дийцарца, шина баттана дIалаьцна цуьнан кIант "терроран акт" аьллачу артиклна бехкевина. "Карарчу заманчохь Кашир гIаларчу СИЗО-хь латтош ву иза. ДIасавалар а доьхкуш, иза цIахь витийта гIиртира тхо, амма цунах аьтто ца белира. Цхьа тамашен хьийзара и суьдхо - цхьангга а ладугIуш вацара, адвокаташ юкъахбохура дуьйцучуьра... Читать дальше...

Мехкан дена новкъарло йо кхайкхаза баьхкинчу хьешаша

Radiomarsho.com 

Идрисова Барият Стенна йоьжна Дагестанан куьйгалхочун рейтинг? Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир Оьрсийчоьнан регионийн лидершлахь уггаре ледарчу иттаннах ву – иштта боху президенте Путин Владимире статисташа (РБК-но) кховдинчу рейтинго. Бинчу талламо гайтарехь, уггаре сиха рейтинг йоьжначу итт губернаторх ялхалгIаниг ву Васильев. Даржера дIаваккха веза аьлла уггаре дукха наха цунна а, ишта ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуровна Юнус-Бекна а – нахана цавезачу итт куьйгалхочун могIарахь гойту рейтинго и ши хьаькам. Читать дальше...

Украинан президентан Зеленский Владимиран инаугурацин де билгалдаьккхина

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 20-чохь дуьйна Украинан президентан декхарш кхочушдан волалур ву Зеленский Владимир. Еаридийнахь 315 депутат реза а хилла, Лакхарчу Радас сацам тIеэцна, инаугураци хинйолу де билгалдоккхуш. Президентан харжамийн шолгIачу этапехь Зеленскийс толам баьккхинчул тIаьхьа дуьйна къийсарш дара инаугурацин денна гонах долийна. Керлачу президенто церемони кху беттан 19-чохь хилийтар дехнера. Цхьа могIа депутаташа хьоьхура беттан 28-чу дийнахь , йа Мангал-беттан 1-чохь хилийта бохуш. Порошенко Петран агIончашна бехкбиллира Зеленскийс... Читать дальше...



ГIажарийчоь бахьана долуш Иракъера шен векалт арайоккхуш ю Iамерко

Radiomarsho.com 

Багдадерчу шайн векалтера белхахойн доккхахдолчу дакъана эвакуаци йина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа, хаамбо Reuters агенталло. ГIажарийчоьно лелориг бахьана долуш, белхахойн кхерамзалла Iалашъярхьама бина ишта сацам, чIагIдо Iамеркан пачхьалкхан департаменто. Дипломатин миссин белхахой боцурш а, Iамерко ишта юхакхайкхина Иракъан къилберчу курдойн автономин провинцин Эрбил гIалахь йолчу консулаллан персоналан цхьа дакъа а. Даймахка дIахьовсийначу Iамеркахойх кхи совбаьккхина хаам бац. Оцу юкъанна... Читать дальше...

ТIеман заманахь лаьттах доьллина герз карийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартан кIоштан хьаннашкахь лаьттах доьллинчу герзан къайле яьстина полисхоша аьлла, информаци яржийна регионерчу тIеман комендатурехь. Хетарехь, оцу кIоштахь леллачу тIемалойн хиллачух тера ду даьккхина герз. "Хьулйинчу къайленехь карийна гранатометан патармаш а, тротилан шашканаш а, куьйга лоьлхуьйтурш ен компоненташ а, гранаташ а, ишта тIеман кхиболу гIирс а" , - аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу тIеман комендатуран векало.

"Левада-центр": 65 % оьрсийн бахархойн охьадиллина ахча дац

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу 65 процент доьзалан тIаьхьалонна аьлла, охьадиллина ахча дац, и терахь хийцалуш дац 2012-чу шарера схьа дуьйна аьлла ду, "Левада-центран" социологаша бинчу талламийн жамIаш. Ахча гулдан таро ю лаккхара алапаш долчу хIусамехь. Доккхачу декъанна уьш бу яккхийчу шахьарашкахь бехарш. Ишта эксперташа тергоне эцна, ахча IаIо зама ю хIара аьлла хетий-те Оьрсийчоьнан бахархошна. 32 процент респонденташа зама дика яц аьлла. Дика ю, йа вон зама ю ала ца хаьа шайна аьлла, соцунгIа дIахьедина 38 %. Читать дальше...

Нохчийчохь лецначу берийн наной бакъонашларъярхочуьнга орца доьхуш бу

Radiomarsho.com 

Кхааридийнахь цхьанакхетар хилла Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан а, бакъонашларъярхочун Саратова Хедин а Соьлжа-гIалахь. Террорхойх дIакхета арабевлча, полисхоша дIалецначу кегийрхойн кхолламех дийца Iалашонца дара шайн цхьанакхетар аьлла Саратовас. Дахначу оршотдийнахь дийца даьккхира, байначу баттахь а, кху деношкахь а ницкъахоша гIаттамхой бу аьлла, кегийрхойн тоба дIалацарх. Бакъонашларъярхочо дийцарца, цуьнга орца дехна лецначийн гергарчара а, юьртахоша а. Шайн берийн бехк хиларх мукIарло до цара... Читать дальше...

Мархийн баттахь Нохчийчохь мехаш тIетохар толлур ду прокуратурано

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан прокуратуран официалан агIон тIехь бинчу хаамца, туьканашкахь а, базарашкахь а юучун мехаш тIекхетаран бух толлур бу прокуратуран белхахоша. Мархийн бутт карабеачхьана мехаш дистина бохуш, дийцаредаьккхина Интернетехь а, социалан машанашкахь а. Меттигерчу бахархоша тIечIагIдо, бежанан жижиган мах 290 соьме баьлла, устагIан жижигах доьху 400 сом бохуш. Иштта билгалдоккху, марзолгийн мехаш а хьалабовлар. Хьалхо прокуратуран белхахоша сацийра 43 туьканахь хан тIехъялийтина сурсаташ йохкар... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Якубко: в декабре все опять будут плеваться от календаря РПЛ, но это легко можно исправить


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

16-летняя теннисистка Андреева обновила рекорд турниров WTA-1000


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Ключевой аспект успеха: как построить долгие и хорошие отношения с клиентом





Путин в России и мире
Москва

Собянин: к 2030 году на долю Москвы придется 35–40% туристов в России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Тимати

Маркетолог Родочинская: новая девушка Тимати копирует Решетову ради бизнеса



Москва

«Раз в сто лет они приходят». На Поклонной горе выставили трофейную технику

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net