Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 23.05.2019

Бехктакхаман гIуллакхехула Муцольгов леван дагахь бу талламхой

Radiomarsho.com 

"Машр" бакъонашларйон юкъараллан куьйгалхо Муцольгов Мохьмад леван тIекхайкхина талламан комитетан белхахоша, хаам бо "Обзор" зорбанан гIирсо. Цуьнга цу хьокъехь цуьнга кехат дахьийтина, бехктакхаман гIуллакхехула тоьшаллаш дан дезаш хиларх лаьцна хаам беш. Цул хьалха гIалгIайн юкъараллан жигархо маситтоза тIекхайкхинера низамаш лардечу органаша, административан гIуллакхаш къастош теш санна.

Бексултанов Муса. Эладита

Radiomarsho.com 

БЕКСУЛТАНОВ Муса Эладита Цхьана сарахь хьаша цхьа юьрта чувулу машенахь. Юрт – ломан юрт хуьлу, даккъашкахь, Iин чохь Iуьллуш, шеран коьртехь, наггахь бен, воьду-вогIу стаг а ца кхочуш. ЦIенош дIасакхиссина ду, малх, бутт санна, ген-генахь. Машен Iаьржа, еха ю, инзаре-хаза, кура машен, юьртахошна цкъа а гина а йоцу, хуьлу олуш, хезна а йоцу, кура, еха, еза машен. Куьзганаш а ду, Iарждина, гуш. Чохь Iачу стеган аьрру пхьарс Iуьллу парггIата охьадаханчу куьзгана тIехь. Стаг дIаса а ца хьожу. Читать дальше...

26 гIалгIа политикан тутмакхийн тептаре язвина

Radiomarsho.com 

Загидова Марьям ГIалгIайчуьрчу бакъоларъярхойн "Машр" юкъаралло политикан тутмакхийн могIарашка язвина Магасехь Зазадоккху-беттан 26-чохь гулам хIотторна лаьцна кхобу 26 жигархо. Нохчийчоьнца шайн махко дозанаш къастош бинчу бертанна реза бац уьш. Цул сов, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке дарж дита а баьхна цара. Гуламна дуьхьал - бекхам Протест айарна бехктакхаме ийзочийн цIерш йоху "Машро". Политикан тутмакхийн статус къастийна царна. Ткъа гIуданаш а тоьхна, маьрша битинчех олу юкъаралло "репрессеш лайна нах". Читать дальше...



Тухуговна а, Нурмагомедовна а дина таIзар малдина Невадерчу атлетикан комиссино

Radiomarsho.com 

Iамеркерчу Невада штатан атлетикан комиссино хийцина UFC латархошна Тухугов Зубайрна а, Нурмагомедов Абубакарна а дисквалификаци яр хьокъехь ша бина сацам. Царна UFC чемпионатехь латар доьхкуш кхайкхийна хан яцйина комиссин декъашхоша 35 денна. UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба комментари йина цу сацамна Инстаграмехь. "Тхо кийча а ду, тхо тIелеташ а ду, Инша АллахI", - яздина цо шен агIонехь. Невадерчу комиссин сацамо бакъо ло Тухуговна а, Нурмагомедовна а кхушара Гезгмашин-баттахь Цхьаьнатоьхначу... Читать дальше...

Лоьраша харц диагноз хIотторна стохка 22 эзар стаг велла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

2018-чу шарахь беллачу нехан 469 дакъа этIийна Оьрсийчохь. Патологоанатомаш дийцарехь, царах 5% белла лоьраша харц диагноз хIотторна. И терахь ду 22 эзар гергга стаг, хаам бо Hightech.fm сайто. Цу зорбанан хьастано билгалдаккхарехь, лоьраша гIалаташ довлийтина меттигаш кхин а алсам ю, хIунда аьлча цхьайолчу регионашкахь бакъо ца ло веллачу стеган дакъа этIо. Болчу хаамца, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а цхьа а дакъа ца этIийна 2018-чу шарахь, Москох 50 эзар сов цу тайпа процедура еш.

Кадыровн Германерчу векало варе бина нохчий, уьш цIахьовсор хиларх

Radiomarsho.com 

Даймахкахь шаьш хьийзош хиларан тоьшалла дало гIорасиз хилла нохчий цIахьовсор бу Германера. Цунах лаьцна дIахьедар дина Нохчичоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Германехь официалан векал волчу Дугазаев Тимура, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цу стага дийцарехь, Европерчу пачхьалкхехь шайна тховкIело йоьхуш "цхьаболчу наха доцург дуьйцу, Нохчийчоьнан куьйгалло я низамаш лардо органаша нах хьийзош хиларх лаьцна".   "Миграцин сервис кхузахь вуно дика болх беш ю. Тоьаш дац, схьа а веана, со хьийзош ву аларх. Читать дальше...

Нурмагомедовн менеджер ца теша Кадыровс ЛГБТ-н декъашхой хьийзабо бохучух

Radiomarsho.com 

UFC латарехула турниран чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан менеджеро Абдель-Азиз Iелас дIахьедар дина, ша ца теша аьлла, Нохчийчохь ЛГБН-н юкъараллан декъашхой Кадыров Рамзанан лаамца хьийзош бу бохучух. Цунах лаьцна яздо "Чемпионат.com" сайто. Цу хаттарна вевзаш волчу ММА латарехула менеджеро жоп делла MMA Fighting ютуьб-канало деллачу хаттарна.  "Журналистийн Iедал ду совнахниг дуьйцуш. Суна цхьа а хIума ца хаьа Кадыровс муха тIеоьцу бохучух гейш я гейш боцурш. Сайна ца гиначух ца теша со", - аьлла Абдель-Азиза. Читать дальше...

"Депортацин инициатор Сталин ма вацара!"

Radiomarsho.com 

Нохчийн зудчун-коммунистан Умалатова Сажин дахарх кино яккха тарлора – депортацехь дуьненчу яьлла, Соьлжа-ГIаларчу "Красный молот" заводехь сварщикан болх бина ю иза, депутат лаьттина, Горбачев Михаиле дарж охьадиллийта гIерташ, дера къамелаш дина а ю, иза хийцинчу Ельцин Борисна критика а латтийна цо, Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Советехьа гIо даьхна а ю. Тахана а жигара политикан дахарехь ю Умалатова – "Партия мира и единства" цIе йолчу партин куьйгалхочун статусехь йолчу цо дакъалоцу Путин Владимирехьа хIитточу митингашкахь... Читать дальше...

Нохчийчоь "Газпромана" декхарелахь ю 16 гергга миллиард сом

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу регионийн газах дIадаланза долу декхар 2018-чу шарахь тIекхетта 10 процентана, хаам бина кхаарин дийнахь "Газпромо", яздо ТАСС агенталло. Цу компанино дийцарехь, дерриг а декхаран барам бу карарчу хенахь 93,9 миллиард сом. "Газпромо" чIагIдарехь, цунах доккхаха долу дакъа - 68,6 миллиард сом такха декхарелахь бу Къилбаседа Кавказера бахархой, ткъа йовхо латточу компанеша газах шайна тIехьарчийнарг ду 15,8 миллиард сом. Къилбаседа Кавказерчу регионашна юкъахь хьалхарчу 3 меттехь ю Дагестан (46,1 млрд сом)... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Хоккейный клуб из Балашихи выиграл Кубок Регионов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублёв: быстрая победа над Грикспором связана с тем, что хотел быстрее уйти с корта


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Ключевой аспект успеха: как построить долгие и хорошие отношения с клиентом





Путин в России и мире
Москва

Президент России Владимир Путин подтвердил проведение XVI Международного военно-музыкального фестиваля «Спасская башня»


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Антонина Арталевская

звезды шоу-бизнеса посетили весеннюю неделю моды estet fashion week



Москва

"Противостояние только начинается": Россия и Китай ударили США под дых?

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net