Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 07.05.2019

"Мехкарийн" таксеш гучуевлла Соьлж-ГIалин урамашкахь

Radiomarsho.com 

Леррина зударий дIасалелон таксин сервис болх бан йолаелла Нохчийчохь. Машенашна урхалла дийраш а бу зударий. Цкъачунна Соьлж-ГIаларчу урамашкахь гучуяьлла "Мехкарийн" компанин 5 машен. Гергарчу хенахь церан терахь алсамдоккхур ду 20-га кхаччал, хаам бо "Грозный" телеканало. Дийцарехь, Нохчийчуьрчу зударийн таксин компанино шен филиалаш схьайоьллур ю ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а. Болчу хаамца, цу таксешна тIехь болх бан дIаоьцу лаххара 3 шарахь машен лелийна стаж йолу зударий. Уьш чекхбовлу компанин инструкторан экзаменах... Читать дальше...

"Харцо кхин ловр яц ас". Казахстанера протестхой

Radiomarsho.com 

ЭГЕМБЕРДИЕВА Жазгуль ОРАЗБЕКОВА Шолпан ЭНГЕЛЬГАРДТ Павел   Еарийдийнахь хинболчу президентан харжамашна дуьхьалбовларна, бахначу баттахь лийцира Казахстанера жигархой. Изоляторера мукъабовлуш бу уьш хIинца. Лайначу таIзаро ца хийцийтина цаьрга дог-ойла - шаьш дуьхьал ду харжамашна, чIагIдо цара. Алматахь хIора шарахь хуьлучу марафоне, карахь "Бакъдолчух идина вер вац", "Сан харжа бакъо ю" аьлла кечйина баннерш а йолуш, баьхкинчех пхи стаг лецира полицино. 15 де-буьйса даккхийтира изоляторехь Тулесова Асияга а, Толымбеков Бейбарысе а. Читать дальше...



"Оха гучубохур бу церан аьшпаш". Жоьпе кхайкхина Оьрсийчуьра телеканалаш

Radiomarsho.com 

Волчек Дмитрий Лондонехь 2006-чу шарахь вийначу Литвиненко Александран зудчо Литвиненко Маринас а, вийначун доттагIчо Гольдфарб Александра а кхеле елла Оьрсийчуьра ши телеканал – "Хьалхарниг" а (Первый), Russia Today а. Стохка гурахь Нью-Йоркерчу кхеле арз чуделла Гольдфарба. Ткъа Маринин, иза Британера хиларе терра, аьтто бац Iаьмеркан Штатийн кхеле арздан, амма иза дагахь ю Гольбфарбехьа тоьшалла дан. "Аьшпаш баржорна таIзардан догIу. Оьрсийчоь шен пропагандица а, фейк-керланашца а йохо гIерта Малхбалера демократи, олу кест-кеста. Читать дальше...

Оьрсийчохь дош лелачу губернаторийн рейтингехь 2-чу меттехь ву Кадыров

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу регионийн  дош лелачу куьйгалхойн рейтинг арахецна Стигалкъекъа-беттан 6-хь Политикан а, экономикан а коммуникацийн агенталло. Цу талламца а догIуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вусуш ву Оьрсийчохь уггар Iамкаме болчу регионийн куьйгалхойх цхьаъ. Иза шолгIа меттиг дIалоцуш ву, хаьлхарчу меттехь волxу Москох мэрна Собянин Сергейна тIаьххье. КхоалгIачу меттехь ву цу рейтингехь ГIезалойчуьнан президент Минниханов Рустам.

Шемахь йолчу кхаа зудчун дуьхьал таллам болийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакхаш долийна Шемахь йолчу цу республикерчу 19 а, 22 а, 27 а шераш долчу кхаа яхархочун дуьхьал. Талламхойн версица, 2014-чу шеран Лахьанан-баттахь дуьйна 2015-чу шеран Стигалкъекъа-батте кхаччалц йолчу хена чохь и кхоъ Шема дIаяхана, терроран тобанаш лелочунна юкъахь дакъалаца. ТIемалошца ехаш цу кхаа зудчо гIо дина царна, царах дIакъаста а ца гIоьртина уьш. Болчу хаамца, цу кхаа зудчун дуьхьал тоьшаллаш гулдина Федералан кхерамазаллин сервисан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахоша.

Кхачанан сурсаташ чохь долу гIишло йогуш ю Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Кхачанан сурсаташ чохь латто гIишло йогIуш ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло, Нохчийчуьрчу орцаллан министраллан векална тIе а тевжаш. "Нохчийчоь тахана" агенталло яздо йогург канцелярин сурсаташ латто чоь ю бохуш.  ЦIе яьлла Старопромыслан шоссе урамехь йолчу гIишлонах. Ерриг а йогуш ю 400 еакъов метр чоь. ЦIе дIайойуш дакъалоцуш ву орцанан министраллан 30 белхахо, цара лелош ю 7 техника. Велла а, лазийна а, вагийна а стаг вац. ЦIе яларан бахьана цкъачунна хууш дац.



ЦIоз гучудолуш ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Грозненский а, Гуьмсан а, Шелковскойн а кIошташкахь цIоз даржа мегаш ду аьлла дIахьедар дина республикерчу юьртабахаман министралло. Говзанчаш дийцарехь, охана деш карийна цӀезан хIоаш. Цара бинчу хаамца, царах нӀаьвцицигаш хилар долало Стигалкъекъа-беттан хьалхарчу 10-20 дийнахь. Цул тIаьхьа цхьа бутт ах бутт балале тIемаш довла царна. ТIаккха жигара долало цIоз, дийнахь-бусий 100 километр гергга некъ а беш. Юьртабахамхоша билгалдоккху, цIаоз маситта кIиранах бен дехаш цахилар.... Читать дальше...

Мархийн бутт болабаларца мехаш хьалабевлла Нохчийчохь -- Кавказский узел

Radiomarsho.com 

Цхьадолчу кхачанан сурсатийн мехаш хьалабевлла Нохчийчохь Мархийн бутт болабаларца. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело", меттигерчу бахархошна тIе а тевжаш. Ишшта, цхьана яхархочо дийцарехь, церан луларчу туьканахь бежанан жижиган мах хьалабаьккхина цхьана туьманна – 280 соьман тIера 290 соьме. УьстагIан жижиган мах цкъачунна хийцабелла бац - 400 сом. Кхечу туьканахь 2 туьманна язйелла кемпеташ. "Кавказский узело" яздарехь, меттигаш ю, Мархийн бутт тIекхачарца доьзна, мехаш охьадаьхна а. Масала... Читать дальше...

ЗаьIапхоша гIо до заьIапхошна

Radiomarsho.com 

Оьшшучу дIа а йоьдуш, Нохчийчуьрчу заьIапхойн гIудалкхаш тойо Мохьмада а, ИбрахIима а, Донецкерчу тIамах ведда уьш болчу веъначу церан доттагIчо Валерас а кхоьллинчу пхьалгIано. Оьшу гIирс цара эцна цхьана сагIадечу компанин ахчанах. И ахча-м кхачийна тоххара, амма бац сецна церан болх. Шаьш некъанна харжаш а еш, лела пхьераш-заьIапхой шайх террачийн гIудалкхаш тоян. Хьалхо еллачу грантах бисина гIирс бу цаьргахь цкъачунна.

Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан спортхойн пхьалгIа

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан хин-кеманийн спорт яхчало Нохчийчуьрчу хиш тIехь, къаьсттина Къоьзан-Iома тIехь. Амма карарчу муьрехь рогIера хьеший тIеэцнарг ю Соьлж-ГIалин Iоман комплекс. Хьешаша Маршо Радионе дийцарехь, кестта хуьлучу къовсадаларшка баха, Iамораш тоьллачу хьелашкахь дIадахьа таро елла царна Нохчийчоьно.

Министр Цихелашвили цхьаьнакхетта ПIаьнгазарчу бахархошца

Radiomarsho.com 

Махкахойн цхьатерра бакъонаш хилийтаран а, маслаIатан а хаттаршкахула пачхьалкхан министр Кетеван Цихелашвили хилла оршотан дийнахь ПIаьнгазарчу Джоколо эвлахь. Меттигерчу бахархошца цо дийцаре дина цу кIоштахь хIоьттинчу хьолаца доьзна цхьамогIа хаттарш. Болчу хаамца, цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара ПIаьнгазан чIожехь бехачу нохчийн къаной а, зударийн кхеташонан декъашхой а. Дагадовларш дIадахьаран бен кхин некъ бац, ницкъ бар я Оханан-беттан 21-чохь хилларг саннарг лело мегар долуш дац аьлла, дШахьедар дира Гуьржийчоьнан министро. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Легионер "Локомотива" Ньямси: в Москве жизнь дешевле, чем в Париже


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева обыграла Вондроушову в третьем круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве





Путин в России и мире
Москва

Дугин в интервью Такеру Карлсону: "Путин — это традиционный лидер"


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Тимати

Мама Тимати прошлась по интервью Шишковой: «Смотреть было брезгливо, но Аленка молодец»



Москва

Мизулина заявила, что флаг России на концерте Hofmannita был лишним

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net