Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 27.05.2019

ГIалгIайчуьра хьал листа ца ларийна Матовников?

Radiomarsho.com 

Загидова Марьям Къилбаседа Кавказан федералан гонна коьрте Матовников Александр хIоттийна шо гергга ду. Оцу хена чохь иккхина ГIебарта-Балкхоройчуьрчу Кенделенехь конфликт, цо болхбечу беттанашкахь лецна Кхарачой-Чергазийчуьра АрашуковгIар, иза даржехь а волуш гIевттира протестан акцеш ГIалгIайчохь.  "Кавказ.Реалиино" хаьттира эксперташка, муха мах хадабо цара керла хIоттийначу политикан векалерчу таронийн. Массанхьа а - ницкъхой "2018-чу шеран Мангал-баттахь лаккхарчу эпсаран даржашкахь Iийна эскархо (30 шарахь "Альфа" тобанехь ... Читать дальше...

ДаIишхошлахь хиларна 12 шо хан тоьхна гIалгIана

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан гонашкарчу тIеман кхело 12 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Агиев Исмаилна. Иза бехкевина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъашхойн гIуллакхашна юкъахь хиларна. ДаIишхойн декъан куьйгалхочун гIаттамхошца цхьанакхетарш вовшахтухуш лелла Агиев, ишта шен машенахь иза дIаса а лелош аьлла, тIечIагIдина кхело. Кхелан пресс-гIуллакххоша хаамбарца, тобан жигаралла сецна хилла  2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чохь цуьнан хьалханча а, цхьа могIа декъашхой а хIаллакбинчул тIаьхьа. Читать дальше...



Лионехь эккхийтар динарг ву аьлла, шеконашца жимстаг лаьцна Францехь

Radiomarsho.com 

Дахначу кIиранах Лионехь 13 стаг а вуьйш динчу эккхийтарна бехке ву аьлла хеташ стаг лаьцна полисхоша Францехь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа бина иза лацарх хаам. Парижерчу прокуратуран антитерроран урхалло тIаьхьо бинчу хаамца, оршотан Iуьйранна шеконашца дIалаьцна 24 шо долу жимстаг. Цуьнан ДНК-н лараш карийна полицина эккхийтар динчу меттигехь. Стигалкъекъа- беттан 24-чохь Лионерчу Гюго Викторан урамехь дира эккхийтар. Кхаа дийнахь лехнера полисхоша зуламхо. ТIаьххьарчу хаамашца... Читать дальше...

Лаьмнашкара лор

Radiomarsho.com 

Москох ша дешна яьлча, яха а, болх бан а Кубачи юхаеана къона лор. Стенна? Дагестанерчу Дахадаевн кIоштарчу Кубачи юьрта боьду некъ ах асфальтан бу, ах – тIойн.   Уркарах, кIоштан шахьара, 16 чаккхарма бен юьстах яцахь а, догIа, дохк лаьттачу деношкахь вуно хала хуьлу Кубачи кхача – чхарнашна юккъехула хьалаболу, охьабуссу, голаетта некъо. Аьхна хIо, тайна Iалам ду кхузахь. Амма хи дац юьрта далийна хIинца а. Бедар йитта, чуьра гIуллакх дан гулдо догIанан хи, ткъа молу хи юьртан гIу чуьра дохьу. Читать дальше...

Наьсарарчу "Красный крест" организацин офис дIакъевлина полисхоша

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь куп тоьхначу дуьненаюкъарчу "Красный крест" организацин  офисе баьхкина полисхой. Меттигерчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана бахарехь, Наьсарара "Красный Крест" организацин гIишло гоне ерзийна бронетехникаца, неIаршкахь ха ду хIоттийна, офис чу вохуьйтуш стаг а вац. "Фортанга.орг" хьостано яздарца, чохь йисина оранизацин ши белхахо Орцханова Залина а, Цокиева Лидия а. Дуьххьара дац боху Муцольговс организацех хьовсу. Охан-беттан юьххьехь, протестийн боламийн... Читать дальше...

"Суна массо а нахана гIо дан лаьа"

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу миграцин юкъаралло (IOM) а, Австрерчу нохчийн жигархоша дIаяьхьира нохчийн кегийрхошца ша-башха проект. 15-18 шераш долчу кегийрхоша цу проектехь дийцира шайн Iер-дахарх а, Австрерчу юкъараллаца шайн йолчу уьйрех а, Нохчийчоьнна шайн сагатдаларх а лаьцна а. Цу дийцарийн бух тIехь цара шайх лаьцна йоца документалан филмаш ехира. Проектан жамIашкахь Венехь даздарш дIадаьхьира, филмийн авторш а, проектан куьйгалхой а болуш дакъалоцуш. БIе сов хьеший а гулбеллера Австрин коьртачу шахьарахь нохчийн кегийрхой декъалбан. Читать дальше...

Кабулехь динчу эккхийтарехь 10 стаг лазийна

Radiomarsho.com 

Оршотан дийнахь ОвхIанистанан шахьарахь динчу эккхийтарехь лазийна 10 пачхьалкхан белхахо, хаамбина овхIанан Iедалхоша. ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро дIахьедарца, эккхийтар дечу хенахь микроавтобус чохь хилла балха боьлху динан гIуллакхашкахула йолчу урхаллан белхахой. Чевнаш йинчех цхьаъ ледарчу хьолехь ву. Хаамбарехь, микроавтобусах йоьллина хилла оьккхуьйтург. Цкъачунна цхьана тобано динчу зуламах жоьпалла тIелаьцна дац, амма Кабулехь хьалха дуьйна а тIелатарш дира "Талибан" боламо а... Читать дальше...



Кремл: украинхойн хIордахойн гIуллакх оьрсийн кхело луьстур ду

Radiomarsho.com 

Аннекси йинчу ГIирман бердашкахь лецначу Украинан хIордахой маьршабахарх Кремлан позици хьалхалерра ю. Талламчаша а, кхело луьстур ду церан гIуллакх аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Катоххий хIордахой маьрша а бахий, церан дIалецна Украинан тIеман флотан кхо кема юхало аьллачу ООН-ан Дуьненаюкъарчу трибуналан сацамах  "Ведомости" газете ишта комментари йитина Песковс. Украинан президентна Зеленский Владимирна хетарехь, ООН-ан трибуналан хIордахой а, церан кеманаш а маьрша даха аьлла... Читать дальше...

Рак эшайо шайн дарбано, боху Iамеркарчу Iилманчаша

Radiomarsho.com 

Ульянова Наталья Настоящее Время                                                                                                    (Карара Хан) Дейоьхьашна кхетта рак юхайоккху шаьш кхоьллинчу молхано, аьлла даржийна Джефферсонан а, Джефферсон Томасан а университеташкарчу Iилманчаша. Рак-лазар лоцучу дегIан меженех кхоалгIачу меттехь ду дейоьхь. 2018-чу шарахь 1,8 миллион стагна хIоттийна лоьраша и тайпа диагноз. Дейоьхьашна кхеттачу раках ле 51020 Iамеркахо хIора шарахь. Iилманчаша дIахьедина... Читать дальше...

Путин "КIордийначу" жигархочунна юха а тIелатар дина

Radiomarsho.com 

"КIордийна", "Путин, дIагIохьа" тIеяздина плакаташ карахь Волгоградехь цхьаалин пикет хIоттийначу Тихенко Галинина юха а новкъарло ян гIоьртина. Цуьнан карара кехаташ схьадаха гIоьртина хилла, мила ю ца хуу зуда, хаамбо Свобода Радион корреспонденто. Изза баннерш а, Донбассера тIом сацабар дехар а ца тайна зудий-майрий тIелеттера Тихенкона Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь. ТIаккха полицига хаамбинера жигархочо. Амма цигахь дуьхьалойина хиллера бехкзуламан гIуллакх делла. Жигархочунна хетарехь,... Читать дальше...

Францин экс-президентна кIело кечъеш хилла аьлла, нохчо дIалаьцна

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан хилла президент Олланд Франсуа вен Iалашонца кIело кечъяр юкхахдаккха аьтто хилла Францин къайлахчу сервисийн. Меттигерчу BFM телеканало бина цунах хаам. Кху деношкахь дIалаьцна Страсбургехь веха 16 долу нохчийн Хьамид С. цIе йолу кIант. Социалан машанехь оцу кхиазхочо зорбане даьккхина хилла Олландан сурт "Шемахь кеман тохарш долоран коьрта бахьана иза дара" аьлла, билгалдоккхуш. Шен вешига телефонехула динчу къамелехь цо аьлла хилла, экс-президент "тIелатар дан дика Iалашо ю". КIанта... Читать дальше...

Лаьцна латтийна гIалгIайн жигархо маьршаваьккхина

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь протесташ йоьлхучу хенахь полисхошца хиллачу тасадаларшкахь дакъалаьцна ву аьлла, СИЗО-хь латтош хилла жигархо Ажигов Адам араваьккхина, шен цIера дIасавадар а доьхкуш, яздо "Медиазонас", адвокатна Беков Мохьмадна тIе а тевжаш. Ажигов ницкъахошна тIелатарх тоъал тоьшаллаш ца хилла талламчийн, цундела таIзар малдинчух тера ду аьлла, тешна ву адвокат. Хьалхо иштта бехкам а беш, маьршаваьккхира СИЗО-ра Мужахоев ИбрехIим а. Зазадоккху-беттан 26-чохь ГIалгIайчоьнан оппозицино Iедалшкара... Читать дальше...

Оьрсийчуьра берийн ансамбл Гуьржийчу кхайкхина дешаран министр дIаяьккхина

Radiomarsho.com 

Аджарин премьер-министро Рижвадзе Торникес даржера йохийна регионерчу дешаран, културан, спортан министр Шамилишвили Инга. Дийцарехь, бахьана ду - Гуьржийчоьнан йозуш цахилар даздечу дийнахь Оьрсийчуьра еанчу берийн ансамбло Батумин урамех чекхбийлар "Оьрсийчоь, Оьрсийчоь" бохуш, маьхьарий а детташ. ТАСС агенталло бина и хаам. "Таханалерачу денца суна вай массо а декъалдан лаьа, уггар а хьалха. Кху дийне кхача гIерташ вайн дайша къийсам латтийна, делахь а, вайн йозуш цахиларе къийсам тахана а дIахьош бу вай. Читать дальше...

Узбекистанан президентан невцарша хьошалла дина Нурмагомедовна

Radiomarsho.com 

Узбекистанан президентан Мирзияев Шавкатан невцаршца цхьана даьккхина сурт зорбане даьккхина Инстаграмерчу шен пена тIехь UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. КIирандийнахь хIоттийначу постехь  гоьваьллачу спортхочо баркалла аьлла хIусамдайшна, шена хьошалла дарна. "Баркалла шуна, Вежарий @oybek.b.tursunov @otabek_muhammadalievich,  оццул веза со тIеэцарна. Ташкентехь шийло ю, амма ифтарна кечдинчу довхачу Самаркандан дугано вохво", - яздина Нурмагомедовс. Дагестанера схьаваьлла Нурагомедов Хьабиб – UFC-н чемпион ву. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Личка — о самой дорогой покупке в Москве: два дня назад решил купить самокат за 60 тысяч рублей


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Касаткина проиграла Путинцевой и не смогла выйти в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

6 городов России, где можно увидеть белые ночи кроме Санкт-Петербурга





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Булат Окуджава

В Австралии отметили столетие Булата Окуджавы



Москва

Автор проекта "Великое наследие" создает уникальные энциклопедии

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net