Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 29.09.2018

140 де дуьзна тутмакха Сенцов Олега мацалла хьоьгу

Radiomarsho.com 

Мацалла хьоьгу 140 де дуьзначу Украинан режиссеран Сенцов Олеган керла сурт Iорадаьккхина Ямало-Ненецкерчу таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалло (ФСИН). Лабытнанги гIалин дарбан цIийнехь даьккхина ду сурт. Официалан хаамашца, Сенцовн могушалла цкъачунна цхьана эшшарехь ю. Украинан Лакхарчу Радано адамийн бакъонашна тIехь Iуналла латто векал йинчу Денисова Людмиле еаридийнахь кехат яздина Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонашларъяран кхеташонан (СПЧ) коьртехь лаьттачу Федотов Михаила тутмакхерчу хьолах хоуьйтуш. Читать дальше...

Донецкехь динчу эккхийтарехь виъ стаг лазийна

Radiomarsho.com 

Сепаратисташа доладечу Донецкехь эккхийтар дина шоьтадийнахь. Веа стагана чевнша йина кеп-кепара. Ву царлахь ДНР-н (Донецкан Халкъан Республика) куьйгалле хьалхатеттина Хакмиязов Игорь а. Меттигерчу "политикан партин" съезд йоьдучу гIишлочохь дина эккхийтар. "Съездо шен болх берзийна, делегаташ чуьра арабовлчучу заманчохь дина эккхийтар", - хаамбо Украинерчу зорбан агенталло. Байначу беттан 31-чу дийнахь "Сепар" олучу ресторанехь динчу эккхийтарехь вийра Донецкерчу администрацин куьйгалхо Захарченко Александр. Читать дальше...

С-300 оьрсийн ракеташ Шема дехьадохуш ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийн С-300 олу ракеташ Шема дехьайохуш ду. Оьрсийчоьнан хIаваан, космосан Ил-20 кеманца инцидент хиллачул тIаьхьа йолийна уьш дехьадаха аьлла арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс, президентан Путин Владимиран тIе а тевжина. Лавровс чIагIдарца, оьрсийн тIеман урхалло шайн кхечу пачхьалкхашкарчу партнерашна хиллачух ма дарра дIахаийтина хIинцале а, цундела 100 процентна шайн авиацина болу кхерам дIабаккха гIерта уьш. Шемарчу кеманашна дуьхьало латточу ницкъаша шайн Ил-20 кема дохийнашшехь, Москоха Израил бехкейо.



Индонезехь мохк бегийна велла 384 стаг

Radiomarsho.com 

Цунами гIаттош Индонезехь хиллачу мохкбегорехь 384 стаг велла. Терахь де дийне кхиа тарло. Дуккха а гIишлош хIаллакйина, шайлахь маьждиг, йохка-эцаран туька, адамийн хIусамаш а йолуш. ПIераскан суьйранна хилира 7, 4 магнитуда йолуш мохкбегор, яздо Рейтерс агенталло. Хаьдда Палуна а, Дунгалана а юкъара зIе. Палу гIаларчу аэропортехь кеманаш дац гIуьттуш. 350 эзар гергга стаг ву Палухь вехаш. Кест-кеста мохкбегабо Индонезехь.

Полисхошна тIелетта аьлла, хенаш тоьхна Нохчийчуьрчу бахархошна

Radiomarsho.com 

Нажин-Юьртарчу виъ вахархочунна 7 шарна тIера 10 шаре кхаччалц хенаш тоьхна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело, шина полисхочунна чевнаш а еш, тIелатар дарна. "Кавказан узел" агенталло яздира, стохка аьхка Нажин-Юьртахь динчу шина эккхийтарехь Омскера веана ши полисхо лазорах. Талламчаша дийцарехь, оцу эвларчу шовдан йисте полисхой баьхкинчу юкъанна меттигерчу пхеа вахархочо бомба эккхийтинера. Нохчийчьурчу Лакхарчу кхело Дагаев Самиран а, Магомедов Аюбан а, Радуев Iийсан а, Хамзатов Сулимана а бехкхилар тIе а чIагIдина... Читать дальше...

Дагестанан хиллачу куьйгалхочун ваша лаьцна латтош ву

Radiomarsho.com 

Дагестанан дешаран, Iилман, синбахамаллин, кегийрхойн, спортан, туризман гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Абдулатипов Раджаб Лахьан -бутт баллалц лаьцна вуьтуш, сацам тIеэцна кхело. Дагестанан урхалхо лаьттинчу Абдулатипов Рамазанан ваша ву иза. Республикерчу медицинан, социалан экспертизан бюрон белхахошца цхьана кхаьънаш эцна ву аьлла, шеконашца дIалаьцна иза.

Катоххий маьршаваккха Титиев аьлла "Яблоко" партино

Radiomarsho.com 

"Яблоко" партино дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, лаьцна латтош волу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккха аьлла, хаамбо партин куьйгалхочо Слабунова Эмилияс. 180 грамм марихуана яьккхина цуьнгара аьлла, бехкевеш ву Титиев. 10 шо гергга хан кхачайо низамаша цунна дуьхьал яьккхинчу артиклца а догIуш. Бехк тIе ца лаьцна бакъонашларъярхочо. Шен машенчу полисхоша кхийсина ю аьлла, дIахьедина цо наркотикаш. Товбеца-беттан 19-чохь дуьйнна долийна цуьнан довхаттар. Читать дальше...

Нохчийчохь зудчунна таIзар дина беран ледарло ярна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь пхоьалгIачу гIатан корах чудоьжна шо кхаьчна бер. Шен ненан декхарш ледарлонца кхочушдарна бехкбиллина цунна, хаамбо прокуратурано. Оцу урхаллан хаамашца, хIусамчу керла хIо кхетийта кор а диллина, нанас чуьра цхьацца дезарш дечу заманчохь, тергамза дисина бер корах чудоьжна хиллера. Масийтта чевнашца дарбан цIийне далийнера бер. Карарчу заманчохь лоьрийн оьшу дарба а дина, бер дас-нанас цIа дигина. Бехкзуламан гIуллакх ца айдеш, административан жоьпалла тIе а дожийна, дерзийтина гIуллакх, яздо прокуратуран сайт тIехь.

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Азаренко проиграла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Politico: Россия проиграет войну с НАТО, предупреждает Польша (Topmember)


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

«Надо меньше есть!» Певица Ортман раскрыла секрет поддержания хорошей формы



Москва

Режиссер мультфильма «Бременские музыканты» Ковалевская чуть не умерла в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net