Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 11.09.2018

Соьлжа - ГIалин 200 шо кхачар даздан богIучу хьешаша дIаюьзна отелаш

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар дазда богIучу туристийн терахь рекорде даьлла, хаамбо "Нохчийчоь Тахана" агенталло. Отелийн фонд 100 процентна дIаюьзна ю. Хьосташа дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу "The Local", "Грозный-Сити" цIе йолчу уггар а яккхийчу отелашахь тIечIагIдира, дезачу деношна адам  чутаттадаларх. Оьрсийчуьра хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкара туристаш а бу дезачу деношна Нохчийчу богIуш. Iедалхоша чIагIо йина, шахьаран 200 кхочучу дийнахь Соьлжа-ГIалахь туьйранехь санна хир ду аьлла. Оьрсийчоьнан... Читать дальше...

ЙоI ерна шеконашца лаьцна цуьнан нана

Radiomarsho.com 

Дахначу мукъаденошкахь йийна карийначу 6 шо долчу йоьIан Акбулатова Айзанатан нана лаьцна Дагестанерчу талламчаша. Кху беттан 6-чохь Кизил-юртан кIоштарчу Чонтаул эвлахь йоI ярах хаамбира "Кавказ.Реалии" портало. Ткъа кхозлагIчу  дийнахь беран дакъа карийра Хасав-юьртан кIоштарчу Костек эвларчу хийистехь. ЙоI нанас йийна аьлла, шеконаш кхоллаелла талламчийн, шен йоI ярах цу нанас кеп-кепара дийцарна. Нанас бехк тIе ца оьцу, полисхой гIуллакхна гонах талламаш дIахьош бу. Иштта толлуш ду ненера психикан хьал а.

Ненера кехаташ дIа ца кхачадо Клыхе

Radiomarsho.com 

Верхнеуральскерчу набахтехь хан токхучу политикан тутмакхна Клых Станиславна цуьнан нана Клых Тамара тIаьхьа яхийта цхьацца кехаташ кечдеш ю Лакхарчу Радан цIарах адамийн бакъонаш ларъян векал йина Денисова Людмила а, Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралла а. "Карарчу беттан 20-чохь яха дагахь ю нана шен кIант ган. Сайн тергонехь латтош ду ас цуьнан гIуллакх", - аьлла, яздина омбудсмено Фейсбукерчу шен агIонехь, Клых Тамарица къамел хиллачул тIаьхьа. Цул совнах нанас бахарехь, кIанта даредина, шега кехаташ ца кхочу аьлла. Читать дальше...



Бусулбачийн керла шо

Radiomarsho.com 

Тахана долалуш ду бусулба нехан керла шо - хьиджран рузмаца Мухьаррам беттан дуьххьарлера де хуьлу иза. Исламан дезачу деношна юьккъехь дац керла шо, цундела дукхахболчу мехкашкахь даздеш дац иза. 662-чу шарахь Мухьаммад Пайхамара хьиджрат дарх лаьцна хьехамаш бо кху дийнахь маьждигашкахь. Бусулба рузман дуьххьарлера бутт лоруш бу Мухьаррам. Дино бахарехь, керлачу шеран хьалхара бутт адамо дIабахьаре терра хир ду цуьнан дисина беттанаш а.

Теракташкахь белла нах дагалоьцур бу Iамеркехь

Radiomarsho.com 

2011-чу шарахь терроран акташкахь белларш дагалецира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь. Террорхойн "Ал-Къайда" тобанхоша довдийна кеманаш Нью-Йоркерчу а, Пентагонерчу а дуьненаюкъарчу пачхьалкхашлахь йохка-эцар лелочу Центрашна тIекхетаран бахьанашца 3000 стаг велира хIетахь. ДоьалгIа кема Пенсилванехь аренца доьжнера. Iамеркан президент Трамп Доналд кхочур ву тахана Пенсильван Штатерчу мемориалан паркехь хIоттийначу церемони. Цу дийнахь дийна бисинарш а, беллачийн гергарнаш а гуллур бу Нью-Йоркехь йохка-эцаран центр лаьттинчу майданахь. Читать дальше...

Нурмагомедовс сийсазвина рэпер Тимати

Radiomarsho.com 

Ийначу латарийн чемпионо Нурмагомедов Хьабиба кIоршаме жоп делла рэперна Тиматина а, иллиалархочунна Крид Егорна а. Кху беттан 9-чохь Дагестанехь дIакхайкхийна Кридан концерт ца хилийтира, дагестанхоша артистна кхерамаш тийсина. Концерт ца хилла кхаъ хиллачу Нурмагомедовс социалан машанехь дIахаийтинера шен воккхавер. Цуьнан дIахьедар "сонталла" ю аьллера Тиматис. "Шайн лартIехь йоцу концерташ миччахь а, денна а хIиттае, амма сан принцип ю, сайна хетарг ма дарра дIаолуш. Дагестанерчу зударшка а... Читать дальше...

Сенцовн могушалла эшна йогIу

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу набахтехь мацалла кхайкхийначу Украинан режиссеран Сенцов Олеган могушалла де дийне эшна йогIу аьлла, Фейсбукехь хаамбина цуьнан шичас Каплан Натальяс. 121-ра де ду Сенцовс мацаллин протест кхайкхийна. Шега Сенцовс даийтинчу кехат тIехь, цо шен могушалла ледара ю, хьалхалерачу цамгаршна гипоксия тIекхетта аьлла, дийцина Каплана. Иштта шичас дийцарца, "тIаьххьара кехатца весет а дина цо". Хьалхо Сенцовн адвоката Динзе Дмитрийс дIахьедарца, мацалла бахьанехь дагца а, пхенашца а, жаннашца а, доIахца а проблемаш яра цуьнан. Читать дальше...

Граната яьккхина Нохчийчуьрчу вахархочуьнгара

Radiomarsho.com 

Бакъо йоцуш граната латтийна аьлла, бехкевинчу Хьалха-Мартанарчу вахархочунна 1, 5 шой хан тоьхна набахтехь яккха. Аьхка дуьйнна караеана граната шен хIусамехь дIайиллина, латтош хилла цу стага. Оршотдийнахь Хьалха-Мартанан кIоштан кхело цхьа шой, ах шо тоьхна ца Iаш меттигерчу вахархочунна, иштта итт эзар сом гIуда а хьарчийна цунах, хаамбина "Кавказан узел" агенталле Нохчийчуьрчу прокуратурехь. Карарчу шеран ворхI беттачохь республикан дозан тIехь бакъо йоцуш герз, патармаш, лоьлхуьйтурш лелийна 170 зулам даьстина ницкъахоша. Читать дальше...



Немцов вер листинчу талламхочунна совгIат делла

Radiomarsho.com 

Оппозиционер Немцов Борис веран гIуллакх теллинчу тобан куьйгалхочунна Тутевич Николайна Къонахаллин мидал елла. Бакъонан информацин сайте даьккхина цунах Оьрсийчоьнан президентан омра. 2015-чу шарахь Немцовн вер толлучу тобан куьйгалле хIоьттинера Тутевич Николай. Хаамашкахь яздора, Нохчийчуьура схьабевллачу бахархошца доьзначу зуламан гIуллакхашна тIехь зеделларг долуш ву Тутевич бохуш. Пачхьалкхан Думан депутат Ямадаев Руслан вер а теллира цо.

Идлибехь цIий Iанийта дуьхьал ву ЭрдогIан

Radiomarsho.com 

Терроризм эшош ду шаьш бохуш, харцонца Шемарчу Идлибна тIе а летта, цIий Iано дагахь бу пачхьалхкан Iедалхой, президент коьртехь а волуш аьлла, тешна ву Туркойчоьнан урхалхо ЭрдогIан Реджеп. Iамеркан The Wall Street Journal газетан агIонерчу шен артикл тIехь ЭрдогIана билгалдоккху, и зулам ца хилийта жоьпалла цхьатерра Малхбузена а, Оьрсийчоьнна а, ГIажарийчоьнна а тIехь ду аьлла. Асадна бехкбуьллу туркойн президенто, "кхо миллион гергга бахархой бехачу Идлибна шен агIончашца тIелата кечваларна". Читать дальше...

Нохчийчоь а, Урдуне а юкъахь кхио дагахь ю туризм

Radiomarsho.com 

Гуманитаран а, туризман а сферашкахь юкъарлонаш лело дагахь ю Нохчийчоь а, Урдуне а. Дийцарш дан Нохчийчу кхаьчна Урдунерчу Хашимитан Паччахьаллин делегаци. Делегацин коьртехь волчу элас Бен Iела Бен Найеф Мохьаммад Iаббаза билгалъяхна шаьш юкъахь кхиор йолу агIонаш: энергетика а, логистика а, медицинан туризм а, гуманитаран сфера а. Экономикан а, йохка-эцаран а министраллан куьйгалхочо Идрисов ИбрехIима билгалдаьккхина, Нохчийчоьно а, Урдуно а дукха хенахь дуьйнна гергарлонаш лелош хилар. ... Читать дальше...

Устрада-гIаларчу вахархочуьнгара 500 грамм героин яьккхина полисхоша

Radiomarsho.com 

Устрада-гIаларчу 53 шо долчу стагера 500 грамм героин яьккхина полисхоша кIирандийнахь.Оперативан информаци а кхаьчна, талламашка арабевллачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша дIалаьцнера и стаг. Лаьцначо мукIарло дина, кху аьхка ша и героин эцарх а, Оьрсийчоьнан цхьана регионехь юхайохка Iалашо а яра шен аьлла. Карарчу заманчохь талламаш болийна оцу гIуллакхна гонах.

Венехь вайначу нохчочун дакъа карийна

Radiomarsho.com 

Дахначу кIирандийнахь 17 шо долчу Мантаев Мохьмадан дакъа карийна Дунай хинан татол чохь. Цуьнан гергарчу нахах волчу стага бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Цхьа кIира а дара Мантаев вайна, Австрин полисхоша лоьху. Венерчу нохчийн диаспоран векалша социалан машанашкахула а даржийнера вайначун сурт. Мантаевн мобилан телефонехула цуьнан лар лехнера полисхоша. Билгалдаьллера иза тIаьххьара кху беттан 3-чохь телеофонан зIенехь хиллийла Дунай хина герггахь. Цул тIаьхьа лехамашка бевллачу орцанхошна карийна цуьнан дакъа хи чохь. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Как Рыбакиной стать второй ракеткой мира: расклад от WTA


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Москве в парке нашли труп мужчины





Путин в России и мире
Москва

Поведение Путина вызвало резонанс, потерянные в 90–е заводы возвращаются РФ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Концерт

Концерт ко дню адыгского флага привлек молодежь Черкесска



Москва

Посол Армении в ЕС не увидел угроз для РФ в сближении Еревана и Брюсселя

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net