Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 27.09.2018

Amnesty: Туркойчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар дуьхьалдаккха ЭрдохIанна

Radiomarsho.com 

Германин Iедалшка кхайкхамбина дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино, Туркойчоьнан президентца цхьанакхетарехь цуьнан пачхьалкхехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх дийца аьлла. Германерчу организацин декъан инарла секретара Беко Маркуса "бехкбоцуш лецна латточарна" тIехIотта еза Берлин аьлла. Deutsche Welle хьостано бина и хаам. Европан адамийн бакъонийн конвенци лар а еш, бакъ-кхел политикан гIирс санна лелор а ца дитахь, Хонкарас догдаха а ца оьшу аьлла цо, дуьненан юкъараллаца юкъаметтигаш дика хир ю шайн аьлла. Читать дальше...

Нуьцкъаша цирке даха билеташ тIеэгийна хьехархошна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу школашкарчу хьехархоша латкъамбина дешархошна лерина цирке масийтта билеташ эцар тIедожийна шайна аьлла. Берийн дайша, наноша дийцарехь, цу кепара харжаш яр кест-кеста нисло шайн аьлла. "Масех де хьалха декхаре дина тхо цирке билеташ эца. Цхьана билетан мах – 600 сом бу. ХIора классан цIарах кхоккха билет тIедожийна тхуна, и хуьлу 1800 сом. Классан куьйгалхочун декхар ду и. Тхан алапашца дуьстича доккха зен ду и. Цундела дайшка, наношка орца деха декхарийлахь дуьсу тхо", - аьлла... Читать дальше...



Пенси воьду хан тIетухуш низам тIеийци

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думано кхолгIачу тIаьххьарчу ешарехь а тIеийци Оьрсийчохь пенси воьду хан тIетоха магон низаман проект. Де хьалха чекхъяьккхира иза шолгIачу ешарехь. ХIетахь депутаташ тIетайра президенто Путин Владимира бинчу хийцамна а. Цуьнца а догIуш, 60 шо кхаьчначу зударийн бакъо хир ю пенси баха, ткъа божарийн 65 шо дуьзначул тIаьхьа. ТIейогIучу заманчохь Федерацин Кхеташоно а, Оьрсийчоьнан президенто а куьйгаш яздан дезар ду оцу низамна.

Къевлинчу рожехь довхаттар долийна Титиевн

Radiomarsho.com 

Тахана, еаридийнахь Шела кIоштан кхелехь къевлинчу неIаршкахь йолош ю бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь кхеташо. Кху беттан 20-чохь кхи дIа довхаттар къевлинчу рожехь дIадахьа деза аьлла, прокуроро чукховдийна документ тIечIагIдира суьдхочо Зайнетдинова Мадинас. Къевлинчу неIаршкахь хIинцале а хеттарш дина кхаа теше. Верриг левинарг ву 60 теш. Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" декъан куьйгалхо Титиев Аюб. Иза бехкево, баккхийчу барамашкахь марихуна яьккхина цуьнан машенчуьра аьлла.

ГIалгIайн парламентан спикер хийцина

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун администрацин урхаллехь лаьттина Яндиев Мохьмад мехкан парламентан спикер хаьржина аьлла, зорбане даьккхина "Интерфакс" агенталло. Хьалхо "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъан делегаташа хенал хьалха дIаяьхьначу  конференцехь хьалхатеттинера Яндиевн кандидатура. 106 делегатах 60 кхаж теснера цунна. Кху деношкахь ГIалгIайчоьнан премьр-министр лаьттина Евлоев Зеламха вара хIинццал парламентан спикеран даржехь. 58 шо ду Яндиевн, шина беран да ву иза.

Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхи тIе а чIагIъяр дехна Порошенкос

Radiomarsho.com 

Лецнарш хийцарх шаьш кхийдо некъаш тергамза дуьту Оьрсийчоьно аьлла, дIахьедина Украинан президенто Порошенко Петрос, ООН-ан Инарла Ассамблейн сессехь вистхуьлуш. Ишта президенто дийцина, Донбассерчу сепаратисташна Москоха гIо латторах а, аннекси йинчу ГIирмехь украинхошна тIаьхьабевлла леларх а. Цул совнах, Порошенкос кхайкхамбина, Азовн хIорданера хьал бахьана долуш, Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхи тIе а чIагIъяре. Украинан порташка лела кхечу пачхьалкхашкара кеманаш сецадо Оьрсийчоьно, Порошенкос бахарехь. Читать дальше...

Обарг Зеламха вийна 105 шо

Radiomarsho.com 

Кхайкхаза еанчу харцоно обарг вина, паччахьан Iедало мискачу нахана тIехь латточу Iазапна дуьхьал къийсам латтийна Зеламха дагалоцуш.



Къарвала дагахь вац Сенцов

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан набахтехь мацалла кхайкхийна 138-гIа де долчу Украинан режиссеро Сенцов Олега бакъонашларъярхочуьнга Светова Зое кехат дахьийтина, шегахь оццул доьналла хир дуйла ца хаьара шена, кхин дIа а къарвала дагахь вац ша аьлла. Фейсбукерчу шен пена тIехь зорбане даьккхина Световас шинаридийнахь Сенцовс шега кхачийначу кехатан текст. Украинхойн режиссеро баркалла боху шена а, кхиболчу политикан тутмакхашна а са мел гатдечунна. "Кху гIуллакхан йист ялар беркате хир ду аьлла, тешна ву со. Гуттар ма ца лаьтта цхьа хIума... Читать дальше...

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара посташ дIайохуш ю

Radiomarsho.com 

Шина республикан дозанаш билгалдахаран гурашкахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедалхоша мехкашна юкъара посташ дIасайохуш ю аьлла, хааме даьккхина "Интерфакс" агенталло. "ГIалгIайн Аршты, нохчийн Буммат эвлашна юккъехь лаьттина пост йохийна бертан куьйгаш яздинчул тIаьхьа. Иштта дIаяьккхина ГIалгIайчоьнан агIор лаьттина Аки-Юьртара пост а", - аьлла, дийцина агенталле церан хьостано. Цара чIагIдарца, гергарчу заманчохь гIалгIайн агIор лаьтта кхийолу посташ а йохор йолуш ю. "Шина къаьмнашна юкъахь доза хир дац. Читать дальше...

Нурмагомедов я МакГрегор?

Radiomarsho.com 

КарабогIучу баттахь Лас-Вегасехь тасавала кечлучу Нурмагомедов Хьабибна а, МакГрегор Конорна а юкъахь иккхинчу девнна гонах даккхий дийцарш ду лелаш социалан машанашкахь. Кавказан къаьмнашлахь дукхахболчара Нурмагомедовн агIо лаьцна. Масала, МакГрегор Конорна кхерамаш туьйсуш, видеокхайкхам Iорабаьккхинера Нохчийчуьрчу латархочо Халиев Хьусайна.  Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата ирландхойн латархо МакГрегор Конор тIехсов амбицеш йолуш, эпатаже жугарг ву аьллера. Оцу гонах Маршо Радионо шен сайтан агIонехь хаттар хIоттийнера... Читать дальше...

Дагестанехь контртерроран операцин раж кхайкхина

Radiomarsho.com 

Еарин Iуьйранна контртерроран операцин раж (КТО) кхайкхийна Дагестанехь. ГIаттамхой а, церан агIончаш а лоьхуш, рейдаш йолийна ницкъаллийн структурийн белхахоша, хаамбо ТАСС агенталло. Республикан Буйнакскан, Кумторкалинскан кIошташкахь барамаш дIахьо карарчу заманчохь полисхоша. Дагестанан Карабудахкентан а, Буйнакскан а кIошташкахь байначу баттахь а дIаяьхьира контртерроран операци(КТО). ХIетахь кхо тIемало вийна шаьш аьлла, хаамбинера Къоман антитерроран комитето (НАК).

Соьлжа-ГIалахь полисхойн рейдаш йолийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан коьрта шахьаран 200 шо кхачар даздар герга кхочуш полисхойн рейдаш йолийна гIалахь. ХIусамашкахула чекхбуьйлуш, талламаш болийна ницкъахоша. "Кавказ.Реалии" портале хаамбина масийтта вахархочо, даздарш дIахьочу дийнахь чуьра арадовлар дихкина шайна аьлла. КарабогIучу беттан 5-чохь билгалдоккхуш ду Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар. И терахь цхьана нисло мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан винчу денца. Цу деношкахь баккхий самукъане барамаш хIитто Iалашо ю Iедалхойн. Кхерамзалла ларъярхьама тIеоьзна полисхой. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Самсонова победила Осаку и вышла в третий круг турнира WTA 1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура Москвы: тело мужчины нашли в лесопарке в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Валерий Гергиев

Оркестр Мариинского театра под управлением Валерия Гергиева выступил в Нижнем Новгороде



Москва

Осуждённому за наёмничество участнику СВО из Киргизии дадут убежище в России

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net