Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев латтош ву Белгородерчу талламан изоляторехь
Украинин инарлин прокуратуро Оьрсийчу экстрадици йина гIалгIа Тумгоев Тимур латтош ву Белгородан Федералан таIзарш кхочушдон сервисан (ФСИН) урхаллан номер 3 йолчу талламан изоляторехь (СИЗО). Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуро, яздо Кавказ.Реалиино. Украинин инарлин прокуратуре Шайх Мансуран цIарахчу батальонан дехарех цхьаъ дара Тумгоев латтош волу меттиг а, иза Оьрсийчохь мича хьолехь ву а къастор. Украинин инарлин прокурор Луценко Юрий оцу батальонан куьйгалхочуьнца... Читать дальше...