Полшано схьавелла Байдуев къайлаваьккхина Нохчийчохь
Полшано байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Оьрсийоьне дIавелла Байдуев Азамат Нохчийчохь лачкъийна вигина. Фейсбукерчу шен агIон тIехь бо и хаам HumanRightsAnalysisCenter организацин куьйгалхочо Гисаев Ахьмада. Шалаже Азаматан деваша вехачу хIусаме баьхкина хилла шоьтан буьйса юкъал тIехъяьллачу хенахь герзашца нах. ТIехь ницкъ а бина, стенга вуьгу а ца хоуьйтуш, къайлаваьккхина цара Байдуев Азамат. "Лаца баьхкинчу ницкъахоша цIена оьрсийн мотт бара буьйцург", -яздо Гисаевс. 2007-чу шарахь тховкIело еллера цунна Полшано... Читать дальше...