Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 28.09.2018

Мацаллин протест сацаяр дехна Сенцовга политикан тутмакхо Клыха

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь набахтехь валлочу политикан тутмакхо Клых Станислава кехат дахьийтина кхечу хан токхучу украинхочуьнга Сенцов Олеге. "Украинан бакъдерг" газетано яздарехь, Сенцовга мацаллин протест сацаяр доьхуш, кехат яздина хилла Клыха. "Стаса Сенцовга яздина, - дийцина Клыхан нанас Клых Тамарас. – Ас и кехат дIакхачор ду Украинан омбудсмене Денисова Людмиле а. Ша мацалла кхайкхаяле хьалха Стаса шега кехат даийтинера боху Сенцовс. Тутмакхаша тутмакхашка кехаташ дIаса ца кхачадо, цундела соьга дIатаса аьлла цо". Читать дальше...

Селфи еш йоI лазийна Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан прокуратуран хаамца, Соьлжа-ГIаларчу тоннель буьххьехь шен мобилан телефонца селфи ян гIоьртинчу 13 шо долчу йоьIан, чу а йоьжна, букъдаьIахк кагйелла. "Керланаш" агенталло Iораяьккхина и информаци. Дас-нанас дарба дан дехьаяьккхина кхиазхо. ЙоIа а, цуьнан дас-нанас а ледарло яр ду аьлла хета прокуратурехь. 15 шо долу кIант велира стохка Соьлжа-ГIалахь, селфи ян дагахь бетонах йинчу корта тIера охьа а кхетта.

Школашкахь чипсаш, шоколадаш йохкар дехка дагахь ю Дума

Radiomarsho.com 

Могушаллина зене дааре а, шекаре а бераш ца марздалийтархьама школийн дозан тIехь чипсаш, газ йолу хиш, шоколадан батонаш йохкар низамца дехкар хьехна пачхьалкхан Думера могушалла Iалашъяран комитетан куьйгалхочун гIовса Огуль Леонида. Комитето пIераскандийнахь дIахьочу кхеташонехь дийца лерина ду ишта могушалла кхиорехь хIуьттучу проблемех а.



Теракташ дан араяьлла тоба лаьцна Нидерландашкахь

Radiomarsho.com 

Цхьа могIа теракташ дан араяьлла тоба лаьцна полицино Нидерландашкахь, хаамбо Associated Press хьастано. Аргем а, Верт а гIаланашкахь дIаяьхьнера лерина операци. Лецначаьргара дIаяьхна гранаташ, АК47 автоматаш а, бомбанаш ен гIирс а. Шеконашца лецначех кхоъ хьалхо жоьпе озийнера даIишхошкахьа тIемаш бан дехьавала гIортарна. Тобан хьалханча ву аьлла бехкевинчу 34 шо долчу Иракъера схьаваьллачу вахархочунна стохка кхел йинера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета гIортарна. Нидерландийн кхерамзаллийн ницкъийн векалша дIахьедина... Читать дальше...

ДIасаделлачу латтанех вистхилла гIалгIайн премьер-министр

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш билгалдахарна тIекхиийна республикан премьер-министро Евлоев Зеламхас, яздо мехкан куьйгалхочун официалан сайтехь. Дуьйцург ду, шина махкана юкъара доза - Къилбехьара Цори-Ломана тIера Фартанга хитIехула, Къилбаседанера  - гIалгIайн Аки-Юртара. Нохчаша гIалгIашна дIаделла 2 эзар гергга гектар латта, оццул баоамашкахь латта Нохчийчоьнна а дитина ГIалгIайчоьно. Нах чохь беха цхьа юрт дIасаелла яц. Юьртабахаман министро Галаев Хизира билгалдаккхарехь... Читать дальше...

Мераберашна йиттинчу дестечунна гIуда тоьхна

Radiomarsho.com 

Сунжа кIоштарчу дарбан цIийне далийначу мераберашна йиттинчу дестечунна административан  гIуда тоьхна Iедало. Зудчо дийцарехь, бераша шега лацадогIарна йиттина хилла цо царна. Кхелан-медицинан талламо къастийна, берашна тIехь гематомаш, кховраш дийлина меттигаш хилар. Кхи даккхий зенаш дина цахилар тидаме а эцна, административан гIуда а тоьхна, йитина зуда бехкзуламан гIуллакх дуьхьал ца доккхуш.  2014-чу шарахь Нохчийчохь шен кхо шо долчу мерайоIна Юсупова Мархина йиттина цуьнан десте Байсултанов Марина набахтехь хан токхуш ю. Читать дальше...

Блогерна Абдурахмановна тховкIело ца елла Полшано

Radiomarsho.com 

Видеоблогерна Абдурахманов Тумсона тховкIело яла дуьхьало йина Полшин Iедалша. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина и хаам блогеро. Нохчийохь лело харцонаш Iорайохуш YouTube-каналехь видеоблог ю Абдурахмановс лелош. Кадыров Рамзанан гергарчу Кадыров Исламца дов эккхар бахьана долуш вада везна иза махкара. "Сан кехаташ луьстуш хиллачу мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу Кхеташоно сацамбина, суна мухIажиран статус ца яла. Делахь а, сан доьзална тховкIело елла цара", - яздо Абдурахмановс. Шайн пачхьалкхан территори тIехь витахь... Читать дальше...

Социалан машанехь йоза дитина вахархо лаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Социалан машанехь ГIалгIайчуьрчу 49 шо долчу вахархочо йитина комментари экстремизме лерина талламчаша. Церан версица, цхьана сайтан агIоне яьккхинчу видеона бухахь цо дитина йоза къаьмнашлахь цабезам, мостагIалла гIаттош, динан башхаллаш къестош хилла. Бехкзуламан гIуллакх долийна лаьцначунна дуьхьал, хаамбо ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан сайт тIехь.

Сунжехь а, Магасехь а акцеш вовшахтоьхнарш жоьпе озийна Iедало

Radiomarsho.com 

Iедалшца дага а ца буьйлуш митинг хIотторна гIуданаш диттина жигархошна Хаутиев Багаудина а, Нальгиев Исрапилна а, Султыгов Сараждина а, Албогачиев Мусана а. Маршо Радионо хааме ма даккхара, Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а кхааридийнахь барт хилла дозанаш дIасадоькъуш. Дуьхьалонан акцеш дIахьочу юкъанна хилира шина мехкан куьйгалхойн куьйгашяздар. Шинаридийнахь Сунженскан кIоштан администрацина хьалха дIаяьхьира цхьа акци, шолгIачу дийнахь Магасе чувуллучохь. Митинг дIайоьхначул тIаьхьа... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Стартовал финальный этап всероссийского футбольного турнира «Будущее зависит от тебя»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Даниил Медведев

Даниил Медведев одолел 121-ю ракетку мира Меджедовича и вышел в 1/8 финала Рима


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге об энергоэффективном жилье





Путин в России и мире
Москва

Путин: РФ и КНР наладят более тесное взаимодействие в инновационных отраслях


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Блинкен и Зеленский обсудят ситуацию на фронте и обязательства США


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Егор Крид

Егор Крид, Ольга Бузова, JONY и другие на премии ЖАРА Music Awards



Москва

Сезон кино под открытым небом начнется в Воскресенске 24 мая

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net