Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 05.09.2018

Коьртахь корталеш ца хиллехьара…

Radiomarsho.com 

Казахстанерчу Туркестанан кIоштарчу Фирдоуси-юьртарчу Фирдоусин цIарахчу школе коьртахь корталеш долу зудабераш ца дуьту ду кхоалгIа де. Гонах гулбелла дехкарна резабоцу гергарнаш. ГIиллакх ду шайн корталеш лелош, шаьш деша дитахьара, доьху зудабераша – Фирдоуси-юьртахь бехарш бу таджикаш. Школин администрацино ша низам лардайта гIерта, школехь корталеш лело дихкинарг Казахстанан дешаран а, Iилманан а министралла ю аьлла.

Мэй Тереза: Оха дуьйцург бакъдерг хилла, СкрипалгIарна дIаьвше тIелатар дина ГРУ-н агенташа

Radiomarsho.com 

Британин Iедалш тешна ду ГРУ-н агент хилла Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIаьвше телетар динарш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агенташ хиларх. Иза цара дина Оьрсийчоьнан куьйгалхоша омар а делла. Цунах лаьцна кхаарин дийнахь парламентехь дIахьедар дина Британин премьер-министро Мэй Терезас, прокуратуро динчу дIахьедарна комментари еш. Хьалхо кхаарин дийнахь Британин прокуратуро цIераш йовзийтира Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган. Читать дальше...



Австрихошна Аернокерл – нохчашна гарзанаш санна

Radiomarsho.com 

Хьалха а кхача кечбеш гайтарца вайна евзачу Венерчу Исханова Айзана къахьоьгу меттигера нохчийн кегийрхой гIиллакх-гIулакхна Iаморехь. Тахана иза ю вайн къоман зудаберашна австрихойн Аернокерл яр хьоьхуш. Айзанна хаьа, кхачанехула мел атта а, дика а дахчало къаьмнийн гергарло.

Дуьненца гергарлонаш чIагIдеш бу гуьржий

Radiomarsho.com 

Ираклий Орагвелидзе, Мзия Паресишвили ("Эхо Кавказа") Европаца а, Азица а тесначу зIенех Гуьржийчоьнна болу пайда гойту карарчу кIирано. Деккъа цхьана шинарийдийнан Тбилисера хиламаш бу хIорш: махка веъначу Японин арахьарчу гIуллакхийн министро куьг яздина Гуьржийчоьнна 343 миллион доллар кредит лучу бертан кехаташна буха; Тбилисе веъначу Еврокомиссаро Хан Йоханнеса схьайиллина "Малхбалерчу Гергарлонийн Европера школа" -  ялх пачхьалкхера бераш хир ду цигахь доьшуш. Ереванера шен визит йирзича... Читать дальше...

Кегий бераш хьийзорна кхел йир ю дестечунна

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин Заводан кIоштан прокуратуро теллина чекхдаьккхина хилар  тIечIагIдина С. Элина цIе йолчу зудчунна дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Цунна бехке дуьллуш ду шен меран 6 шо долу кIант а, 8 шо долу йоI а хьийзор. Талламхошна гучудаьлла дестечо, майра цIера а волуьйтий, цу шина берана етташ хилла хилар. Садукъош а хилла цо шина беран, хих дуьзначу ведарна чу цу шинан кортош а теIош. Бехктакхаман гIуллакх дIахьажийна Заводан кIоштан кхеле. И зулам дарна дестечунна 7 шо хан тоха мегаш ю, набахтехь яккха.

Скрипаль Сергейна а, Юлияна а дIаьвше тIелатар дина Петровс а, Бошировс а

Radiomarsho.com 

Британин прокуратуро цIераш йовзийтина Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган. И шиъ ву Петров Александр а, Боширов Руслан а (уьш харц цIераш хила а мега). Цу шина стаге бехк кховдийна адамаш дайа гIортарна. Петров а, Боширов а схьавоьхур вац Британин прокуратуро, Оьрсийчоьно шен махкахой дIалуш Iедал ца хиларна. Талламхошна "Новичок" дIаьвшан ларш карийна Петров а, Боширов а ваьхначу хьешан цIийнерчу чоьнашкахь.



Кхел "оьрсашкахьа яларна" реза бац хIирий

Radiomarsho.com 

Гукемухов Мурат Къилбаседа ХIирийчохь дирзина дерриг къомо тергалдина дов. Шина сержантна Албегов Селимна а, Сланов Арсенна а оьрсийн эпсаршна еттарна тIеман гарнизонан кхело набахтехь яха хенаш кхайкхор (3,5 а, 1,5 а шераш) Iаьткъинчара дов эккхийтира кхелахошца, цара сацам дIакхайкхошшехь. Чуьччабаханарш къасто кхелан хIусаме кхайкхира полици. Албеговс а, Слановс а тIе ца эцна бехк. ХIирий куьйгаш лахьош бу Оьрсийчоьнан президенте яздинчу орза кIел. Кхел шинарийдийнахь чекхъяьлла. БуьрийтIерачу... Читать дальше...

Шемахь тIом барна чувоьллина ГIалгIайчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан тIеман гонан кхело (Ростох) колонехь даккха 9 шо хан тоьхна ГIалгIайчоьнан вахархочунна Албагачиев Iабдул-Маликана. Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу суьдан сайта тIехь.   Талламхойн версица а догIуш, Албагачиев 2015-чу шарахь хилла Шемахь а, Иракъехь. Оьрсийчоьнна дуьхьал ваьлла тIом бина цо "Исламан пачхьалкх" тобанан могIаршкахь. Оццу шарахь, къайлаха ца а веана, ГIалгIайчохь вехаш хилла иза, амма лаьцна ницкъаллин структурийн белхахоша.

Шеларчу полицехь 9 шо долу бер латтийна кIиранах

Radiomarsho.com 

Динна кIиранах Шеларчу полицин декъехь латтийна хилла 9 шо долу Ахмадов, яздо "Кавказ.Реалиино". Иза жимаха волу ваша ву Марсхьокху-беттан 20-чохь Шелахь вийначу шина кхиазхочуьнан. "Кавказ.Реалиин" хьастано чIагIдарехь, кIант лаьцна хилла полисхоша Марсхьокху-бетанна 20-чу сарахь. Цуьнца цхьана чувоьллина хилла цуьнан да а, кхин болу а юххера гергара нах.   Марсхьокху-беттан 20-чохь Нохчийчохь полицин белхахошна тIелатарш динера кхиазхоша. Цаьрна юкъаозийна вара 5 стаг. Официалан болчу хаамца, царах уггаре а воккхаха волучуьнан дара 18 шо.

Некъахьовзамашкахь адамаш дайар лахделла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лахделла некъахьовзамашкахь леш долчу адамийн терахь. Иштта республикерчу прокуратуро чIагIдарехь, кхушеран хьалхарчу 8 баттахь машенашца боьзначу бохамашкахь вийна 21 вахархо. Цу хьокъехь 17 бехктакхаман гIуллакх луьстуш жоьпе озийна ву 18 стаг. Некъаца хиллачу хьовзамашкахь лазийна ву 12 стаг. Стохка оццу хена чохь цхьацца некъахьовзамашкахь республикехь вийнарг вара 35 стаг. Лазийнера - 19. Прокуратуро билгалдоккху адамаш кхалхарна бехке болу 94% нах, хенаш а тухуш, набахташка хьежийна хилар.

Хатуев Iабдул - Хьамид. Холхаз куй 

Radiomarsho.com 

Хатуев Iабдул - Хьамид Холхаз куй  Хьо малвелла,дохковаьллехь, Ахь къарбинехь, биъна дуй, Тешам нехан хьоьх дIабаьллехь,  Ахь сийсазбо холхаз куй! Хезаш, буса варшахь-арахь Хьайга дохуш орца дуй, Хьо ког хецна, паргIатваьллехь,  Ахь сийсазбо холхаз куй! Хьан нийсонан цIе дIаяйнехь, Баьгна баьлла, кийрахь суй, Хьуна хьанал-хьарам тайнехь, Ахь сийсазбо холхаз куй! Дош ца хеташ, олург наха, Церан сардам , наьIалт, туй Кийча велахь, эрна ваха, Ахь сийсазбо холхаз куй! Хийла йоI ю дешин меха- Нехан бIаьрахь-цIеран суй. Читать дальше...

Шемарчу Идлибе бомбанаш йиттина Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан а, президентан Асадан тIеман ницкъийн а кеманаша бомбанаш йиттина Идлиб провинце а, ХIама провинцин къилбаседехьарчу кIошташка а. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, туркойн Anadolu а, Hurriyet а зорбанан гIирсашна тIе а тевжаш. Болчу хаамца, бомбанаш етташ дакъалоцуш хила кхо кема. ББС-но дийцарехь, лаххара а кхо стаг вийна и тохарш дар бахьана долуш. Reuters бинчу хааца вийна 13 маьрша вахархо. Бомбанаш йиттина аьлла хаам кхаьчна, Iамеркан президенто Трамп Доналда Шема а... Читать дальше...

Хатуев Iабдул - Хьамид. Хьо муха ваьхьа? 

Radiomarsho.com 

Хатуев Iабдул - Хьамид  Хьо муха ваьхьа?    Исламан цIена дин  Дицдина догIу,  Наггахь бен пайхамар  Дага ца вогIу.  Делаца йолу хьан  КIарглуш ю херо,  Къинойн мохь охьуш бу  Тем боцчу хьеро.    Вайнаха язйина  Устазийн керташ  Маьттазчу дешнашца  Емал ян гIерташ,  Хьо муха ваьхьа те  Iеса дош ала,  Хьо цIергахь морцур вуй  Хуъушехь Дала!    Вирдан дай аьшнаш беш,  Молланаш чехош,  Сийдолу бакъ цIераш  Маьттаза хьехош,  Хьо муха веха те  Лан ца... Читать дальше...

Хатуев Iабдул - Хьамид. ЙоьIан доIа

Radiomarsho.com 

Хатуев Iабдул - Хьамид ЙоьIан доIа   Везан дела! Лохьа тхуна Дикалла Дена-нанна Массо ханна Могашалла Кхин ас хьоьга ХIумма доьхур Дацара, Кхин со лаьттахь Цкъа а йоьлхур Яцара. Сан вежаршна Лохьа наьртийн Доьналла, Сан йижаршна Маьлха-Аьзнийн Хазалла. Кхин ас хьоьга ХIумма доьхур Дацара, Кхин со лаьттахь Цкъа а йоьлхур Яцара. Сан тайпанна лохьа Машар марзбалар, Сан халкъана Кху дуьненахь Тардалар.

ДIабаханчу баттахь Нохчийчохь байинчу кегийрхойн доьзалш махкахбевлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра дIабахна Марсхьокху-баттахь полисхошна тIелатар дина аьлла, байинчу кегийрхойн гергарнаш. Цунах лаьцна дуьйцу Шеларчу бахархоша. Виъ къиазхо, шайна юкъахь 11 шо долу кIант а волуш, вийра, кхин цхьаъ велира дарбанан хIусамехь Марсхьокху-беттахь 20-чохь Нохчийчохь Соьлж-ГIалахь а, Мескер-эвлахь а, Шелахь а хиллачу герзаш деттарехь. "Полисхоша лебира церан беза-бевзарш, ткъа Шелан кIоштахь лецнера иттаннаш кхиазхой",  -хаам бо "Эхо Москвы" радион сайто. "Кавказский узело", шен хьасташна тIе а тевжаш... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

"Динамо" и "Зенит" назвали стартовые составы на матч 26-го тура РПЛ


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Азаренко проиграла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура Москвы: тело мужчины нашли в лесопарке в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Politico: Россия проиграет войну с НАТО, предупреждает Польша (Topmember)


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



The Beatles

«Если прищуриться, мы похожи на The Beatles» // Евгений Цыганов о своей карьере музыканта



Москва

Латвия: подорвёт ли Байба Браже заложенную Кришьянисом Кариньшем мину?

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net