Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 27.07.2018

Австрига шайна депорт цаяр доьху нохчаша

Radiomarsho.com 

Европерчу пачхьалкхаша, шерашкахь "ойла еш" а Iай, тховкIело ца луш, даймехкашка хьийсабо мухIажирш. Цхьаберш булу шайна йинчу депортах, дIатарло цIерачу Iедал кIел баха, амма бац и некъ кхечарна. Оьрсийчу юха а хьовсийна, шайн даймахка, Нохчийчу, дIа а кхачале байнарш а, дIакхаьчначул тIахьа хIаллакбинарш а бу Европера депорт йиначаралахь. Австрига, цо цIахьажо кечвеш, лаьцна кхобу ши нохчо махкахь витар деха кечлуш бу меттигера мухIажирш.

Трамп Москох кхайкхина Путина

Radiomarsho.com 

ПIераскандийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедина, ша Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Дональд Москох кхайкхарх. Reuters агенталло бина и хаам Йоханнесбургерехь йоьдучу БРИКС саммитера. Шаьшиъ кийча ву кхи дIа цхьанакхетарш дIадахьа, амма аьтто болу хьелаш хила деза цунна лерина аьлла Путина. Къилба Африкехь БРИКС-ан пачхьалкхийн саммитехь журналисташна хьалха вистхуьлуш Путина тоаме дац аьлла телефонехула Оьрсийчоьнан а, Вашингтонан а хилла дийцарш, цундела шина... Читать дальше...



Оьрсийн мотт бийца!

Radiomarsho.com 

Идрисова Барият   Ненан меттанаш тIехьататта дезар ду, цхьайолчу школашкахь хьеххане а хьоьхур бац Пачхьалкхан Дума тоьлла - тIаьххьара а тIеийци цо меттанех долу низам. Меттанаш Iамор тIерадолуш дац, амма муьлха мотт шен берана Iамо беза дас, нанас къастош хир ду хIинцачул тIаьхьа. Кхо бутт хьалха Оьрсийчоьнан федералан дешарх долчу низамца хийцамаш бан беза аьлла гIаттийра депутаташа Думехь. Цул тIаьхьа ши бутт баьлча, массара а бийцаре а бина, чекхбехира хийцамаш шайн хьалхарчу дийцаршкахула. Читать дальше...

Кегийрхой лецна Куьршалахь

Radiomarsho.com 

Наркотикех кхетта Куьршалара 17 жимстаг дIалаьцна аьлла, хааме даьккхина махкарчу "Грозный" телехьожийло. Полицин декъа балийначу массара а пайдаоьцуш хилла чIогIа ницкъ болчу молханех, чIагIдо меттигерчу телеканало. Кхетош-кхиоран хьехамаш бан дIалецнарш балош баьхкинчарлахь вара кIоштан администрацин куьйгалхо Кадыров Хьамзат (мехкан куьйгалхочун вешин кIант). Динан векалша а, ницкъаллийн структурийн белхахоша а кхи дIа белхаш бийр бу кегийрхошца. Нохчийчохь наркотикаш лелораш лецна меттигаш кест-кеста Iорайоху.

Лецначарна тIехь Iазапаш лелийначу полисхошна хенаш йиттина

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структурийн ворхI  белхахочунна Нальчикерчу тIеман кхело хенаш кхайкхийна. Прокуроро ехначул а кIезиг хенаш тоьхна царна. Экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хиллачу куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна набахтехь даккха  7 шо кхайкхийна (прокуроро 13 шо а, эпсаран майор цIарах ваккхар а дехнера иза). Ткъа цуьнан гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейна кхачийна арахь даккха кхо шо (6 шой, полковникан чинах ваккхар дехнера иза). ЦПЭ-н декъан белхахошна Аспиев Iийсанна а, Безносюк Андрейна а 5,5 а... Читать дальше...

Къайлах чудеана малар дIаIанадайтина гумсхочуьнга

Radiomarsho.com 

Ша къайлах республике баккхийчу барамашкахь духадохка дагахь чудеана йий дIаIанадайтина Гуьмсерчу вахархочуьнга Халадов Ризване. Инстаграмерчу eldit_net паблико Iораяьккхина, иза полисхоша дIалаьцна, майданахь шишанашчуьра малар лаьтта Iенош видео. Махкарчу хаамийн гIирсаша яздарехь, маларш дохкар, эцар дихкина ду Нохчийчохь. Соьлжа-ГIаларчу цхьана супермаркетехь дийнахь шина сахьтехь бен дохка бакъо ца йитина алкоголан продукци. Ткъа меттигерчу бахархошна магош дац оцу туьканара къаьркъа эца, полисхой хуьлу ха деш супермаркетехь.

Iамеркан мозгIар маьрша ца ваккхахь Туркойчоьнна санкцеш тухур ю Трампа

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнна дуьхьал "яккхий санкцеш" яха дагахь ву Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд, нагахь Iедалхоша дIасавалар дихкина латто Iамеркан мозгIар Брансон Эндрю маьрша ца ваккхахь. Твиттерехь яздина цунах Iамеркан президенто. "ЧIогIа бала хьоьгуш ву и стаг. Бехк-гунахь доцуш, динца лелаш стаг ву Брансон, катоьхна маьршаваккха веза иза", - аьлла, яздо Трампа. Цу кепара дIахьедар дира президенто, вице - президента Пенс Майка Хонкарна дуьхьал санкцеш яха тарло аьлла, изза дIахьедар дина цхьа сахьт даьллачул тIаьхьа. Читать дальше...

Псковерчу десантхошна тIелатар диначийн кхел йоьрзуш ю

Radiomarsho.com 

2000-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашца Псковра еанчу дивизина тIелатар дина бу аьлла, шеконашца лаьцначийн довхаттар доьрзуш ду пIераскандийнахь. Къилбаседа Кавказан тIеман кхело шайн сацам бовзуьйтур бу тахана. Талламчийн версица, Ушаев Артур а, Наматов Руслан а дIакхетта хилла Нохчийчохь лелачу гIаттамхойн тобанех. 2000-чу шеран Iай Шуьйта кIоштарчу Улус-Кертахь Псковерчу десантникех 84 эскархо а вуьйш, тIелатар динчу 200 тIемалошлахь дакъалацар ду царна бехкедуьллург.

Кадыровн йишин кIант гIалин мэран даржехь чIагIвина

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин думан депутаташа еаридийнахь шахьаран мэран даржехь тIечIагIвина Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIант Закриев ИбрехIим. ХIинццалц гIалин мэр лаьттина Хучиев Муслим байначу беттан 25-охь парламенто премьер-министран гIента магийра. Оццу дийнахь ханна мэран декхарш кхочушдан хьалхатеттира 28 шо долу мехкан куьйгалхочун йишин кIант Закриев ИбрехIим. Оьрсийн "Би-би-си" хьостан зерашца, Нохчийчохь Iедалан даржашкахь волчу 158 стагах 30 процент Кадыровн гергарнаш бу, 23 % цуьнан юьртахой, 12 процент доттагIий а, церан гергара нах а.

Кхелахой дуьхьал бу Титиев маьршавалийта

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъярхо Титиев Аюб эхашарна чохь вуьтуш кхелахоша бинчу сацамна цуьнан адвокаташа дина арз юхатоьхна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Адвокатийн аргументаш тергал ца еш, лаьцна вуьсу Титиев. Эхашарна бакъонашларъярхо чохь латто бух бац, цхьа а тоьшалла а дац иза къайлавер ву, я тешашна цо тIеIаткъам бийр бу ала аьлла, дIахьедира кхеташонехь адвокато Дубровина Маринас. Прокуроран рапортан бух тIехь ша лаьцна латтош ву аларх кхеташ вац ша Титиев а, цунна гайтина дац и документ. Иштта тIаьхьа ца кхуьу иза... Читать дальше...

ГIалгIа лачкъорна шеконашца лаьцна ши стаг

Radiomarsho.com 

Назранерчу Экажево эвлара 34 шо долу вахархо Магасехь лачкъийна, вигина хилла туьтмIаьжгаш йоьхна, герзашца хиллачу 15-х стага. ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша хаамбарца, Несарарчу дарбан цIийне валийнера иза кхаарин буса кеп-кепара дегIа тIехь йинчу чевнашца. Буса исс сахьт долучу хенахь муьлш бу цахуучу наха лачкъийнера ша аьлла цо. Зуламна бехке ву аьлла, Назранан кIоштарчу Барсуки эвлара ши стаг  лаьцна полисхоша.

Спорт в России и мире
Москва

Команда Орловской области стала победителем хоккейного турнира среди команд Черноземья


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Анастасия Волочкова

Балерина Волочкова часто летала на Мальдивы из-за возможности поплавать без трусов



Москва

Куда отправиться на майские: топ-6 направлений для россиян без загранника и визы

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net