Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 25.07.2018

Нохчийчохь юха а бекаш хаало гитара

Radiomarsho.com 

Кегийрхойн кара шайн говзалла яла лаьа гIарабевлачу гитаристашна. 90-чу шерашкахь гоьбевллачу похIманчех вара Ахмадов Рамзан. Дуккха а дукха ладогIархой бара цуьнан иллийн. Къона чкъор кхетош-кхиорна оьшуш дара цо оьздангаллах, доьналлах лаьцна доху дешнаш. Иза волчу хьошалгIа вахара деношкахь Маршо Радион корреспондент. Рамзана дийцира шен кхоллараллах а, дахарх а лаьцна.

Муха хилла Яндиев Асланах "террорист"

Radiomarsho.com 

Деркач Анвар Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиев Асланна гIелоярна кхоьру бакъоларъярхой Братислава реза ца хилла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухьажирашкахула йолчу кхеташоно гIалгIа Яндиев Аслан Оьрсийчоьнан каравала мегар дац аьлла бина сацам кхочушбан. Бакъоларъярхоша бахарехь, боцу бехк бу цунна тIехьерчош. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин кхеташоно Яндиевна экстрадици ян дихкира бутт хьалха. Словакера адвокат Опетт Лукас вара цунна сагатдийриг. Юьхьанца мехкан юстицин министралла... Читать дальше...

Радан депутатна йиттина нохчо реза ву Киеве юхаваха

Radiomarsho.com 

Лакхарчу Радан депутатна Найем Мустафана йиттина аьлла, шеконашкахь латто 29 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Украинан вахархо Саитов Мохьмад-Эмин реза ву Киеве а веана, шена дуьхьал даьккхина зуламан гIуллакх толлуш гIо дан. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам цуьнан адвокато Ищенко Олега. "Оцу гIуллакхна гонах йоккха гIовгIа гIаттийна, моха йирзинчул тIаьхьа Саитов Киеве юхавогIур волуш ву. Иза дIалаца а тарло, я ца лаца а мега", - аьлла юристо. Цунна хетарехь, полисхой хьогIе бу Саитовца. Депутатан... Читать дальше...



ДаIишхоша шайна тIелаьцна Торонтохь герзаш деттар

Radiomarsho.com 

Торонтохь герзаш деттар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. ТIемалошца йоьзначу AMAQ агенталлан хаамашна тIе а тевжина, бина и хаам Reuters хьостано. Оршотдийнахь Канадерчу Торонто гIалахь динера тIелатар. Шахьаран урамерчу кафешна а, ресторанашна а тIе герзаш диттинера тIелатархочо. Цхьа стаг вийра, 13-нна кеп-кепара чевнаш йира. Полисхойн вен аьтто белира зуламхо. 29 шо хилла цуьнан. КIентан гергарчара дIахьедарехь, психикаца лазарш долуш хилла иза.

Желтойчохь цIерашкахь баьгначийн терахь кхуьуш ду

Radiomarsho.com 

Желтойчохь хьаннашкахь цIе йийларан бахьанашца беллачийн терахь 79 стаге хьаладьалла кхааридийнахь. Меттигерчу орцанхоша бина и хаам. Хьалхо хааме даккхарца 74 вара велларг. 200 гергга ву ваьгна, чевнаш йинарг, бIеннал а сов ву вайнарг. Кхаа денна тезет кхайкхийна пачхьалкхехь. Оршотдийнахь дуьйнна цIераш йийлар марсадаьлла желтойн махкахь. Масех пачхьалкхан регионашкахь чолхечу хьолан раж кхайкхийна. Афинашна гена йоццучу курортан кIоштахь яьлла уггар а йоккха цIе, цигахь 24 стаг ваьгна велла. Читать дальше...

Пакистанехь динчу эккхийтарехь 29 стаг вийна, лазийна 30

Radiomarsho.com 

Пакистанан Къилба Малхбузерчу Кветта гIалахь динчу терактехь вийна 29 стаг, чевнаш йина 30-нна, царех цхьаберш чолхечу хьелашкахь бу. Харжамийн декъан хьалха Iожалхочо бомба а оьккхуьйтуш, тIелатар дина цигахь. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано шена тIелаьцна зулам. Теракт хиллачу меттигна голаьцна. ТIаьхьо еанчу саперийн тобанна тIелатар динчун карахь эккхаза граната карийнера. Кхааридийнахь юкъара парламентан лахарчу палатан а, низамаш дохучу хьукматийн а харжамаш бара дIахьош Пакистанехь. Читать дальше...

Некъан бохамехь ши стаг верна набахте хьажийна Куьршалара вахархо

Radiomarsho.com 

Некъан бохамехь ларамза карах ши стаг веллачу Куьршаларчу вахархочун довхаттар дирзина. Талламчаша чIагIдарца, цу дийнахь маларх кхетта машенан урхалла дан хиина хилла и стаг. Машен юьгучу заманчохь урхалла дечух воьхначу цуьнан автомобил бIогIамах кхетта хилла. Цуьнца цхьана салон чохь хилла ши пассажир веллера йинчу чевнех. Кхелахоша сацам бечу заманчохь, оцу бехкевечун пхи бер хилар тидаме а эцна, набахтехь даккха 4 шо хан кхайкхйина цунна. Иштта дихкина цунна машен лелор а.

Iожалхочо динчу эккхийтарехь 40 стаг велла Шемахь

Radiomarsho.com 

40 гергга стаг велла, кхин а оццул лазийна Шемарчу Эс-Сувейд гIалахь а, цунна гергарчу ярташкахь а динчу лелхийтаршкахь. Шеман пачхьалкхан хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш, Рейтерс агенталло бина и хаам. Террорхоша-Iожалхоша дина лелхийтарш. ГIалин базарна уллохь нисделла цхьа эккхийтар. Хетарехь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано дина и зуламаш.



Нохчийчоь билгалъяьлла бераш дуьненчу дукха довларца

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Росстатан статисташа рогIера демографин терахьаш хааме даьхна. Цара бахарехь, йоллу Оьрсийчуьрчу регионашлахь Нохчийчоь цхьаъ ю бераш дуьненчу дукха довларца билгалъяьлла. "Стохка Нохчийчоь йоцчу Оьрсийчоьнан боллу мехкашкахь бераш даран терахьаш лахара гойтура", - аьлла ду Росстато шен официалан сайтехь динчу йозанехь. Статистийн зерашца, стохка Нохчийчохь дуьненчу даьлла 31 355 эзар бер.

ДаIишхойн символика яржорна бехкейина Соьлжа-ГIалара зуда

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн билгало социалан машанарчу шен агIон тIе оьллина Соьлжа-ГIалара зуда кхеле хIоттийна. Интернет машанахь мониторинг еш прокуратуран белхахошна хааелла "ВКонтакте" олучу машанехь магийна йоцу символика оцу зудчо яржор. Административан гIуллакхан артиклца а догIуш, я 2 эзар сом гIуда, я чохь даккха 15 дей, буьйсий догIу цу зудчунна.

Да веллачу тезета ца вахийтина Хазбиев кхелахоша

Radiomarsho.com 

Лаьцна латтош волу оппозиционер Хазбиев Мохьмад, да кхелхинчу тезета вахийта дуьхьало йина кхелахочо, иза къайлавала кхерам бу аьлла, хаамбо цуьнан адвокато. Кху Iай Нохчийчуьра ГIалгIайчу юхавеача дIалецира Хазбиев Мохьмад. Цунна бехкедиллина герз лелор а, Iедалан векалш сийсазбар а. Стигалкъекъа-баттахь Хазбиев кхи тIе бехкевира социалан группашкахь мостагIалла, цабезам гIатторна. Ша ледарчу хьелашкахь латтош ву, я бехке а вац ша хIуманна аьлла, мацалла а кхайкхийра чохь латточу Хазбиевс бIаьста. Читать дальше...

Джабраилов Iумар партин могIаршкара дIаваьккхина

Radiomarsho.com 

Кхелахошца гIуллакх деана ву аьлла, "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин могIаршкара дIаваьккхина нохчийн бизнесхо Джабраилов Iумар аьлла, хаамбина цуьнан адвокато Бочалова Зимас, церан сацам низамехь цахилар дIа а хьедеш. Стохка аьхка Москохарчу отелехь тховх герз деттарна лаьцнера Джабраилов. Нохчийчохь тIеман шерашкахь корта лазийна ву ша, цундела ларамза яьлла шегара и ледарло аьллера бизнесхочо. Москохарчу Тверскан кхело 500 эзар сом гIуда а хьарчийра цунах, арахь даккха ши шо дехнера цунна прокуроро. Читать дальше...

Лаьттах доьллина герз карийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Иттех шерашкахь лаьттах доьллина лаьттина герз карийна Нохчийчохь дозанхошна. ГIаттамхойн тобанаша куп тоьхна хиллачу меттигашкахь талламаш бечу хенахь махкарчу къайлахчу сервисийн урхаллан дознахой тIехIиттабелла цу тIеман гIирс къайлабаьккхинчу оьрна. Маршо Радино кхо бутт хьалха а хааме даьккхира, Соьлжа-ГIаларчу аьчкан некъан станцина гена доццучохь герз лаьттах доьллина къайле хIаллакъярх.

Къилбаседа Кавказан курорташ кхио 18 миллиард ахча луш ду

Radiomarsho.com 

Къидбаседа Кавказера "Архыз", "Ведучи", "Эльбрус" курорташ кхио федералан бюджетера 18 миллиард гергга ахча билгалдаьккхина. "Къилбаседа Кавказан курорташна" инвестицеш кхачош кхаа шеран план тIечIагIйина Оьрсийчоьнан Iедалхоша. 2010-чу шарахь кхоьллина ю "Къилбаседа Кавказан курорташ" пачхьалкхан компани Оьрсийчоьнан Къилба регионашкара туризм кхиорхьама. Компанино урхалла латтадо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу "Эльбрус", ГIалгIайчуьрчу "Армхи", Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Мамисон", кху Iай схьайиллинчу Нохчийчуьрчу "Ведучи" курорташна тIехь.

Спорт в России и мире
Москва

Московские школьники стали победителями всероссийской олимпиады по математике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Москве в парке нашли труп мужчины





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Пётр Чайковский

В Воткинске 7 мая отметят День рождения Петра Чайковского



Москва

Москва. Народная приемная КПРФ в ВАО. Сухо в доме будет, но в 2035 году

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net