Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 12.07.2018

Оьрсийн тIеман буьйранчаш кхаьчна Шема

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь Шемарчу гIаттамхойн Дераа гIала кхаьчначу оьрсийн лаккхарчу тIеман буьйранчийн тобано дийцарш долийна, и гIала президентна Асад Башарна дIаяларан хьокъехь. Рейтер агенталло хаамбарца, тIеман лаккхарчу даржашкара эпсарш тIехь болу гIагI диллина ши машен ал-Шайн кIошта чу а еана. ГIала юхалуш пIераскандийнахь бинчу бертаца а догIуш, дийцарш долийна цара Маьршачу шемахойн эскаран куьйгалхошца. ГIаттамхой чуьра ара а бохуш, герз охьадуьллуш бара бина барт. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн... Читать дальше...

Муцураев Тимур везарш а, цавезарш а

Radiomarsho.com 

Ткъеха шо ду, Нохчийчуьра ара а даьлла, ерриг а Оьрсийчухула бардан Муцураев Тимуран аз даьржина лела. Iедална гергахь "экстремизм" ю цо иллешца тIом емал а беш, нохчийн гIаттамхой базбар. Нийсонехьа лаьттина, харцонца къуьйсу гитарист ву иза, прокурораша, кхелаша бехк биллахь а, цуьнан эшаршка ладоьгIучарна.



Кхаа шарахь 25 эзар санкцийн сурсаташ ягийна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

2015-чу шеран аьхка дуьйнна Оьрсийчохь 25 эзар тонн санкцийн сурсаташ ягийна. Россельхознадзоран пресс-релизехь далийна и терахьаш. Урхалло хаамбарца, кху беттан 9-чохь сацийна чуйохьу 25 эзар 377 тонн йихкина продукци. Цунах а хIаллакйина 25 эзар 89 тонн. Оьрсийчоьнан президенто 2015-чу шарахь куьйгяздира, пачхьалкхна дуьхьал санкцеш яьхначу мехкашкара сурсаташ чукхехьар доьхкуш.

Туркойчохь карчам бан гIоьртинчу 72 стагна велла дIаваллалц набахте кхайкхийна

Radiomarsho.com 

Туркойчохь 2016-чу шарахь карчам бан гIоьртинчу хенахь Истанбулехь къепе талхорна бехкевинчу 72 стагна велла дIаваллалц набахтехь такха хенаш йиттина. Босфоран тIай тIехь бехкебечара дакъалаьцна летаршкахь. Царна бехкедуьллу, президента ЭрдогIанан къайлахбертахошна тIаьхьа ма хIитта бохуш, бинчу кхайкхамна тIетайна могIарера бахархой хаа а хууш байар. 2016-чу шеран аьхка пачхьалкхан Iедал хийца гIоьртира Туркойчохь. Шен резиденцера аравала кхиъначу ЭрдогIана кхайкхамбира бахархошка, ара а довлий, бунтахошна дуьхьало латтае аьлла. Читать дальше...

Iамеркехь уггар тоьлла президент Обама Барак вара аьлла

Radiomarsho.com 

"Шун дахарехь уггар а тоьлла президент мила вара?" аьлла, Цхьанатоьхначу Штатийн ши эзар  бахархошка деллачу хаттаран жамIаш зорбане даьхна Iамеркан талламан Pew Research Center компанино. Жоьпашкахь респондентийн бакъо яра шина президентан цIе яккха. Хаьттинчарлахь 31 проценто уггар а тоьлларг Обама Барак вара аьлла . 13 % респонденташа шолгIачу меттиге хIоттийна Обама. Цунна тIаьхьа Рейган Роналдан цIе яьккхина (21%). ШолгIачу меттиге ваьккхина иза 10 процент бахархоша. КхолгIачу меттехь ву Клинтон Билл (13%)... Читать дальше...

Абдулатиповна гонах деттало "хIоьънаш"

Radiomarsho.com 

Дагестанан куьйгаллехь Iийнарг кхеле кхайкхар доьху адвокато Махкахь дина къоланаш Iорадаьхна бовла гIерта юристаш. Хьакамаша шена тIекхоьхьу кехаташ тIечIагIдеш хьийзинарг республикан коьртехь лаьттина Абдулатипов Рамазан ву, кхайкха иза тоьшаллаш дан, цунна хаа деза шен гоно хIун лелийна, боху адвокато Хасавов Дагира кхеле.   Ткъа Шихсаидов … хIун динчунна? ​Беха бу Абдулатиповн гонера, къоланаш дар зуьйш, лецначу хьаькамийн могIа: премьер-министр Iийна Гамидов Iабдусамад, цуьнан гIовсаш Исаев Шемал... Читать дальше...

Нохчийчохь эхашерачохь некъан бохамехь 16 стаг велла

Radiomarsho.com 

Махкарчу прокуратуран зерашца, шо карадеачхьана некъан бохаман хьовзамехь хиллачу инцидентийн хьокъехь 13 бехкзуламан гIуллакх листина кхелахоша. Нохчийчоьнан прокуратуран хаамашца, некъахь велла ялхийтта стаг, иттанна могушаллин зенаш дина. ТаIзарш динчу 12-нна набахтехь яккха хенаш йиттина, машен лело бакъо дIа а йокхуш.



Титиев дIахецар доьху Канадас

Radiomarsho.com 

Хьем ца беш, нохчийн бакъонашларъярхо Титиев Аюб маьршаваккхар тIедожадо Канадас Оьрсийчоьнна. Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн урхаллан Твиттерерчу агIон тIехь бина и хаам. "Канада сингаттамехь ю Титиев Аюб эхашарна лаьцна витарна. Оха кхойкху оьрсий Iедалхошка, Титиевца нийсо лелоре", - дIахьедина Канадан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Кху Iай дуьнна лаьцна латтош ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб, марихуана лелийна аьлла. Кхааридийнахь Шеларчу кхело эхашарна иза чохь вуьтуш сацамбина. Читать дальше...

ДIовше сурсташца нохчий хIаллакбеш бу аьлларг могуш ца хилла

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIебаьхкинчу наха дIовше сурсаташ кхиош ю аьлла, мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане ватсапехула арздина Гелдаганара вахархо психиатрийн чоьтехь ву аьлла, меттигерчу телеэфирехь дIакхайкхийна. Зорбанашкахь яздарца, юьртбахаман продукцех дIовше химикаташ етта китайхоша бохуш, информаци яржо йолийра бутт карабеъчхьана. Шинаридийнахь Кадыров Рамзана дIакхайкхира и хаам бакъ ца хиларх а, меттигерчу стоьмаш, хастоьмаш кхиочарна дуьхьал цхьана Iалашонца йолийна кампани ю иза аьлла. Ватсапехула... Читать дальше...

ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а латтанаш тIеман гIирсах дIацIандеш ду

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанийн латтанашкара 4 эзар гергга лоьлхуьйтурш яьхна карарчу шарахь, хаамбо "Интерфакс" агенталло. "ТIаьххьарчу кхаа баттахь кIошташкара 1, 4 эзар гектар латтанаш дIацIандина сапераша, шарахь юьхьарлаьцна план 71 процентна кхочушъеш. Кху муьрехь хьаннашкахь а, лаьмнашкахь а латтанаш толлуш ду сапераша", - яздо агенталлас. Цхьана дийнахь а, буса а 70 эккха кхераме хIуманаш карайо царна. Доккхачу декъанна, хIаллакдийраш ду лелхаза дисина артиллерийн хIоънаш а, кхиболу тIеман гIирсаш а.

Дестечо йиттина, айпейина йоI тесна йитина Iедалхоша

Radiomarsho.com 

2014-чу шарахь дестечо Байсултанова Маринас йиттина дарбан цIийне ялийначу Юсупова Мархин могушалла метта ца хIоьттина деа шерачохь. Юьхьанца, шаьш йоIана гIоле хиллалц иза шайн тергонехь латтор ю, ахчанца гIо а хир ду аьлла, дIахьединчу Iедалхоша тесна дитина цуьнан гIуллакх. Ши шо хьалха ян лерина операци янза йисина, ненан ахчанца таронаш ца хиларна, оцу бахьанашца беран могушалла эшна йогIу, яздо "Кавказан узел" агенталло. Маршо Радионо дукха яздира шен агIоншакахь, 2014-чу шеран аьхка дестечо йиттина бер айпедина... Читать дальше...

Human Rights Watch: къизаллашна дуьхьал Конвенцин низамаш ца лардо Нохчийчохь а, ГIирмехь а

Radiomarsho.com 

Оьрсийн Iедалхоша къизаллашна дуьхьал Конвенци ларъярх меморандум зорбане яьккхина Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch (HRW) организацино. Кест-кеста адамийн бакъонаш, къаьсттина ГIирмехь а, Нохчийчохь а Iалашъеш цахиларо сагатдо рапортан авторийн. Даьржина оцу мехкашкахь Нохчийчоьнан Iедалхошна критика йиначарна дуьхьал зуламаш лелор, террорхошца зIенаш хиларца шеконехь латточарна тIехь къизаллаш латтор а. Масална далийна Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб лацар. Йоллу регионехь... Читать дальше...

Нохчийчохь коррупци яц аьлла статисташа

Radiomarsho.com 

Карарчу шарахь Оьрсийчохь коррупци бахьана долуш 217 хьаькам даржера вохийна аьлла, хааме даьккхина тешам барца дIабаьхьначу пачхьалкхан белхахойн реестрна тIе а тевжаш "Би-би-си-но". И тептар вовшахтухург ю оьрсийн президентан аппарат. Тептар дуьзна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша а, тIеман дакъойн куьйгалхоша а, кIоштийн хьаькамаша а, депутаташа а. КIезиг бу цу тIехь билгалбаьхна федералан лаккхара даржахой. Реестран хаамашца, коррупци яьржина Тюменан, Свердловскан кIошташкахь а... Читать дальше...

Полисхошна шишша зуда яло тIедиллина Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошна карара бутт берзале, шишша зуда ялор тIедожош, омра юкъадаьккхина Нохчийчохь. Цунах лаьцна аудио-хаам кхаьчна Маршо Радиога ватсапехула. Полисхошна а,  ГАИ-н белхахошна а тIедиллина декхар кхочушдан дезар дIахоуьйтучу стага бахарехь, оьшу кехаташ вовшахтухуш, цхьана а кепара хьем хир бац царна, Iедалхоша цу тIехь гIолоцур ду. "Балхара дIаволий-схьаволий бохуш, осала къамелаш а ца деш, вай борша кIентий дуй дIахаийта деза вай, Дала аьто бойла вайн массеран а", - олий, дерзадо шен къамел хаамбечо.

Спорт в России и мире
Москва

Инсайты, стратегии и нетворкинг для профессионалов: 21 июня пройдет ежегодный форум «Спорт и Бизнес»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Виктория Азаренко пробилась в четвертьфинал турнира WTA в Риме


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге об энергоэффективном жилье





Путин в России и мире
Москва

Путин: Отношения России и Китая достигли наивысшего уровня в истории


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Ждём расстрела или отравления Зеленского в ближайшее время – Макгрегор


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Моргенштерн

Лейбл Алишера Моргенштерна* меняет имидж: от Bugatti Music к новому звучанию



Москва

«От всей души благодарю проект»: соотечественник из Туркменистана получил российский паспорт после запроса RT в МВД

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net