Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 09.07.2018

Кадыровна "тешнабехк бинарш" лецна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Саидов Тимур 10 шо хьалха шен букъ тIехьа Алханов Iалуца барт каро гIиртинчара къинтIера ца ваьлла Нохчийчоьнан куьйгалхо. Зама хьалха Iедал къовса арабевлла лелларш зуьйш бу Кадыров Рамзанан го. Дерриг а доладелла республикан полицин лерринчу декъан (ОМОН) буьйранча лаьттина Ахмадов Артур лацарца. Бахначу беттан 16-чохь, шоьтадийнахь, шен машенахь Соьлж-ГIалина гергарчу Пролетарское юьрта чувулуш лаьцна иза. Уггаре хьалха вевзара нахана Ахмадов эстрадерчу "Перезидент" тобан солист хиларца. ... Читать дальше...

Эхашарна Титиев чохь вуьтуш сацамбина кхелахоша

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь дIахьочу юьхьанцарчу ладегIаршкахь кхело сацам бина, ГIуран-беттан 22-чу дийне кхаччалц иза лаьцна вуьтуш, хаамбо "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто. Ехачу ханна дIататтар дузу кхелахоша, шайн леван везаш 70 теш хиларна аьлла, дийцина Титиевн адвокато Заикин Петра. Иштта сацамбина кху беттан 18-чохь гIуллакх листар хила деззачу кепехь дIадахьа а.



Шеман эскаро гIаттамхойн го лаьцна

Radiomarsho.com 

2011-чу шарахь президентна Асад Башарна дуьхьал гIевттинчу Дераа гIаларчу гIаттамхойн купна го лаьцна оршотдийнахь Шеман пачхьалкхан эскаро. Рейтерс агенталле бина и хаам оппозицин векало Шаима Абус. Цо бахарехь, Дераан Малхбузерчу гIаттамхойн коьрта база йолчу агIор Димашкъан эскарш дIагIоьртича эзарнаш меттигера бахархой гона юкъахь бисина. Оьрсийчоьнан ницкъашца гIаттамхошца бинчу бертаца а догIуш, эскархойн официалехь эвакуаци ян йолаялале тIелетта Шеман арми. ПIераскандийнахь хиллачу бертаца... Читать дальше...

Москох лаьцна Ганнушкина а, Орлов а

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лаьцна латто Титиев Аюб арахецар доьхуш, пикете арабевлла "Мемориал" бакъонашлраъяран центран кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег а, "Гражданское содействие" цIе йолчу комитетан хьалханча Ганнушкина Светлана а дIалаьцна полицино Москохарчу Манежан майданахь "Маьршаваккха Титиев Аюб" тIеяздина плакаташ хилла Орловн а, Ганнушкинан а карахь. "Китай-гIала" олучу полисхойн декъе далийнера лаьцна шиъ. Къепе йохорна аьлла, бехкебинчу бакъонашларъярхошна протокол хIоттор ду, полисхоша бахарехь.... Читать дальше...

"Пенсе вахале лиэ". Реформина резабоцчийн гуламашкара

Radiomarsho.com 

Маршо Радио (оьрсийн сервис)   Пенсе воьду хан лакхаяккхийта цалуучийн протесташ лаьтта Оьрсийчохь. Дуьненан футболан чемпионатна стадионаш латточу гIаланийн цкъачунна бакъо яц оцу боламашкахь дакъалаца – цара тIаьхьо ала тарло шайн дош. Кху беттан хьалхарчу дийнахь Навальный Алексейн гоно гуламашка яьккхира 39 гIала. Ткъа Товбеца-беттан 8-чохь профессионалийн юкъараллаша а, коммунисташа а арабехира нах акцешка. Маршо Радион корреспонденташа тергалбира гуламаш Череповец, Орел, Петрозаводск, Барнаул гIаланашкахь. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь кхелахой хIиттийна Путина

Radiomarsho.com 

Къилба ХIирийчуьрчу Лакхарчу кхелан куьйгалллехь Магометов Бека кхи а ялх шарна тIечIагIвеш омрана куьйгяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимра. Кремлан сайтехь бина и хаам. Къилбаседа Кавказан регионашкарчу хьаькамашлахь а бина хийцамаш. Кхарачойн-Чергазийчуьрчу Лакхарчу кхелан куьйгалхочун гIовс хIоттийна 6 шарна Федотов Юрий. Прикубанскан кIоштан кхелахо къобалвина Дураев ИбрехIим. Ставрополерчу кхаа кIоштахь а дIахIиттийна суьдхой. Буденновскан кхелан коьрте ваьккхина Яроцкий Александр... Читать дальше...

Коррупци лелош меттиг гучубалахь арзде аьлла бахархошка

Radiomarsho.com 

Коррупцина а, кхечу экономикехь низамаш талхорна а дуьхьал къийсам латторехь шайна гIо хилийтархьама Нохчийчоьнан экономикан, юкъараллан кхерамзаллан Кхеташоно бахархошна лерина тешаман телефонан лини схьайиллина. Нагахь коррупци лелош, я низамаш талхош меттигаш шайна хаалахь доьху цара, шайга телефон а тоьхна, информаци дIакхачор.



Автобус тIехь Париже ваха тарло Соьлжа-ГIалара

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Малхбузен" ("Западный") олучу автобусийн вокзалера дIа Пятигорск - Минск- Варшава - Берлин - Амстердам - Брюссель -  Париж йоьдучу автобусна билеташ дохка долийна аьлла, хааме даьккхина махкарчу транспортан а, зIенан а министралло. ХIора кIиранчохь еарин а, шоьтан а деношкахь делкъанна сахьт даьлча новкъаер йолуш ю автобус.

Узбекистанехь милцочо ерзина яьккхина яхархо

Radiomarsho.com 

Ахча лачкъийнарг лохуш Узбекистанехь милцочо, тIера духар охьа а даккхийтина, теллина яхархо. Цуьнан дегIаца ахча ца карийча, дIаяхийтина иза, амма ца хIоттийна лацарх долу документ. Хилларг видеоца даржийна – оцу бахьанийца балхара вохийна милцо, дуьхьал бехктакхам а боккхуш.

Ненан меттан низамашкахь ладаме хийцамаш хьехна депутато Саралиевс

Radiomarsho.com 

Къаьмнийн меттанаш Iамор берийн лааме дуьллучу низамна юкъахь хийцамашбар хьехна пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила. Хьоьху мотт шен ненаниг бацахь, иза Iамор беран шен лаамехь дита догIу аьлла къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Думан Комитетан куьйгалхочун гIовса Саралиев Шамсаила. Хьалхо и хийцамбарх Кремлехь йоьдучу кхеташонехь къадийнера депутато. Меттанийн низамашкахь хийцамбарна Саралиевна тIетайна депутаташ Делимханов Адама , Селимханов Мохьмад а, Догаев Ахьмад а, Милонов Виталий а... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу мухIажирийн берашна лерина керла школа ю ГIалгIайчохь схьаелла кечъеш

Radiomarsho.com 

Карара шо чекхдалале Нохчийчуьрчу мухIажиршна лерина 540 бер дIатардан аьтто а беш, школа схьайоьллур ю ГIалгIайчоьнан Яндарехь, хаамбина ТАСС агенталле гIишлошъяран министраллан пресс-секретаро Барахоева Индирас. Меттигерчу юьртдас бахарехь, кхалхархошна Карабулакан йистехь еш ю и доьшийла, хIунда аьлча, оцу кIоштарчу вукху школе лела гена ду берашна,  къаьсттина Iаьнан заманчохь бала хьоьгу цара. Нохчийчуьра тIебаьхкинчу мухIажиршна аьлла, республикехь 2013-чу шарера 2016-чу шаре кхаччалц дукха петарех лаьтта 17 цIа хьаладина... Читать дальше...

Кхо шо долу бер дайна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу ЦIунтинскан кIоштахь шолгIа де а ду орцанхоша 3 шо долу вайна кIант лоьху, хаамбо "Кавказан узел" агенталло. Шаитли олучу эвлахь кIирандийнахь дайна и бер. Меттигерчу бахархошна хетарехь, хино ваьхьна и кIант, хIетте а орцан министрллан белхахоша, гонахарчу кIоштийн бахархоша а арабевлла, лоьхуш ву иза.

Чехехь фестивалехь шена делла ахча тутмакхашна дала сацамбина оьрсийн журналисто

Radiomarsho.com 

Карловы Вары гIалахь дIайоьдучу 53-чу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь совгIат кхаьчначу оьрсийн режиссеро Стишова Елизаветас шена делла 15 эзар евро ахчан совгIат Сенцов Олеган а, Серебренников Кириллан а дайшка а, наношка а дIакхачор ду ша аьлла. Кхо совгIат делла оцу кинофестивалехь Оьрсийчуьрчу режиссерашна. Фестивалан тIаьххьарчу дийнахь йистхуьлучу Стишовас ша гIо лацар дIахаийтина кхеле хьоьжучу Серебренниковна а, ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, набахте хьажийначу Сенцовна а. "Сулайма-лам"... Читать дальше...

Титиевн довхаттар долийна къевлинчу неIаршкахь

Radiomarsho.com 

Шела гIалин кхелехь бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь суьдхойн ладегIарш ду оршотдийнахь дIахьош аьлла, дIахьедина "Мемориалан" векало Орлов Олега. Довхаттар кхечу регионе даккха аьллачу, адвокатийн дехар дIатеттира хьалхо кхело. "Мемориалан" бакъонашларъярхой тешна бу, дуьхьалоян бахьана данне а дацара аьлла. Кхелан кхеташо къевлинчу неIаршкахь дIахьош хиларна, Маршо Радион корреспондентан аьтто ца хилла чукхача.

Японехь токхамашкахь 100 стаг велла

Radiomarsho.com 

Даккхий догIанаш ихна хиллачу токхамашкахь 100 стаг велла Японехь, 50 лоьхуш ву, хаамбо BBC News хьостано. Японин Малхбузехь еарийдийнахь дуьйнна саццаза тIеоьхуш ду догIанаш. Ши миллион бахархошка хIусамашкара арабовла аьлла. Дийна бисинарш лоьхуш, белхаш бу дIахьош орцанхоша. Уггар даккхаий зенаш хилла Хиросиман префектурана. Синоптикийн прогнозашца, Японехь догIанаш лаьттар ду тIейогIучу хенахь а.

Динах долу низамаш хуьйцуш ю ГIиргIазойчоь

Radiomarsho.com 

Муха ду дин лелочийн хиндерг? Килсе я маьждиге дай-наношца бен лела бакъо хир яц берийн, Iедало зуьйш латтор ю ламазан чоьнаш, ткъа дин Iамо лаахь, дика деша дезар ду школехь. "Динлелоран маршонах а, динан юкъараллех а" цIе йолу низам тIеоьцуш ю ГIиргIазойчоь.

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Концентрация песка в городском воздухе возвращается к обычным значениям





Путин в России и мире
Москва

Politico: Россия проиграет войну с НАТО, предупреждает Польша (Topmember)


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Александр Розенбаум

«Это не бомжовые заведения»: 72-летний Александр Розенбаум зарабатывает миллионы на пивном бизнесе



Москва

Представители руководства Росгвардии проверили готовность парадного расчета на ночной репетиции Парада Победы

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net