Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 03.07.2018

Reuters: гIажаройн дипломат Францехь теракт кечдеш хилла

Radiomarsho.com 

Францехь теракт дан гIоьртина аьлла, Германехь лаьцна гIажаройн дипломат. Reuters агенталло хааме дакккхарца, оцу бехкашца Бельгехь лаьцна кхи а ши стаг, кхоъ лаьцна Францехь, царех ши] тIаьхьо маьршаваьккхира. ГIажаройн мухIажирийн дуьхьалонан кхеташонан съездехь эккхийтарш дан Iалашо хилла церан, чIагIдо полицино. Цу гуламехь дакъалоцуш хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн  президентан Трамп Доналдан юрист Джулиани Руди а. Полисхоша дIалаьцна дипломат гIажаройн Венерчу векалтехь болх беш хилла, болчу хаамашца. Читать дальше...



Маса килс оьшу Нохчийчоьнна?

Radiomarsho.com 

Оффициалехь 2 проценте а ца кхочу Нохчийчохь беха керстанаш. Болх беш ю таханенна 8 килс. Ян кечлуш бу мохк кхин цхьаъ а.

Москох ЦIечу майданахь буьрканах ловзуш бу мухIажирш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнна дозан тIехь бехачу мухIажирийн футболан турнир ю дIайоьдуш Москохарчу ЦIечу майданахь. Цу кепарчу акцица мухIажирийн ледарчу хьолана тIе тидам бахийта Iалашонца вовшахтоьхна и футболан турнир Fare цIе йолчу, Европехь расизмна дуьхьало латточу машано а, "Бахархошна гIолацар" ("Гражданское содействие") комитето а. Комитетена куьйгалхочо Ганнушкина Светланас билгалдаккхарца, тахана Оьрсийчохь бехачу мигранташлахь 592 стеган бен яц официалехь мухIажиран статус. "Цу юкъахь шиъ бен вац Шемара вахархо. Читать дальше...

Путинца шога хилар хьехна Трампна оппозиционеро Кара-Мурзас

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенте Трамп Доналде Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиндолчу цхьанакхетарехь шога хилар дехна оппозиционеро Кара-Мурза Владимир-жимахволчо. Иштта цо доьху, Путинца къамелехь Оьрсийчохь латточу политикан тутмакхийн хьолах а дийцар. Оршотдийнахь Женевехь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Кхеташонан гуламехь, шаьш бевллачохь, Кара-Мурзас къадош элира Трампе, цунна хьашт дац "аьтто боцуш нисделлачу, Цхьанатоьхначу Штатийн президентийн шина партига ладогIаран ламастца" ваха. Читать дальше...

Журналисташна "арахьара агент" цIе тилла лууш ю Дума

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Думан информацин политикан Комитето "арахьарчу агентех" низамехь хийцамаш бар луьстур ду шинаридийнахь. Хаамийн гIирсаш "арахьарчу агентийн" статусе баьхна ца Iаш, цаьрца юкъарлонаш лелораш а оцу тептаре бахар хьоьху цара. "Ведомости" хьостано бо и хаам, Думан депутатийн а, аппаратан белхахойн хаамашна тIе а тевжаш. ТIедогIучу кIиранах тIеэца тарло и документ. Низаман проекто "арахьара агент" лорур ю муьлхха а оцу хьостанийн материалаш яржийна структура я стаг, нагахь ахчанах пайда а оьцуш артиклаш язъеш гIо лацахь а. Читать дальше...

Титиевн дов кхечу регионехь хаттар доьху цуьнан адвокаташа

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан довхаттар дозанал а арахьа хилийтар доьху цуьнан адвокаташа Заикин Петра а, Новиков Ильяс а, хаамбо "Кавказ.Реалиис". Цхьаболчу нехан Титиевна тIехь бехк бита интерес тIехсов хиларна, ву царлахь Кадыров Рамзан а, ду шайн и дехар аьлла адвокаташа. Шинаридийнахь Шеларчу кхелехь дIаяхьа лерина кхеташо дIатеттина суьдхоша, адвокатийн дехар бахьана долуш. Кху шеран Iай дуьйнна лаьцна ву Титиев Аюб, полисхоша цуьнан машенчуьра наркотикаш яьхна аьлла, бехке а вина. Читать дальше...



ГIалгIайчохь цIераш йийла кхерам лаьтта

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Къилбарчу кIошташкахь кху кIиранчохь цIераш йийла кхерам бу аьлла, дIахьедина мехкан орцан министралло. Хьаннашкахь а, ярташкахь а цIераш йийла тарло аьлла, меттигерчу бахархошка а, регионан хьешашка а ларлуш хилар доьху министраллан векалша. Синоптикийн хаамашца, Малгобекан кIоштарчу Сагопшехь 35 градус йовхо лаьттар ю шинаридийнахь, ткъа буса 25.

Дрэг - рейсинган чемпионат Соьлжа-ГIалахь дIаяхьа сацам бина

Radiomarsho.com 

Марсхьокхучу-беттан юьххьехь Нальчикехь дIаяхьа лерина Оьрсийчоьнан дрэг-рейсинган чемпионатан шолгIа этап Соьлжа-ГIалахь дIаяхьа бартхилла, Нальчикера автодром кийча ца хиларна. 2015-чу шарахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь схьайиллира 1600 хьовсархо чу а хоьуш автодром. "Юьхьанца чемпионат ГIебарта-Балкхаройчохь керлачу автодромехь хIотто лаам бара, амма белхаш кхачо йоллуш бирзина цахиларна Соьлжа-ГIалахь дIахьур ду къийсадаларш", - аьлла Оьрсийчоьнан автомобилан федерацин дрэг- рейсинган комитетан куьйгалхочо Сеферян Тиграна. Читать дальше...

Дийнаташ муха дайа деза хьоьху Интернетера сайт дIакъевлина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь прокуратуро тIедилларца, дIакъевлина "догхантерийн" сайт. Интернетан агIонашкахь мониторинг ечу хенахь гучудаьлла яржо йихкина дийнаташца къизаллаш муха лело еза хьоьху материалаш зорбане яьхна хилар. Масала, хьоьхура жIаьлин юучух хIун тоха еза, иза дерхьама. Иштта дийцаре а деш, форумехь кхайкхамаш бора, дай боцу жIаьлеш хIаллакдан деза бохуш. Кхеле иск чуелла прокуратурано, и сайт дIакъовлар тIедожош. "Карарчу хенахь оцу сайте вуьгу некъаш дихкина ду", - аьлла, хааме даьккхина Нохчийчуьрчу прокуратурано шайн сайтехь.

Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси яр тIе ца дуьту Iамерко

Radiomarsho.com 

ГIирмана Оьрсийчоь аннекци ян гIортар къобал ца до Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа, иштта дагахь бац санкцеш юхаяха, Украинана ахгIайре цо юхаерззолц. Цу кепара дIахьедар дина оршотдийнахь КIайчу цIийнан пресс-секретаро Сандерс Сэрас. Дахначу пIераскандийнахь Трамп Доналде, Iамерка тIетовр юй Оьрсийчоьно ГIирма шен долаерзорна аьлла, деллачу хаттарна президенто "хьовсур ду вай" аьлла, жоп деллера. ХIетахь Iамерко шен позицеш хийца тарло  аьлла хетта, оцу хьокъехь комментареш йийхира Трампан администрацин векалшкара. Читать дальше...

Каримовс дийцина, хьенан ахчанах буьллур бу Нохчийчу аьчка некъ

Radiomarsho.com 

Нохчийчу вало аьчка некъ билла ахча федералан  бюджетера хила а тарло, я кеп-кепарчу корпорацийн, иштта инвесторийн фондийн а аьлла, дийцина РБК-н агенталле мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис. "Дуьненчохь ахча дукха ду. Цу кепара проект цхьана регионе кхочуш ца яло, цундела ахчанаш дала тарло инвесторийн фондаша а, кеп-кепарчу компанеша а. Я масех регионе а кхочушъялур йолуш яц и йоккха федералан проект. Уггар коьртаниг ду –и аьчкан некъ оьшуш хилар хаар", - аьлла Каримовс. Краснодарера... Читать дальше...

Петарбухахь "Ахмат" клуб схьайиллина

Radiomarsho.com 

Петарбухарчу Петроградан кIоштахь нохчийн "Ахмат" латаран клубан дакъа схьадиллина. "ВКонтактерчу" шен агIон тIехь бина и хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Боккха кхаъ бу Петарбухахь "Ахматан" 120 стаг чутарлуш клубан филиал схьаеллар. Цу чохь спорт лело таро хир ю буоберийн а", - яздо Кадыровс. Цо бахарехь хIинцале а болх болийна пхеа тренеро, юкъ-кара дуьненан спортхоша мастер-классаш гойтур ю цу клубехь. Петарбухан губернатор Полтавченко Георгий Нохчийчу веанчу хенахь Петарбухан цIарах урам схьабиллира Соьлжа-ГIалахь.

Веданан кIоштарчу маьждигашкахь талламаш болийна

Radiomarsho.com 

Макажахь а, Хойхь а маьждигашкахь талламаш болийна кху деношкахь Ведана кIошатан къедас, муфтиятан тIедилларца. "Зеран коьрта Iалашо ю маьждигийн хьоле хьажар, ламаз оьцу чоьнаш а, кешнийн дозанаш а, имамаша шайн декхарш муха кхочушдо таллар а", - аьлла, дIахьедина Нохчийчуьрчу муфтиятехь.

Къевлинчу неIаршкахь дIахьош Титиевн кхел

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхан ладегIарш дIахьош ду шинаридийнахь Нохчийчохь. Кхелан кхеташо къевлинчу неIаршкахь хир йолуш ю, делахь а адвокаташ дехар дан дагахь бу кхелахочуьнга цхьадолу дакъа диллина хилийта аьлла, нагахь бакъоларъярхо чохь вуьтуш сацам тIеоьцуш белахь муххале а, дийцина "Мемориалан" пресс-гIуллакххоша. Карладоккху, Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Цуьнан машен чохь марихуана карийна аьлла, бехкево иза Iедало. Бакъонашларърхочо а... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Арина Соболенко

Арина Соболенко призналась в том, что не любит женский теннис


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Шапка

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Москва

Брата 12-го фигуранта дела о теракте в "Крокусе" арестовывали за хулиганство

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net