Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 24.07.2018

Дош ала Нохчийчохь кхераме делахь а…

Radiomarsho.com 

ТIахь-тIаьхьа лагIлуш бу Нохчийчуьра дахар, нехан гIайгIанаш, Iедалера долу дика-вон дуьненна довзийта журналистийн хуьлу аьтто. Оьрсийчоьнан бахархоша емалъеш йолчу "пенсин реформах" хетарг нахе хатта аравелира Маршо Радион Нохчийчуьра корреспондент. Ткъа данделларг хIара ду…

"Хийцалур дац хIумма а". Ярославл-мохк, тутмакхашкара шийла хьал

Radiomarsho.com 

Алина Пинчук, Маршо Радио (оьрсийн редакци)   "Новая Газета" ("Керла Газет") дара Ярославан махкарчу №1 набахтехь тутмакхна етташ яьккхина видео дуьххьара гайтийнарг. Иза яьржинчул тIаьхьа 6 набахтин белхахо лаьцна Iедало. "Юкъараллин вердикт" фондера адвокат Бирюкова Ирина яра Макаров Евгенийна рогI-рогIехь етташ хьийза Iедалхой нахала баьхнарг – цуьнан цул тIаьхьа сихонца яда дезна Оьрсийчуьра, Талламан комитете шена хадар а доьхуш. Набахтешкахь тутмакхашна етташ хиларх лаьцна баржочу хаамаша цец ца воккху цхьа а. Читать дальше...



Евкуров мехкан урхаллехь витар доьху депутаташа

Radiomarsho.com 

Кху шеран гурахь хинболчу мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалацийта Евкуров Юнус-Бекан кандидатура тидамеэцар деха сацамбина "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин инарла кхеташоно Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Стигалкъекъа-баттахь Петарбухахь йоьдучу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь Евкурвос дIахьедира, кхи дIа а ГIалгIайчоьнан урхаллехь виса кийча ву ша, нагахь Оьрсийчоьнан президенто шен кандидатура парламенте кховдаяхь аьлла. "Тхо тешна ду, Евкуровс урхалла а деш, кхи дIа а тхан республика экономикехь а... Читать дальше...

Желтойчохь цIераш йийлина, нах баьгна

Radiomarsho.com 

Желтойчоьнан хьаннашкахь цIераш йийлина мел лаххара а 50 стаг велла, бIе сов ву чевнаш хилларг. Царех доккхахдолу дакъа чолхечу хьелашкахь ду. Меттигерчу Iедалхоша бина и хаам шинаридийнахь. Масех регионехь чолхечу хьолан раж кхайкхийна. Афинашна гена йоццучу курортан кIоштахь яьлла уггар а йоккха цIе, цигахь 24 стаг ваьгна велла. БIеннашкахь орцанхой а, эскархой а бу цIе яйа тIеоьзна. Евробертан пачхьалкхашка орца дехна желтоша. ТIаьххьарчу иттех шерашкахь уггар яккхий лоруш ю кхушарахь йийлина цIераш. Читать дальше...

Шина муфтиято чIирхошна юкъахь маслаIатдарх дийцина

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан муфтин гIовсан Хетиев Ансаран цхьанакхетар хилла Дагестанерчу динан урхаллерчу маслаIатан декъан куьйгалхочуьнца Арсланалиев Мохьмадца а, цуьнан белхахошца а. Цара дийцаредира чIирхошна юкъара дов дIадаккхарх доьзна хеттарш, хаамбо Нохчийчоьнан муфтиятан пресс-гIуллакххоша. Хетиевс билгалдаккхарца, Нохчийчохь кхоьллинчу маслаIатан тобан коьрта Iалашо ю мостагIалла юкъадеанчу шина а агIонна, уьш берта бахийта хьелаш кхоллар. Нохчийчохь боьхна доьзалш юха вовшахтухуш маслаIатан комисси а ю кхоьллина... Читать дальше...

ГIалгIайн полисхо кхаъ эцарна бехкево

Radiomarsho.com 

Кхаъ эцарна а, полицин стационаран постехула стаг чекхваккхарна а талламхоша шеконашка эцна гIалгIайн полисхо. Талламчийн версица, кху беттан 19-чохь некъан полисхойн постехь автомобил дехьа йолуьйтург машенлелорхочуьнгара 24 эзар сом ахча эцна полисхочо "Кавказ" олучу коьртачу новкъахь. Ахча схьаэцначул тIаьхьа дIалаьцнера полисхо. Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло талламаш болийна, цул тIаьхьа балхара вохор волуш ву бехкевийриг аьлла, яздина ду ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь. Читать дальше...

Шемахь хиллачу Дудуркаева Седина кхел йийр ю Туркойчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу миграцин урхаллан куьйгалхо лаьттинчу Дудуркаев Асун йоьIан Дудуркаева Седин кхел карабогIучу баттахь хир йолуш ю Истанбулехь аьлла, хаамбина цуьнан нанас "Кавказан узел" агенталле. Шемарчу даIишхойх дIакхетарна бехкеен Седа шен шина бераца Истанбулерчу набахтехь латтош ю. Масех шо хьалха Шема дIаяхана Дудуркаева Седа Туркойчохь лацарх хаамбира зорбанашкахь кху беттан 20-чохь. Верриг а Истанбулехь антитерроран рейдашкахь дIалаьцнарг ву пхи стаг. "Седа лаьцна юьтуш кхело сацамбина дахначу оршотдийнахь. Читать дальше...



Экстремизме материалаш социалан машанехь яржорна гIуда тоьхна вахархочунна

Radiomarsho.com 

Махкарчу прокуратурано къайлахчу сервисашца юкъахь талламаш дIахьо, Интернет машанахь экстремистийн материалаш яржораш, экстремистийн организацийн атрибутикна я символикана пропаганда йийраш а Iорабохуш. Интернетехь мониторинг ечу хенахь гучудаьлла махкарчу цхьана жимчу стага "ВКонтактерчу" шен агIон тIехь кхелан сацамца экстремизме лерина, федералан тептаре яьхна артиклаш яржош хиллийла. Оцу бахьанашца цунна дуьхьал айдинчу административан гIуллакхца а догIуш, гIуда хьарчор ду вахархочух. Билгалъяьккхинчу... Читать дальше...

Хьехархошна 200 эзар премеш ло аьлла Путина

Radiomarsho.com 

ХIора шарахь хьехархойн дийнахь Оьрсийчуьрчу эзар хьехархочунна 200 эзар ахчан барамехь премеш дIасадоькъур ду пачхьалкхан президентан Путин Владимиран омраца. Тоьлла хехархой къастор бу конкурсехь хиллачу жамIашца. Цу къовсамехь дакъалаца таро хир ю кхаа шарахь школехь болх бинчу муьллхачу а хьехархочун. Цкъа конкурсехь хиллачун бакъо хир яц пхи шо ца даьлча, юха а барамехь шен корматалла къовса. Федералан бюджетера лур долуш ду хьехархошна совгIатна аьлла, билгалдаьккхина 200 миллион ахча.

Вевзачу лоьрана дарбадар могушаллин министралло шена тIе лаьцна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу беран а, ненан а могушалла ларъяран клиникан центран лор-реаниматолог Кисиев Бекхан цIе ца йоккху лазарца къийсам латтош ву еххачу хенахь. Социалан машанашкахь цунна дарбанна ахчанца гIо доьхуш хаамаш баьржина. Кху деношкахь махкарчу могушаллин министраллан куьйгалхочо Сулейманов Элхана шена тIе лаьцна Кисиевна дарбадар. Могушаллин министарллан сайт тIехь бина и хаам.

Зуламаш дар лахделла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Зуламаш дар лахделлла, ткъа уьш таллар 88, 5 проценте хьалалаьлла аьлла махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь. "Дика гайтамаш бу, махкарчу полисхойн корматалла лакхара хиларан билгало ю иза. Вай регион уггар а кхерамза, маьрша республика ю, ишта хила езаш а ю", - аьлла, тIечIагIдина Кадыровс.

Алименташ тIехьарчийначун бакъо хир яц машен лело

Radiomarsho.com 

Алименташ тIехьарчийнарш машен лело бакъо лучу экзамене тIе ца буьтуш низаман проект кечъеш ю юридикан министреллехь аьлла, хаамбина йоьдучу горгачу стоьлехь Оьрсийчуьрчу пурстоьпийн урхаллан куьйгалхочо Аристов Дмитрийс. "Стенна воьду хьо машен Iамо а, нагахь и эца таро хьайн ца хилча, хьо декхаршлахь хилча? Айхьа декхар дIатаккхалц гIаш лела, я ахча кхоа а деш, юкъарчу транспорт тIехь дIасалела", - аьлла Аристовс. Цо бахарехь, юкъадалочу низамна тIетайна чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а.

Нохчийчуьрчу туризман комитетах министралла еш ю

Radiomarsho.com 

Мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан тIетайна туризман Комитетах министралла еш кховдийначу дехарна. Туризман министралла а кхуллур ю, керла вице-премьеран дарж юкъадалош ду аьлла, бина хаам бу мехкан куьйгалхочун официалан сайт тIехь. Керла хаьржинчу вице-премьеро уьйраш латтор ю регионерчу экономикан блокан а, пачхьалкхан бахаман а, энергетикан а, Iаламах пайдаоьцучеран а. Иштта дIайохор ю туризмехула а, бизнес кхиорехуда а йолу комитеташ. Бан леринчу хийцамашна тIе а товш, Кадыровс билгалдаьккхина... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Шествие трубачей и уроки танцев: что ждет посетителей парков Москвы в майские праздники


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Виктория Азаренко

Азаренко не смогла пробиться в 1/8 финала турнира в Мадриде, уступив Соррибес-Тормо


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Эксперт: корректировка порогов крупного и особо крупного ущерба по экономическим статьям оправдана и своевременна


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Александр Розенбаум

«Это не бомжовые заведения»: 72-летний Александр Розенбаум зарабатывает миллионы на пивном бизнесе



Москва

Достижения Подмосковья в строительстве жилья представили на ВДНХ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net