Хинан къоьлла бахьана долуш митингаш йолийна гIажароша
ГIажарийчуьрчу Коррамшар гIалахь меттигерчу бахархойн тасадаларш хилла полисхошца хинан къоьлла бахьана долуш. ИРНА агенталлан хаамашца, протестхоша Iедална критика еш лозунгашца маьхьарий а диттина. БIаьргаш Iовжон газ хецна гулбеллачарна дуьхьал полисхоша, шайна тIулгаш детта буьйлабелча. Буса сахиллалц къепе йохош, арахь лаьттина нах. Протестхой гулбеллачуьра яржийначу видео тIехь хезаш ду дуьйлу герзаш, лазийна, вийна стаг ву вац хоуьйтуш дац цкъачунна. Хи тоьаш ца хиларна митингаш хIиттийра... Читать дальше...