Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 26.07.2018

Басаевс Путине яздина кехат Iорадаккхарна дIакъовлуш ю "Бесланан бакъдерг" сайт

Radiomarsho.com 

2004-чу шарахь Бесланерчу школана дина тIелатар таллархьама йиллина "Бесланан бакъдерг" сайт дIакъовлар тIедожийна Роскомнадзоро, хаамбина сайт лелочу Литвинович Маринас. Бахьана - школана тIелатар динчийн йозанаш оцу сайтан агIоне дахар ду. Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире Басаев Шемала яздинчу кехатан чулацам бовзийтира 2006-чу шарахь кхеташонехь прокуроро Семисынова Марияс. Амма, "Бесланан бакъдерг" сайто чIагIдарца, Семисыновас дIадешна протокол оцу кехат тIехь хиллачуьнца цхьана догIуш дац. Читать дальше...

Шема баха луучийн терахьаш довзийтина нохчийн Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Шемарчу даIишхойх дIакхета Iалашо хилла 10 стаг сацийна шаьш Дечкен баттара байначу батте кхаччалц, ткъа дахначу шарахь 50 жимстаг лаьцнера шаьш аьлла, дIахьедина Нохчийчуьрчу полисхоша. "Кху тIаьххьарчу эхашерачохь чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша дIаяьхьначу рейдашкахь Гергарчу Малхбале дехьа а бевлла, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета кечвеллачу итт стагна новкъарло йира. Иштта меттиггера бахархой тIемалойн тобане ийзон пхи меттиг а гучубаьлла", - дийцина "Кавказан узел" агенталле  церан хьостано. Читать дальше...



Накъостан машен йигначу нохчочунна дуьхьал гIуллакх долийна

Radiomarsho.com 

Москохан кIоштарчу вахархочо Сочехь полисхошка орцадаьккхинера, шен БМВ машен йигина аьлла. Буьйсанна машен цхьана цIенна уллохь латийна а йитина, дехьаваьллера иза. Машенчохь висинера цуьнан накъост, Нохчийчуьра 28 шо долу жимстаг. ГIуллакх чекхдаьккхина юхавирзича, хIоттийначохь ца карийра цунна машен. Телефон дIатоьхча жоп луш а ца хилла кхуьнан накъоста, тIаккха полице ваьлла иза. ГIалин цхьана урамехь хааеллера полисхошна йигина кхуьнан машен. Машен йигинчо, ша гIали юккъехула хахкавала ваханера... Читать дальше...

Титиевн кхеле 6 теш веана

Radiomarsho.com 

Хьем а беш, долийна еаридийнахь бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан довхаттар Шеларчу кхелехь. Полисхочуьнга Юнусов Мохьмаде дечу хеттаршца йолийра кхеташо. Титиевн гIуллакхах процесс йолаелла кху беттан 19-чу дийнахь. Прокуроро бехк тIечIагIбеш, сацам бовзийтинчул тIаьхьа кхелахоша барт хаьттира ворхI теше - полисхошка. КIад болу хIуммаъ ца дийцира цара Титиев лоцучу динахь хиллачух. Дечкен-беттан 11-чохь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев, марихуана хилла цуьнгахь аьлла. Ша бакъонашларъярхочо полисхоша шена кхийсина лору наркотикаш. Читать дальше...

Шемахь динчу терактехь велларг 246 стаг ву

Radiomarsho.com 

Шемарчу Эс-Сувейдехь динчу терактехь беллачийн терахь 246 лакхадаьлла. France-Presse агенталло бо и хаам, адамийн бакъонаш ларъярна тIехь мониторинг латточу Шемарчу центран хаамашна тIе а тевжаш. Маьршачу бахархойх 135 стаг ву байинчарлахь. Де хьалха дийнахь дина Сувейдехь теракт. Адамах юьзначу базарахь цхьана Iожалхочо бомба эккхийтира, вукхо эккхийтира ша луларчу кIоштахь. ТIаьххьарчу беттанашкахь жигара даьхна теракташ Шемахь. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано шена тIелаьцна динчу тIелатарх... Читать дальше...

Къилба ХIирийчу дIахьажийна Словакино схьавелла Яндиев

Radiomarsho.com 

Теракташ лелийна ву аьлла, бехкевина, Словакера депортаци йина Яндиев Аслан БуьритIерчу къайлахчу сервисийн изоляторчу воьллина. Маршо Радионо яздира, Къилба ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштахь ваьхна гIалгIа Яндиев Аслан, Оьрсийчоьнан дехарца Словакино 2011-чу шарахь дуьйна дIалаьцна а латтийна, кху деношкахь Братиславера Москох доьдучу кеманца дIахьажорах. Талламчийн лаамца, Москохара БуьритIе дIакхачийна иза. 2005-2006-чу а шерашкахь Къилбаседа ХIирийчоьнан дозан тIехь герзашца леллачу тобанашца цхьана зуламаш лелийна аьлла... Читать дальше...

Депортацехь хиллачу вайнахах керла документаш кхаьчна гIалгIайн архиве

Radiomarsho.com 

Къам махках даьккхинчу шерашкахь Казахстанехь а, ГIиргIазойчохь а бохийначеран хиллачу дахарх, некъах йоккха материал кхаьчна ГIалгIайчоьнан архиве. Цу мехкашкарчу архиван хьукматашкахь документаш юхаметтахIиттош боккха болх бира гIалгIайн историкаша-говзанчаша. Вайнаха хийрачу мехкашкахь лайначух лаьцна 2000 агIонах лаьтта документаш а, кадраш а каракхаьчна церан. ГIалгIайчоьнан Архиван фонде кхачор долуш ду и документаш аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле гIалгIайн пачхьалкхан архиван директоро Картоев Мохьмада. Читать дальше...

Шемахь вийна Батирашвили Тамаз

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн хьалханча лаьттинчу Батирашвили Тарханан (Аш-Шишани Iумар) воккхахволу ваша, ПIаьнказан чIожерчу Биркианера схьаваьлла 38 шо долу Батирашвили Тамаз вийна Шемарчу тIамехь аьлла, шайн сайтехь хааме даьккхина гуьржийн "Рустави 2" телекомпанино. И хаам тIечIагIбина ПIаьнказарчу бахархоша а. Цара дийцарехь, Батирашвили Тарханан воккхахволу ваша тIеман тийсадаларшкахь вийна, ткъа цуьнца хиллачу цуьнан доьзалан кIелхьарабала аьтто баьлла. Биркианехь вехаш хилла Тамаз 2013-чу шарахь дIакхеттера даIишхойх... Читать дальше...

"Ведучи" схьаелларца экономика тоелла, белхан меттигаш евлла аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Федералан бюджетера Къилбаседа Кавказан курорташ кхион 18 миллиард сом ахча даларх бинчу хаамех комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Iаламат чIогIа гIараяьлла ю "Ведучи" курорт. Цига оьхучу туристашлахь бу Москохара, Петарбухара, ишта кхечу гIаланашкара а, регионашкара а нах. Дукха бу кхечу пачхьалкхашкара оьхурш а. Лаьмнийн кIошташкахь экономикана чу са деана и курорт ярца, дуккха а белхан меттигаш нисйина, инвесторш чутаттабела", - яздина Кадыровс шан Телеграм-каналехь. Читать дальше...

Пекинерчу Iамеркан векалтна хьалха эккхийтар дина

Radiomarsho.com 

Пекинерчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалтна хьалха эккхийтар дина еаридийнахь. Iамеркан дипломатийн векалалла чохь йолчу гIишлонна уллохь доккха тата даларх хоуьйту гергахь хиллачара. Велла я лазийна стаг ву аьлла цкъачунна хаам бац. Йоллу территори гоне лаьцна полисхоша.

Спорт в России и мире
Москва

Якутянин победил на первенстве России по настольному теннису


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева установила новый рекорд на турнирах WTA-1000


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Песков: возможное изъятие активов РФ будет солидным гвоздем в гроб западной экономики


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



НОПРИЗ

Уральские проекты победили в Международном профессиональном конкурсе НОПРИЗ на лучший проект – 2023



Москва

Километровые пробки на трассе М-12 "Восток": Водители часами стоят в очереди на заправку - Mash

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net