Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Оьрсийн мотт бийца!

0
Идрисова Барият



 


Ненан меттанаш тIехьататта дезар ду, цхьайолчу школашкахь хьеххане а хьоьхур бац


Пачхьалкхан Дума тоьлла - тIаьххьара а тIеийци цо меттанех долу низам. Меттанаш Iамор тIерадолуш дац, амма муьлха мотт шен берана Iамо беза дас, нанас къастош хир ду хIинцачул тIаьхьа.


Кхо бутт хьалха Оьрсийчоьнан федералан дешарх долчу низамца хийцамаш бан беза аьлла гIаттийра депутаташа Думехь. Цул тIаьхьа ши бутт баьлча, массара а бийцаре а бина, чекхбехира хийцамаш шайн хьалхарчу дийцаршкахула. ХIинца уьш тIечIагIбина, инициатива низаме йирзина яьлла.


Юьхьанца йийцаре яьккхинчу кепо мехкашкарчу къаьмнийн меттанех бераш мукъадохура, нагахь санна царна уьш Iамо ца лаахь. Ткъа тIеэцначу варианто Iамо тIебиллинарг нисло беро шен "ненан мотт" бу аьлла къастийнарг. Масала, хьо оьрси вацахь а, кехаташ тIехь яздойла ду хьан, "оьрсийн мотт бу сан "ненан мотт", тIаккха хьо декхаре а ву иза Iамо.


Низамехь бинчу хийцамах дош олуш, Думин комитетан лидеро Никонов Вячеслава элира, шен хьесапехь нах а тебеш: низаман керлачу редакцино "дIаяьхна хьаьнггахь а хила тарлуш йолу шеконаш".


"Кавказ.Реалиино" низам дийцаредечу юкъанна хаийтира Европерчу 87 лингвисто Пачхьалкхан Думе шен инициатива юхаяккхар дехнийла. "Керлачу низамо чIагIбийр бац, мелхо а гIелбийр бу къаьмнийн меттанаш", бохура цара.  


Меттанашца къовсам болабелира стохка аьхка, къаьмнийн юкъаметтигаш йийцаре ечу Йошкар-Оларчу кхеташоне кхаьчначу Путин Владимира къаьмнийн меттанаш Iамор берийн лаамца доьзна хила деза аларца.


"Оьрсийн мотт – пачхьалкхан мотт бу, къаьмнийн юкъарлонийн мотт, иза хуьйцийла дац, дуккха а къаьмнех лаьттачу вайн пачхьалкхан ца хилча ца йолу лард ю иза. ХIораниг а ву иза хаа декхаре. Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш а бу шатайпа йолчу Оьрсийчоьнан культуран дакъа. Меттанаш Iамор – конституцино елла бакъо ю, лаамехь къастош йолу бакъо", - элира хIетахь президенто.


Путинан къамел ца тайра мехкашкарчу юкъараллашна, къаьмнийн меттанаш "охьатовIабе" бохучух хезира царна и къамел. Къаьсттина реза яцара ГIезалойчоь. Думехь низам хуьйцу тоба кхоллаелча, гIезалойн Пачхьалкхан Кхеташоно дIахьедар а тIехь хьажийра Думин спикере Володин Вячеславе, инициатива Сталинан репрессешца а юстуш.


Дагестанехь хьал деста доладелира дешаран керла шо доладаларца – цигарчу дешаран министралло берашна хьоьхучу сахьташна юкъара дехира ненан меттан сахьтийн дакъа, цхьайолчу меттигашкахь ненан меттанаш хьехар факультативан кепе а доккхуш. Къовсамехь туьйлира протестхой – битира сахьтийн барам хьалха ма-хиллара. Амма мехкан прокуратура талла йолаелира мел лаьа дай-наношна шайн берашна ненан меттанаш хьехийта. Дас, я нанас оцу хьокъехь кехатца къадийна хила беза и лаам, чIагIдора прокурораша.


Оьрсийн мотт эша а беш, ненан меттанашна дIалора сахьташ цхьоболчу мехкашкарчу школашкахь, тIедожадора берашна шайн боцу мотт Iамор, хIинца иза хир дац, яздо  "Российская газето". Цо дийцарехь, Инарла Прокуратурано теллина дай-наноша дина хилла аьрзнаш, бакъ хилла мехкашкахь берашка шайн боцу мотт Iамабойтуш хилла хилар, боху газето.


"Кавказ.Реалиино" деллачу хаттарна жоп луш, Дагестанан Прокуратуран векалша хаамбира, шайга школашкахь меттанаш хьехарца  доьзна цхьа а арз ца кхаьчна нахера, аьлла.


Меттанаш Iамор лааме даккхар "хьекъале а ду, конституцица а догIу", аьлла хета Дагестанан лерамечу хьехархочунна, республикан къоман политикан министрна Гамалей Татьянина.


"Кавказ.Реалиин" шеца хиллачу къамелехь цо элира: "Суна а хета нах тIеIитта ца беза аьлла, цхьаболучара иза пайде ду бахахь а. Массех къомах хIиттабелла доьзалш бу вайн дуккха а", - боху цо.


Мелхо а къовсам пайдене бирзина, иза бахьанехь кхоьллина президентан гонехь ненан меттанашна гIорторъяран Фонд, элира Гамалейс.


"Ненан меттанийн Iаманташ кхуллур ю IаьIначу ахчанах, ткъа иза йоккха проблема ю Дагестанна. Меттанаш Iаморан концепци а кхуллур ю, иза хьехархошна пайда бу. Ткъа меттанех йолу тема резонансе яларо гойту наха меттанех сагатдойла, аьлла хета министрна.


Воккхавер ца хаало Дагестанерчу суьйлийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйгалхо йолчу Мухадинова Бахун къамелехь. Дагестан "ши лерг а лаьцна озийна проблеми декъа", шайн боцу меттанаш лаамза Iамочу мехкашна дуьхьало еш бина дешаран низамца хийцам, боху цо.


Мухадиновс дечу тоьшаллица, Дагестано цкъа а ца дина бераш шайна хьашт боцу меттанаш Iамо:  Нехан "ненан меттанаш" кхузахь цхьаьнгге а ца Iамабойтура, амма хIинца арадаьллачу низамо оьрсех доцчу берана а ала торуьйту оьрсийн маттах "ненан мотт". Оцу хьолехь сахьт дац вай вешан мотт бицбан а".





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net