Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 17.04.2018

Полицино 29 дуьхьалонан акцин декъашхо лаьцна Ереванехь

Radiomarsho.com 

Ереванехь полицино лаьцна Эрмалойчоьнан президент хилла Саргсян Серж премьер-министран дарже хIотто дагахь болчу парламентан декъашхошана дуьхьал акцеш дIахьош волу 29 жигархо. Парламентана хьалха хиллачу тасадаларшкахь лазийна бу иттаннаш демонстранташ. Iедалша шаьш ницкъах пайда оьцур бу аьлла варе биннашехь, бIеннаш демонстранташа дIакъевлина Ереванан юккъера урамаш. Дуьхьалонан акцин лидеро Пашинян Николас, деша а ца доьшуш, этIийна полицин хьаькаман когаметто, демонстранташа низам дохийна аьлла, шега кховдийна кехат. Читать дальше...

Австре веъна иллиалархо Расаев Хьусайн

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь гоьваьллачу иллиалархочун Расаев Хьусайн ву Европехула турне еш. Цуьнан концерташка хьовса хьаьгна бу дозанал арахьа беха вайнах. Маршо Радион корреспондент цхьанакхийтира цуьнца. Дахарах, кхоллараллах, дуьнене болчу хьежамех дуьйцуш, дехха къамелаш хилира тхан.



"Хуур дар-кха Макитов Хьусай оьрси хиллехь…"

Radiomarsho.com 

Садовская Алена ФСБ-н белхахоша ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо вер ца хьехадо федералан хаамийн гIирсаша Зазадоккху-беттан 6-чу буса стаг вийна ГIебарта-Балкхаройчохь – бехначу ницкъхоша, саца а вина, довдаьккхина шина вхархочуьнца, леташ, урс диттина, вийна цхьаъ. Бохамах лаьцна алссам даржийна социалан машанаша а, Кавказан тематика тергонехь кхобучу цхьаболчу хаамийн гIирсаша а ("Кавказ.Реалии" а ю церан декъахь). Амма федералан сайташа а, телевизионаша а, оппозицехь ларалучу либералаша а хьахоза битина хилам. Читать дальше...

Футболан чемпионат йоьдуш 30 лор хир ву болх беш "Ахмат-Аренехь"

Radiomarsho.com 

"Ахмат-Арена" стадионехь Мисаран футболан тоба чемпионатана кечлуш болх беш хир ву 30 лор, яздо Кавказ.Реалиино. Царех 9 ву ингалсан а, Iаьрбийн а меттанаш хууш. Нохчийн лоьраш хIора денна тренингаш а еш кечлуш бу Дуьненаюкъарчу Футболан ассоциацин (FIFA) аттестацех чекхбовла. Цул тIаьхьа церан болх бан бакъо хир ю кху аьхка Оьрсийчохь Дуьненан футболан чемпионат дIайоьдуш. Мисаран футболан тоба туп тоьхна хир ю Соьлж-ГIалахь. Цу тайпачу турнирехь дуьххьара дакъалоцуш ю иза кху тIаьхьарчу 28 шарахь. Читать дальше...

Говрийн спортан ловзарш хир ду Соьлж-ГIалахь Стигалкъекъа-баттахь

Radiomarsho.com 

"Сира дин" цIе йолу говрийн парк схьайоьллур ю Соьлж-ГIалахь Стигалкъекъа-баттахь, хаам бо "Это Кавказ" сайто, цу гIалин мэрана Хучиев Муслимана тIе а тевжаш. Парк схьайоьллучу дийнахь цигахь дIахьур ду говрийн спортан ловзарш. «Сира Дин» паркехь хир бу говраш йолайолуьйту ши го, хIора 2,5 километр а болуш. Циггахь болх беш хир ю говр хахка Iамон центр а, иппотерапин центр а. Ерриг а паркехь латтор ю 20 говр а, 10 пони а.

Кадыровн фондо мухIажирашна 20 гIу яьккхина Бангладешехь

Radiomarsho.com 

Мьянмера бевдда рохIинджа къомах болу мухIажираш дIатарбинчу меттигашкахь молучу хинах кхачо ян 20 гIу яьккхина Кадыровн фондо деллачу ахчанах. Цунах лаьцна хаам бо "Это Кавказ" зорбанан хьастано. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, хIинца хи тоьар ду цигарчу массо а нахана. Цо иштта хаам бина, Стигалкъекъа-баттахь Фондан делегаци а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а волу векал Сабсаби Зияд а Бангладешерчу четаран гIала ваха дагахь хиларх лаьцна. Читать дальше...

Мадонна, футбол, Кадыров – хIун зIе ю?

Radiomarsho.com 

Магомедов Закир ХIолливудан а, спортан а "седарчаша" сагатдо Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочух Дуьненан футболан чемпионат йолаелча, Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгаллехь лаьттина бакъоларъярхо Титиев Ойб дIахецар доьху кампани яржа мега. Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а цхьаьнакхетараллахой дагахь бу оцу боламна юкъа, гоьбевлла футболхой боцуш, бевза актераш а, эшаршлакхархой а, къаьмнийн жигархой а оза. Соьлж-ГIаларчу цхьана бакъоларъярхочо "Кавказ.Реалига дийцира, боламехь дакъалацар дехна Нохчийчуьрчу жигархошка а аьлла. Читать дальше...



"Iадвитийша тхан паччахь"

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь Абдурахманов Тумсона кхерамаш тийсина, цул тIаьхьа меттахбевлла нохчийн полисхой

ХIирийчохь мехах герз схьалахьош ю Росгварди

Radiomarsho.com 

Бакъоа йоцуш латтон герз шайн лаамехь Iедалшка дIадаларан 10 денна лерина акци ю дIахьош Оханан-беттан 15-чохь дуьйна Къилбаседа ХIирийчохь. Цунах лаьцна хаам бина Росгвардин республикерчу урхаллан векалша, яздо Кавказ.Реалиино. Оьрсийчуьрчу низамашца а догIуш, шен лаамехь герз охьадиллинарг бехказа вуьтуш ву бехктакхаман таIзарх. Цул сов, республикерчу Iедало бинчуу сацамца, герз дIаделлачу нахана луш ду ахча. Мехаш иштта ду. Дендаргаш кхуьссучу тоьпан мах бу 15 000 сом, масатоьпах ло 10 000 сом... Читать дальше...

Ши бIаь сов эзар вахархо ток йоцуш висна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

286 эзар гергга вахархо элекстросерлонах пайда эца йиш йоцуш висна Нохчийчохь, ток лон система йохар бахьана долуш. Болчу хаамца, иза хилла Гуьмсан-кIоштахь. Карарчу хенахь кхачамбацар дIадоккхуш болх беш бу говзанчаш.

Шемарчу Шайрат авиабазина ракеташ ца тоьхна шаьш, боху Пентагоно

Radiomarsho.com 

ХIомсерчу Шеман Iедалан тIеман ницкъийн Шайрат авиабазина тохарш дарна шаьш декъа дац, аьлла дIахьедар дина Пентагоно. Карарчу хенахь цу кIоштахь цхьана а кепара тIеман операцеш дIахьош дац шаьш, боху Iамеркан тIеман министраллан векло, хаам бо Reuters агенталло. Шемарчу Шайрат авиабазина шинарин дийнахь ракеташ тоьхна аьлла хаам бинарг ю меттигера SANA агенталла. Тохарш динарш муьлш бу къастош ду Асдан Iедал. Агенталло дийцарехь, Шеман стигал ларйон системо схьалецна цига хьажийна йолу ракеташ.

Amazon-ан 2 миллион IP-адрес дIакъевлина Роскомнадзоро

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу Роскомнадзоро блок хIоттийна Iамеркан Amazon-ан 2 миллион IP-адресна дуьхьал. Иза хилла шена хIоттийначу блоках хьалхаяла Telegram мессенджеро Amazon-ан сервисех пайда эцар бахьана долуш.   Цунах лаьцна хаам бина коррупцица къийсам латторан Фондан жигархочо Здольников Владислава. Цо дийцарехь, Amazon-ан IP-адресаш дIакъовлар формалан кепара доьзна дац Telegram дIачIагIа суьдо бинчу сацамца. Иза динарг ю аьлла юьйцург ю Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратура. Оршотан-дийнахь дуьйна Оьрсийчохь болх бечура сецна Telegram. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Команда подмосковного главка Росгвардии заняла призовое место на чемпионате Центрального округа по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время пути поездов от Москвы до Черного моря до 16 часов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Минск не исключает попыток оппозиции оторвать часть территории Белоруссии в пользу НАТО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: встречи по продвижению "формулы Зеленского" дают Киеву чувство вседозволенности


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Игорь Бутман

Квинтет Игоря Бутмана и певица Фантине впервые выступят на джазовом фестивале в Бахрейне



Москва

Женщина погибла в результате ДТП в Кузьминках

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net