Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 24.04.2018

Кавказера "Бархат карчамаш"

Radiomarsho.com 

ДуьнентIехь дукха дац Кавказерчу пахьалкхаша гайтина машаречу революцийн масалш. Дукха хьолехь беттанашкахь я шерашкахь цIий Iенадо къаьмнаша шайна коьртеваьлла президент я премьер хийца гIерташ. Аьрмлойн чохь йирзина цIий доцу революци.

Саакашвили: "Шаьш эрмалой хиларх дозалла дан таро ю шун"

Radiomarsho.com 

Эрмалойчоьнан къам декъалдина Гуьржийчоьнан хиллачу президенто Саакашвили Михаила, "шун хиндерг сийлахь го" шена аьлла, тIе а тухуш. Цу кепарчу хийцамашна кечло аьлла, къадийна Саакашвилис гуьржийн Iедалшна. Украинера араваьккхичхьана Нидерландашкахь вехачу Саакашвили Михаила эрмалойшка дIахьедина, "шаьш эрмалой хиларх дозалла дан йиш ю шун" аьлла. Цо бахарехь, доллу дуьненна тоьшалла ди цара, шаьш доьналла долуш нах хиларан, шаьш тоьллачу хьелашкахь даха хьакъ хиларан – коррупцех доьзна доцчу. Читать дальше...

Telegram Оьрсийчохь дIакъовлар емалдина 13 пачхьалкхашкарчу бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

13 пачхьалкхашкарчу бакъонашларъярхоша Telegram дIакъовлар а, Оьрсийчуьрчу интернетна тIелатар дар а емалдеш, диллина кехат яздина Google-н, Amazon-ан, Microsoft-ан и Apple-н цIарах. Telegram-ан интересаш Iалашъечу, дуьненаюкъарчу "Агора" организацин хьалханчас Чичиков Павела шен Telegram-каналехь зорбане даьккхина и кехат. Мессенджерна блок хIоттор, Интернетехь шена хетарг ала а, яздан а йолу маршонаш хьоьшуш, Оьрсийчоьнан Iедалан тIелатар ду аьлла кехатан авторша. Iамеркан яккхийчу компанийн миллионашкахь IP-адресаш дIа а къовлуш... Читать дальше...



Трампна а, Меркелна а дихкина нохчийн Iедалша шайн махка бахка

Radiomarsho.com 

Трамп Доналдна а, Меркел Ангелна а, кхечу Малхбузерчу хьаькамашна а дуьхьал ша санкцеш яьхна дукха хан ю аьлла Кадыров Рамзана. Нагахь уьш республике богIий, шаьш оцу сохьта лаца а лаьцна, чубухкур бу аьлла цо "Россия 24" телеканалан эфирехь. 2017-чу шеран Iай "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнан пхи вахархо, шайлахь Кадыров а волуш. "Адамийн бакъонаш талхорна" аьллачу бахьанаца нисвеллера иза санкцешка. Байначу баттахь Эстонино а дихкира Кадыровна а, кхин... Читать дальше...

Езахь яло мегар ду йиъ зуда а аьлла Кадыров Рамзана

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь масех зуда ялон бакъо луш низамаш ду кечдеш бохуш, яьржина информаци бакъ ца йина Кадыров Рамзана. "Россия 24" телеканалан еллачу интервьюхь аьлла цо ишта. "Ас цкъа а ца аьлла иштаниг, - аьлла, дуьхьало йина Кадыровс, корреспондентан хаттарна жоп луш. – Со ма вац бусулбачунна бакъо яла хьакъверг. Дала елла бакъо ма ю - 4 зуда магош". "Низаман тIегIанехь дуьйцуш дац и хаттар. Нагахь езаш вуй хьо – ялае, кхаба а кхаба, - аьлла Кадыровс. – Оха ма ца боху, и 4 а зуда ЗАГС-е а йигий, уьш хьайн долахь хиларх чIагIо яйта. Читать дальше...

Кадыров: "Нохчийчохь хилла сурт ду тахана Шемахь лаьттарг"

Radiomarsho.com 

90-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу хьолах тера ю аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, тахана Шемахь йолу ситуаци. "Россия 24" телеканалана еллачу интервьюхь дина цо и къамел аьлла, яздо "Керланаш" агенталло. "Шема а, шемахой а цхьана хIуманна бехке бац. Тхан республикехь муха дара хIетахь? Нохчийн цкъа а ца хилла экстремисташ, террористаш. Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан беза аьлла, дола а дина, иштта дIадахара, тхан къам хIаллак а деш. Изза ду тахана Шемахь а", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс. Читать дальше...

Шемахь химин герз лелийна цахиларх харц тоьшаллаш гайтина Оьрсийчоьнан телехьожийлаша

Radiomarsho.com 

Ши шо хьалха шемахоша яьккхинчу киночуьра дакъойх пайдаэцна федералан телеканалаша, Шемахь химин тIелатар дарх Малхбузено иштта хIоттийна сурт дара аьлла, тоьшаллаш далош. "Дождь" телеканало бина цунах тидам. КIирандийнахь Оьрсийчоьнан "Россия - 1" а, Хьалхара а каналаш гIоьртира шайн телехьовсархой тешо, Дума гIалахь цхьа а химин герз лелийна а дац, "КIайн касканаш" цIе йолчу, пачхьалкхаца йоьзна йоцчу организацино, хIоттийна сурт дара и бохучух. Шайн дIахьедарх тоьшаллаш далош тележурналисташа... Читать дальше...

Шема кхи а нохчий бахийта лаам бу Кадыровн

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Шема кхи а нохчийн эскархой бахийта кийча ву ша аьлла. "Россия 24" телеканалан эфирехь, Iарбойн пачхьалкхе кхи а нохчийн эскархой бахийта кийча вуй хьо аьлла шега хаьттича, "ву дера" аьлла, жоп делла Кадыровс. Цо дийцарехь, нохчийн тIеман дакъош хIинца а ду цига чуоьзна. "Уггар тоьлла эскархой, махкахь шина тIамах чекхбевлларш бу цигахь. Верриг 90 процент ву уьш", - аьлла, билгалдаьккхина политико.

Торонто гIалахь машен тIехаьхкина 10 стаг вийна, 15 чевнаш йина

Radiomarsho.com 

Канадерчу Торонто гIалахь некъахошна автофургон тIехаьхкина байинчу нехан терахь 10-нне хьаладаьлла. Кхи а 15 чевнаш йина. Хьалхо Iорабаьхначу хаамашкахь 9 стаг велла аьлла дара. Машен лелориг лаьцна, иза хилла 25 шо долу Минассиан Алек. Социалан машанашкарчу цуьнан аккаунтехь йолчу информацица, меттигерчу Сенекан колледжехь доьшуш хилла иза. Машен тIетохаран бахьанаш къаьстина дацахь а, схьагарехь, хууш дина ду цо и зулам. Гиначара дийцарехь, шоферо маса хьахкина ялош хилла машен, тротуар тIехь богIу нах а ца ларбеш. Читать дальше...

Кент Томас: "Маршо Радион журналисташна тIелатар дар магийта йиш йоцург ду"

Radiomarsho.com 

Дахначу кIирандийнахь Маршо Радион кхаа журналистна тIелатар дина, премьер-министрана Саргсян Сержна дуьхьал гIаьттинчу демонстрацех хаамаш Iорабохучу заманчохь. Оршотдийнахь совцийна акцеш, Саргсяна ша дарж мукъадоккху аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа. Маршо Радион президенто Кент Томаса оцу хьокъехь вистхуьлуш аьлла: "Шайн болх бечу журналисташна тIелатар дар хила йиш йоцург ду. ТIелатар диначарлахь полисхой хиларо я цара тIелатар тергамза дитаро а сингаттам бохьу. Оха тIедожадо, катоьхна бехкенаш кара а бина, уьш жоьпалле озор". Читать дальше...

Италехь вехачу нохчочунна пхи шо хан кхайкхийна набахтехь яккха

Radiomarsho.com 

Теракташ дина ву аьлла, набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийна Италехь вехачу Нохчийчуьрчу вахархочунна Бомбаталиев Iелина. Бари гIаларчу кхело тIеэцна и сацам, яздо италхойн Ansa агенталло. Хьалхо хаамийн гIирсашкахь дуьйцуш ма хиллара, Италин Къилбехьа лаьцнера Бомбаталиев, Соьлжа-гIалина тIелатар дарна а, Нохчийчуьрчу террорхойн тобанан декъехь латтарна а бехкевина. Италин прокуратуран хаамашца, иштта кечдеш хилла цо кхи а керла теракташ а. Лелхийтарш дан декхарийлахь хилла хила тарло цуьнан хIусамнана... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Команда Орловской области стала победителем хоккейного турнира среди команд Черноземья


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Карен Хачанов

Хачанов обыграл Баутиста-Агуту в третьем круге «Мастерса» в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Zoomlion продемонстрировала последние достижения на выставке INTERMAT





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Валерий Гергиев

Оркестр Мариинского театра под управлением Валерия Гергиева выступил в Нижнем Новгороде



Москва

"Тарков" за 11 000 рублей — это тест "на фаната". Так Буянов сказал

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net