123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 11.04.2018

"Алибина тIе когаш а хьаькхна, чувоьлли иза..."

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело шен сацам бина 23 шо хьалха Буденновск гIалана тIелатарна бехке вечу Нохчийчуьра шина вахархочун хьокъехь. Ма дарра аьлча, цул хьалха хиллачу Ростовера тIеман кхело бина сацам хийца а ца хуьйцуш битина цо, хIораммо чохь даккха дезачу шерашна тIера шиъий, кхоъий бутт дIа а боккхуш. Белялов Рамзанна 15 шо тоьхнера, хIинца 14 шой 9 буттий, ткъа Маздаев Мохьмадна 13 шеран метта 12 шой, 10 буттий. Белялов Рамзан 23 шо хьалха Басаев Шамалан тобано Буденновскерачу дарбан... Читать дальше...

Доьзалхочух хьегийначу нанна 15 эзар евро дIадалар тIедожийна Европан кхело

Radiomarsho.com 

ЦIийнадас кIант лачкъийна дIа а вигина, Соьлжа-ГIаларчу кхело иза дегахь вуьтуш сацам тIеэцначу Нохчийчуьрчу яхархочунна Магомадова Элитина 15 эзар евро компенсаци кхачо тIедиллина Европан кхело. "Медиазоне" бина и хаам "Бакъонан инициатива" организацино. Европан конвенцин адамийн бакъонаш ларъяран 8-гIа артикл тIехтесна оьрсийн Iедалша аьлла, шен сацам бовзийтина Страсбургерчу кхело. Доьзалхо дуьненчу ваьллачу 2010-чу шарахь шен цIийндеца дIакъаьстинера Магомадова Элита. Бакъонашларъярхоша ма яздарра... Читать дальше...

Шемахь шаьш ден долчу тохаршна кийча хила аьлла Трампа Оьрсийчоьне

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьне кхайкхам бина Iамеркан президенто Трамп Доналда Шемахь шаьш тухур йолчу ракеташна кечам бе аьлла. Твиттерерчу шен агIон тIехь дина цо и дIахьедар, Iамеркан ракеташна а, уьш хьалахоьцучу меттигашна а шаьш тохарш дан кийча ду аьлла Оьрсийчоьно динчу дIахьедаршна дуьхьал. "Кечло, Оьрсийчоь, хIунда аьлча, ракеташ дIакхочур ю хьуна, тоьлларш, керланаш, хьекъале ерш", - яздина Трампа. "Газ хоьцуш, адамаш дойуш там хуьлучу акхарочуьнца-нах бойучуьнца юкъаметтигаш латто мегар дац", - аьлла, тIе а тухуш. Читать дальше...



Нохчийн меттан дийнахь диктант язйийр ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийн меттан денна лерина Нохчийчохь "Беза, бовза ненан мотт!" цIарца этнографин диктант язъйойтуш акци ю дIакхайкхийна. Дешаран, Iилманан министралла ю акци кхайкхийнарг. Карарчу беттан 23-чохь махкарчу массо а дешаран организацешкахь язйийр ю диктант. Бахархойн нохчийн матте безам кIаргбан, хазбан Iалашонца вовшахтоьхна ю и акци. Лаамболчун муьлххачун а таро ю цу дийнахь шен хаарш зиэн. Дукха хан йоццуш математикан, физикан, химин хьехархошка ницкъаша ялийтира Нохчийчохь оьрсийн маттахь диктант язъеш экзамен. Читать дальше...

Нухажиевс уьйраш хедийна Кадыровна критика ечу бакъонашларъярхошца

Radiomarsho.com 

Кхечу бакъонашларъярхошца зIенаш хедийна Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис, цара махкарчу Iедална критика латто дела. Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитетан куьйгалхочуьнца Волков Виталийца хиллачу цхьанакхетарехь дина и дIахьедар Нухажиевс. "Дуккхаъчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхошца а, кхечу Европан организацешца а шолгIачу дийннехь юкъарлонаш совцийра ша аьлла омбудсмено. Бахьана ду – бух боцуш Iедал цара аьшнаш дар", - аьлла ду адамийн бакъонаш ларъян мехкан куьйгалхочун цIарах векал винчун аппарато бинчу хаамехь. Читать дальше...

ГIалгIайчохь суицид йина изолятор чохь латточо

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Назранерчу изолятор чохь лаьцна латточу Экажевон вахархочо ша шена тIе куьйгдаьхьна. ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-релиз тIехь бо и хаам. Шинарин суьйранна пхи сахьт долучу хенахь йина цо суицид. Наркотикаш лелорна бехкеозийа хилла и 30 шо долу вахархо. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло талламаш болийна хиллачу инцидентан хьокъехь. Нагахь изоляторан белхахойн бехкаца оцу стага шена тIе куьйг даьхьнехь, таIзаре балор бу аьлла, яздина пресс-релизехь.

Яшин Илья Москохан мэр хила дагахь ву

Radiomarsho.com 

Москохарчу Красносельск кIоштан депутатийн кхеташонан куьйгалхочо, оппозиционеро Яшин Ильяс шахьаран мэран харжамашкахь дакъалаца сацамбина. Твиттерерчу шен пена тIехь яздина цо цунах лаьцна. Яшина бахарехь, харжамашка ваха лаам бу цуьнан "Собянин а, "Цхьааллин Оьрсийчоь" а сацорхьама а, система хийцархьама а, гIала адамашкахьа дIаерзорхьама а". "Коррупцино лаьцна гIала, коммуналан мафин кхерам бу цунна", - аьлла Яшина шен видеокхайкхамехь. Иштта цо билгалдоккху, мэран харжамашкахь дакъалаца лууш демократин боламан кхиболу а декъашхой хилар. Читать дальше...

Зуда ен а йийна, лаьттах йоьллина Нохчийчохь меттигерчу вахархочо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу 37 шо долчу вахархочунна дуьхьал айдина гIуллакх къастийна Талламан комитето. Иза бехкево шена евзачу цхьана зудчунна тIелатар а дина, иза ерна. "Нохчийчоь Тахана" агенталло Талламан комитетан хаамашна тIе а тевжаш, дийцарехь,  масийттазза кхелах чекхвийлина и стаг "Мерседес Бенц" машен схьаяккха гIоьртина хиллера шена евзачу жимчу зудчун долахь йолу. Бехкевечунна хууш хилла, и зуда машен йохка Iалашо йолуш хиллийла. Оцу зудчун машен чу а хииина, коьртах буйнаш а биттина, цуьнан садукъийна хиллера бехкевечо. Читать дальше...

Мэй Тереза: Британина тоъал тоьшаллаш оьшу Шемахь тохарш дале

Radiomarsho.com 

Шемахь химин тIелатар хьан дина кхачам боллуш къаьстина дац аьлла Iамеркан президентца телефонехула хиллачу къамелехь Британин премьер-министро Мэй Терезас. The Times газетано бо и хаам  Меттигера бахархой а бойуш, Шемарчу Дума гIалахь химин герзаш лелорна Малхбузенан пачхьалкхаша бехкедо Асад Башаран Iедал а, Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а. Демаьшкас а, Москоха а тIе ца дуьту шаьш бехке хилар. Хьалхо журналисташа, Лондон кийча юй Шемахь тохарш дарна дуьхьал жоп дала аьлла, шега хаьттича, химин герз... Читать дальше...

Петарбухарчу маьждигехь воккхачу стагна тIелетта меттигера вахархо

Radiomarsho.com 

Петарбухарчу маьждигехь ламаз дечу юкъанна воккхачу стагна чевнаш йина меттигерчу вахархочо. Конфликт эккхаран бахьанаш толлуш бу полисхой аьлла, "Интерфаксе" хаамбина церан хьостано. Йолчу информацица, оршотдийнахь иккхина и инцидент. Къамелаш дечу шиннан цIеххьашха дов иккхина хилла, билгалдоккху "Фонтанка.ру" хьостано. "1947-чу шарера воккха стаг маьждигера Мариинскан дарбан хIусаме кхачийнера коьртан хье лазийна волу", - яздо "Фонтанка.ру-с". ТIелатар дарна шеконашца лаьцна ву 1997-чу шарера меттигера вахархо.

Хазбиевн адвокаташа Лакхарчу кхеле латкъам бина

Radiomarsho.com 

Магасан кхело оршотдийнахь Хазбиев Мохьмад Мангал-батте кхаччалц чохь сацош бинчу сацамна цуьнан адвокаташа ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхеле арз дина. Юучуьнца диета лело оьшуш ву иза, ткъа СИЗО-хь юург-мерг чу ца оьцу аьлла, латкъам бина оппозиционеран вашас. Бехкевечун адвокато Ибриева Хедас дийцарехь, Хазбиев чохь сацо веза аьлла дIахьединчу талламхочун бахьанаш дацара дало, мича бух тIера ду цуьнан дIахьедар, хIунда ца магадо шен цIахь латто ала.  "Хазбиев лаьцна латто везаш хиларан тоьшаллаш даладе кхелана аьлла... Читать дальше...

Буденновскехь хилла аьлла тоьхна хенаш "охьаяьхна" кхело

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело масех батте охьаяьккхина Буденновскехь динчу тIелатарехь дакъалаьцна аьлла, кхеле озийначу Белялов Рамзанна а, Маздаев Мохьмадна а тоьхна хенаш. Кху Iай 15 шарна Беляловна кхайкхийна хан 14 шаре а 9 батте а ялийна, ткъа Маздаевна тоьхна 13 шо 12 шаре а, 10 батте а дерзийна. Шиммо а тIе ца лаьцна дехкина бехкаш, церан адвокаташа а чIагIонаш йора уьш гунахь цахиларх. ТIаьххьара дош делла, вистхуьлучу Маздаевс "тхуна тоьхначул хан йоккхийла аш набахтехь, тхан доьзалша тхуна... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

МФК «Динамо Пушкино» вошел в топ-8 команд Всероссийского футбольного турнира «Кубок Казани»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Кудерметова выиграла турнир WTA в Штутгарте в парном разряде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура выясняет источник появления масляных пятен в Москве-реке





Путин в России и мире
Москва

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Сегодня президент Беларуси Александр Лукашенко встретился в Минске с губернатором Поморья Александром Цыбульским




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Байден заверил Зеленского в скорых поставках новых пакетов помощи


Навальный в России и мире
Москва

Мосгорсуд оставил в СИЗО журналистку Фаворскую, обвиняемую в экстремизме за репортажи о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Сергей Прокофьев

Мариинский театр 23 апреля отметит рождения композитора Прокофьева



Москва

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net