Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 27.04.2018

Петарбухахь Нохчийчоьнан туристийн центр йоьллур ю

Radiomarsho.com 

Туристашна лерина пачхьалкхехь дуьххьара Нохчийчоьнан информацин центр схьайоьллур ю Петарбухахь. Смольныйн туризм кхиоран комитетехь бина и хааv пIераскандийнахь, яздо "Фонтанкас" Visit Chechnya офис елла лерина бу Къилбаседа шахьарахь карабогIучу беттан 15-чохь. Нохчийчоьне а, Соьлжа-гIалига а бIаьргтоха луучун таро ю Чайковскийн цIарахчу урамера 79-чу цIийне кхача. "Visit Chechnya дуьххьара центр хир ю Нохчийчоьнал арахьа йоьллучех. Тхо тешна ду цунах кхиам а хир бу, тIейогIучу хенахь цу кепара офисаш кхечу пачхьалкхашкахь а... Читать дальше...

Герз духку нах лецна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Махкахь герз а, патармаш а духкуш тоба лаьцна аьлла, хааме даьккхина ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Урхаллан хаамашца, еаридийнахь полисхойн рейдаш дIахьочу заманчохь дIалаьцна, ханна чувоьллина оцу тобан ши декъашхо. Низамехь доцуш герз а, патармаш а лелорна а, дохкарна а, дехьа-сехьа дахарна а бехкевина, зуламан гIуллакх айдина лецначарна дуьхьал. "Оцу зуламо 100 эзар соьме кхаччалц гIуда а, 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан а кхачайо", - аьлла ду ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехь яздина.



Бохамна цхьа гIулч гергахь

Radiomarsho.com 

Чухарова Елизавета   Къилбаседа ХIирийчохь ирхъоллавелла ненах къаьстина кIант Стенна хьо беро шена тIе куьг? КIира хьалха ерриг а ХIирийчоьнна дагахьбаллам хилла - ирхъоллавелла Зелги юьртара 9 шо бен а доцу къона вахархо. Гергарчара школа йо бехке, юьртахоша – доьзал. Москох балха яхана кIентан нана массех шо хьалха. Иштта баха тIедоьжна дукхахболучарна – бац ярташкахь белхаш. Хуучара бахарехь, сагатдина 3-чу классехь волчу кIанта нанна, амма иза дац ша-шена тIекховда бахьана. Ирхъоллавала доккха бахьана оьшу. Читать дальше...

Адамийн бакъонаш хьешарна ГIажарийчоьнна санкцеш тоха тарло Iамерко

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн Палатано тIечIагIйина, адамийн бакъонаш хьоьшучу гIажаройн лакхарчу даржхошна дуьхьал санкцеш йоху низаман проект. Векалийн Палатан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан сайт тIехь ду и дIахьедар. Иштта туху доза хьакхалур ду Iамеркан бахархой харцонца леца а лоьцуш политикан бух тIехь набахтешкахь бахкочу хьаькамех а аьлла, яздина документ тIехь. КIайчу ЦIийно луьстур ду, коррупци бахьана долуш ГIажарийчуьрчу компанешна дуьхьал яха оьший санкцеш аьлла хаттар а.

Собчак Соьлжа-гIала яхарх ролик бахьана долуш гIуда тоьхна "Эхо Москвы" сайтана

Radiomarsho.com 

ПIераскандийнахь Москохарчу кхело 5 эзар сом  гIуда хьарчийна "Эхо Москвы" сайтан коьртачу редакторна Рувинский Виталийна, цо "Хаамийн гIирсех" низам талхорна. "Медиазона" гIирсо бина и хаам. Нохчийчуьрчу кегийрхойн министраллан белхахоша шогаллица, шайн махкара дIагIо бохуш, журналистан Собчак Ксениян Соьлжа-гIала яхарх роликна гипперссылка яр бахьана долуш кхеле хIоттийнера "Эхо Москвы" сайтан куьйгалхо. Кхело бахарехь, Рувинскийс баржийна бакъо йоцу хаам, "Хаамийн гIирсех" долчу низамца а догIуш... Читать дальше...

Кадыров: Нохчийчохь болх беш ю Telegram

Radiomarsho.com 

Республикехь Telegram месcенджер болх беш хиларх хаамбина Кадыров Рамзана. "Цхьа Дала делла меттиг хир бу-кх хIара", - аьлла цо. Иштта Кадыров тIетайна Пачхьалкхан Думан дуьнеаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Слуцкий Леонидан Telegramе язвалар а, дуьйцу "Интерфаксо". "Марша вогIийла сан ваша, Пачхьалкхан Думан дуьненаюкъарчу комитетан куьйгалхо Слуцкий Леонид @slutsky_l", - яздина Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь. Роскомнадзоро, Telegram мессенджеро наха вовшашка дIасакхоьхьуьйту... Читать дальше...

"Титиев Аюб бакъ ву"

Radiomarsho.com 

Нерозникова  Екатерина   Юкъаралло нохчийн бакъоларъярхочун дов тергоне эцар доьху пачхьалкхан куьйгалхошка Москох еарийдийнахь шаьш еллачу пресс-конференцехь Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокаташа Новиков Ильяс а, Заикин Петра а дийцира бакъоларъярхочунна дуьхьалбаьккхинчу бехктакхамах лаьцна, довзийтира иза муха кхуллу Iедалхоша. Новиковс дагадаийтира журналисташна, маца, муха лецира Титиев. Керлачу шеран 9-чу дийнахь Куьрчалара, машенахь балха ваха... Читать дальше...



МахкатIехь реабилитацин центр еш ю

Radiomarsho.com 

Ведана кIоштахь ян йолийна 60 стаг дIатарван таро а луш, шайн дегIан амал ца балучарна лерина реабилитацин центр. Соьлжа-гIалахь болх бечу центрашка 120 стаг бен ца тарло, ткъа цу чу охьавижа сатесна рогIехь ву 200 цомгуш стаг, дуьйцу могушаллин министраллан белхахочо. "Ведана кIоштарчу МахкатIехь йолийна 60 стагана лерина реабилитацин центр. Инфаркташ, инсульташ лайначу нехан могушалла меттахIотторехь Iаламат дика меттиг хир ю и, уллехь хьаннаш, цIена хIаваъ лаьтташ. И центр схьаелларо дуккхаъчу нехан проблемаш дIаяйийр яра", - аьлла цо. Читать дальше...

Муцураевн иллешка ладогIарна гIуда тоьхна Iедало кегийрхошна

Radiomarsho.com 

Теркйист кIоштан бахархошна гIуданаш диттина "ВКонтакте" социалан машанехь дихкина бардан Муцураев Тимуран иллеш даржорна, хаамбина прокуратурехь. Интернетехь мониторинг ечу хенахь карийна Муцураевн ладогIа ца магийна иллеш Теркйистерчу кIоштан бахархойн социалан машанерчу агIонаш тIехь. Прокуратуран векало "Кавказан узел" агенталле дийцарехь, кхаа теркхочунна дуьхьал гIуллакх айдина, экстремистийн материалаш яржорна жоьпалла доьху. "Теркйистерчу кIоштан кхело бехкевинчу Лорсанов Исламна а, Магомадов Аптина а... Читать дальше...

Оьрсийчохь къаьркъанаш мелар лахделла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь къаьркъанаш мелар лахделла аьлла, хааме даьккхина могушаллин министраллан пресс гIуллакххоша, яздо Керланаш агенталло. Оцу урхалло чIагдарехь, берийн, спортан, медицинан, дешаран хьукматашкахь къаьркъа дохкар дехкар бахьана долуш терахь лахделла. Иштта буьйсанна дохкарна доза тохарца а. Могушаллин министралло хьалхо зорбане даьхначу жамIашца, 2008-чу шарахь Оьрсийчохь цхьана стага 18 литар къаьркъа молуш хиллехь, стохка 10, 3 литаре охьадаьлла цунах пайдаэцар. Оцу юкъанна могушаллин... Читать дальше...

Чернобыль дагалецира Къилбаседа Кавказан регионашкахь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан кеп-кепарчу регионашкахь Чернобылан зарратан станци иккхина, бохам хилла де дагалоцуш акцеш дIаяьхьна. Радиацино бехйира Украинан а, Белорусин а, Оьрсийчоьнан а цхьайолу территореш. Дуьненаюкъарчу заррат энергехула йолчу агенталло дийцарехь, оцу бохамехь 50 стаг велира. Баккхийчу барамашкахь радиаци хьакхаелира 600 эзар стагах, шайлахь цIеяйархой а болуш.

Соьлжа-гIалахь урс тоьхна шена аьлла Нальчикехь цхьана стага

Radiomarsho.com 

Уьрсан чов йинчу 40-45 шо хир долчу стагана гIо кхачийна Нальчикерчу автовокзалехь, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Оцу стага бахарехь, еххачу хенахь Нохчийчохь кеп-кепара Iаьржа белхаш беш вара иза. Белхан накъосто юкъ-кара етташ хилла цунна. "Маланза иза волчу хенахь юкъаметтиг вуон яцара тхан, амма меллачул тIаьхьа еттара цо суна. Де хьалха урс туьйхира цо суна, цул тIаьхьа ведира со", - аьлла, дийцина цо вокзалехь гулбеллачарна. Чевнаш йинчуьнгахь телефон а, ша вехачу Краснодаран кIоштарчу... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Московские школьники стали победителями всероссийской олимпиады по математике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Арина Соболенко

Арина Соболенко призналась в том, что не любит женский теннис


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Концентрация песка в городском воздухе возвращается к обычным значениям





Путин в России и мире
Москва

Париж решил показать, что такое ядерное сдерживание России по-французски


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Анастасия Волочкова

«Это будет для вас сюрприз и фурор!»: Анастасия Волочкова взяла с собой на Мальдивы свадебное платье



Москва

На северо-востоке Китая проходит выставка, посвященная Чайковскому

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net