123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 13.04.2018

Бокс а, кикбоксинг а бусулбанашна хьарам ю аьлла гIезалойн муфтийс

Radiomarsho.com 

ГIезалойчоьнан муфтийс Самигуллин Камила дIахьедина, бусулбанашна боксах, кикбоксингах латар-м хIунда дуьйцура, оцу спорте хьажа а дихкина ду аьлла. Islam-Today.ru портало бина и хаам. Самигуллина бахарехь, некадечу къийсадаларшка хьажа магийна ду, нагахь тIех цхьалха бацахь хи чохь луьйчурш. "Боксах дерг аьлча, билгалдаккха догIу, кхелан таIзар кхочушдечу хенахь а дихкина хилар юьхьтIе тохарш дан. Ткъа оцу спортехь юьхь тIе еттар Iалашо лоцу", - аьлла, кхетадо муфтийс. Иштта дуьйцу Самигуллина... Читать дальше...

Кадыровна новкъадеана Telegram дIакъовлар

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь яьржина Telegram мессенджер дIакъовларх дагахьбаллам бисарх дийцина "Интерфакс" агенталле Кадыров Рамзана. Цхьа компромисс шина а агIонна карор ю аьлла тешна вара ша аьлла цо. Кхело шен сацам Iорабаьккхина, нагахь Telegram-на блок хIоттаяхь, цу чу вала гIерташ, некъаш лоьхур дац ша аьлла мехкан куьйгалхочо. Цо бахарехь, шена бухаязвеллачу 30 эзар стагца информацица дагавийла а, дийца а бIегIийла йолуш сервис яра Telegram. ПIераскандийнахь кхело сацамбина, Оьрсийчохь Telegram йоьхкуш. Читать дальше...

Евкуровс шена шарахь тIедогIучу рицкъанах хаамаш зорбане баьхна

Radiomarsho.com 

Стохка шена тIедеанчу рицкъах хаамаш деклараци тIехь Iорабаьхна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Декларацино гайтарехь, 2, 4 миллион сом даьккхина цо дахначу шарахь. Лурчаха цо билгалдаьхначу терахьашка ладоьгIча,  81, 7 эзар соьмана сов пайда бина цо. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна 2017-чу шарахь тIедеанчу рицкъан барам бу 2 миллион 419 эзар  925 сом 62 кепекаш. Мехкан куьйгалхочун зудчо пайда бина 242 эзар соьмана. Машенаш яц Евкуровн. 247,4 еакIов метар петар а, 420 еакIов метар коттедж а ю цуьнан долахь. Читать дальше...



"Махкахой-мостагIий": юхабахкийта – ма бахкийта?

Radiomarsho.com 

"Экстремисташ" даймахка юха ма бахкийта, аьлла, Патрушевс дина дIахьедар емалдо бакъоларъярхоша Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан секретарна Патрушев Николайна хетарехь, Малхбалехь тIемаш бечу Оьрсийчоьнан бахархойх мостагIий хилла, цундела уьш мегар дац цIехьа бита. Уьш, Патрушевс бахарехь, цкъа а хийцалур бац. И къамел догIуш дац Оьрсийчоьнан низамашца, чIагIдо юристаша. И нах Оьрсийчоьнан бахархой белахь, цаьргахь юхабахка мел оьшу кехаташ долуш ду,  муха доьхку царна даймахка схьагIерта... Читать дальше...

Махкара белхазалла 5 % проценте охьайоккхур ю ша аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

ТIейогIучу заманчохь махкара белхазалла 5 проценте охьаяккхар - коьрта Iалашо ю шен аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Суна гергахь, коьрта ду махкахь белхан меттигийн къоьлла дIаяккхар. Шина тIемашкара девллачу тхан республикехь ирча хьал лаьттара. 2006-чу шарахь со министрийн кабинетан куьйгалле хIоьттича, 76 проценте гIоьртина яра белхазалла. 9 -нне терахь лахдан аьтто хилла тхан кху дийне кхаччалц. ТIедогIучу кхаа шерачохь 5 проценте кхачо тхайн аьтто хир бу аьлла тешна ву со", - аьлла "Интерфакс" агенталле Кадыровс.

Iамеркана бекхам бан дагахь ю Оьрсийчоьнан Дума

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна а, кхечу пачхьалкхашна а дуьхьал экономикан, политикан санкцеш йохуш низаман проект луьстур ю Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думехь. Парламентан лахарчу палатан хьалханчас, документан цхьахволчу авторо Володин Вячеслава бина и хаам. ТIеэца леринчу низамо доьхкур ду я дозанаш тухур ду Iамеркан а, цхьацца йолчу кхечу пачхьалкхийн а бахархой белхашка эца, хиларх уьш баккхий говзанчаш. Цул совнах, Оьрсийчу йоуьйтур яц Iамеркара тонкан а, алкоголан а продукци а, молханаш а. Читать дальше...

Telegram дIакъовлуш сацам бина Москохарчу кхело

Radiomarsho.com 

ПIераскандийнахь Москохарчу Таганскан кхело сацамбина, Роскомнадзоран тIедожорца Оьрсийчохь Telegram мессенджер дIакъовлуш аьлла, хаамбина кхелан хIусамчуьра Маршо Радион корреспонденто. "ФСБ-н белхахошка шифровка ен догIанаш дIадаллалц", кхелан сацамца а догIуш, мессенджерна тIе боьдучу некъаннна дозанаш тоьхна хир ду. Катоххий дIакъовла Telegram, террорхойн организацеша пайдаоьцу хаамаш хила тарло цу чохь бохуш, шечунна тIера ца йолура Роскомнадзор. Telegram-ан векал ца хилла кхелехь, арз луьстуш 20 минот бен хан а ца яйина. Читать дальше...

Бер ца гойтуш йитинчу нохчийн зудчуьнгахьа ю Европан кхел

Radiomarsho.com 

Страсбургерчу кхело 15 эзар евро кхачийна ша доьзалхочух яьккхар латкъийначу Соьлж-ГIалин яхархочунна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листина Соьлж-ГIаларчу Магомадова Элитин арз. Шен кIант а, цуьнан да а веха меттиг карор цо дехча, Соьлж-ГIаларчу кхело тоам боллуш ца къастийна да-нана вовшахдаьлча бер хьаьнца диса деза, боху Страсбурган сацамо. Эшам лайначу Магомадована Европан кхело кхачийна 15 эзар евро, хаам бина "Кавказ.Реалиига" арздиначуьнгахьа йолчу "Бакъонан инициатива" проектан векало. Читать дальше...



Кадыров: Скрипаль вен гIортар - Оьрсийчоьнна дуьхьал йина провокаци ю

Radiomarsho.com 

Британин Солсбери гIалахь экс-шпион Скрипаль Сергей дIавшца вен гIортар пачхьалкхна а, Оьрсийчоьнан къомана а дуьхьал йина провокаци ю аьлла Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Великобританехь хилларг – президентна Путин Владимирна а дуьхьаяьккхина авантюра ю. Кадыровна хетарехь, оцу зуламна бехкеберш Британин къайлаха сервисаш ю я Малхбузера Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьтта ницкъаш бу. "Цхьа а бахьана ца го суна, Оьрсийчоь оцу оьзда йоцчу акцина гунахь хиларан. Стенна оьшу Оьрсийчоьнна Скрипаль новкъараваккха? Читать дальше...

Нохчийчохь юьртда лаьттинарг кхеле хIоттийна

Radiomarsho.com 

ТIехьа-Мартанарчу кхело гIуллакх долийна Катар-Юьртахь юьртда лаьттинчунна дуьхьал. Иза бехкево, шен бакъонна тIех а ваьлла, харц кехаташца тоьшаллаш дарна. Талламчийн зерашца, шеконашца лаьцначо Катар-Юьртарчу администрацин куьйгаллехь волчу заманчохь, 2013-чу шарахь меттигерчу вахархочунна иза латтан да хилар тIечIагIдеш, харц кехат делла хилла, вахархочун долахь и латта доцийла хуушшехь, дийцина "Нохчийчоь Тахана" агенталле Талламан комитетан векало. Оцу гIуллакхна гуонах талламаш дIахьош бу.

Нохчийчохь полисхоша вигина кIант гар хилла ден

Radiomarsho.com 

Шина кIиранах сов гергарчарна стенгахь ву а ца хууш, латтийна 19 шо долу Лорсанов Iусман Соьлж-гIаларчу полисхойн декъехь хаавелла, ницкъахоша маьршавоккхур ву а аьлла, хаамбо "Кавказан узел" агенталле кIентан гергарчара. Маршо Радионо ма яздарра, Соьлжа-гIаларчу шен хIусамера вигинера Лорсанов байначу беттан 27-чохь. Дахначу еаридийнахь бен гергарчара Iора ца баьккхира кIант варах хаам. Стохка Iусманан воккхахволу ваша иштта дIа а вигина, вийна дела, кIентан да-нана сингаттамехь дара цунна.... Читать дальше...

Шемарчу Думехь дIатарйеш ю Оьрсийчоьнан тIеман полици

Radiomarsho.com 

Шемарчу гIаттамхойн тIеман тоба а, церан доьзалш а арабовлуш бара Думара Охан-беттан 12-чу дийнахь Ал-Вафидден олучу чекхболуьйтучу меттигехь, Оьрсийчоьнан тIеман полицин дакъош цу гIала чудаха кечделла а долуш. ТIемалой арабовларх лаьцна барт бинера Джейш ал-Ислам (Jaish al-Islam) тобанца Думахь дIаьвшен тIелатар динчул тIаьхьа масийтта сахьт даьлча. Шеман а, Оьрсийчоьнан а Iедалша тIе ца оьцу цу гIалахь дIаьвшен тIелатар дина бохург. (Reuters видео)

Сталин террорхо ву аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Гуьржийчу а ваьхьна, лаьтте кховдо веза Сталин Иосиф, иштта дIаволла веза Ленин а аьлла Кадыров Рамзана "Интерфакс" агенталлаца хиллачу къамелехь. "Стенна оьшу Сталинан каш Москохна, Кремлна гергахь муххале а? Мел Оьрсийчоьнан нах хIаллакбина, тIехь ницкъ бина, набахтешкахула чекхбийлина цуьнан бехканна. 300 000 нохчо а, гIалгIа а вийна цо шен заманчохь", - карладоккху Кадыровс 1944-чу шеран депортаци дага а лоцуш. "Цуьнан омраца бераш, къаной, зударий байина, ярташ ягийна. Иштта турпалхо ву-кх иза! Читать дальше...

Шема меттахIоттош Нохчийчоьнах дагабовла беза аьлла хета Думан депутатна

Radiomarsho.com 

Шеман парламентца юкъаметтигаш латточу Оьрсийчоьнан Думан депутато Саблин Дмитрийс дIакхайкхийна, Шема юхаметтахIотторехь шина тIамах яьлла, маьрша дахар дIахIоттийначу Нохчийчоьнан зеделлачух пайдаэца беза аьла. "Кху заманан исторехь цхьа Нохчийчоь ю терроризм эшийна пачхьалкх. Дуьненаюкъара дуккха террорхойн организацеш яра Нохчийчохь. Тахана маьрша, паргIат ду цигахь. Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а кечйина республика ю и", - аьлла, билгалдаьккхина Саблина.

Кадыров Рамзан: Путинан метта куьйгалле хIотто стаг ван а вац тахана

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран кхи альтернатива яц, цундела гIайгIа бан беза кхи дIа йолчу ханна а куьйгаллехь иза висийта аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Интерфакс" агенталле. "Пачхьалкхан куьйгаллехь волу президент могуш мел ву, вай дагадаийта ца оьшу кхин харжар. Иштта аьлла хьажам бу сан, ас и хуьйцур а бац. Тахана Путинан метта хао стаг ван а вац", - аьлла шен интервьюхь Кадыровс. "Цундела вай сацам тIеэца беза аьлла хета суна, кхи дIа а иза даржехь вуьсуьйтуш. ХIунда мега и Китайна а, Германина а. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Популярный блогер и боец ММА Саша Стоун выступит на фестивале спорта и контента Yappy x «Наше Дело Россия» в Нижнем Новгороде


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина назвала свое преимущество над Швентек


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперты рассказали, как вести себя при встрече с летучей мышью





Путин в России и мире
Москва

Путин: Нынешний разворот России на восток стал возможен благодаря БАМу


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко ограничил выплату дивидендов гражданам недружественных стран




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Военный ВСУ рассказал, что готов идти на Киев


Навальный в России и мире
Москва

Мосгорсуд оставил в СИЗО журналистку Фаворскую, обвиняемую в экстремизме за репортажи о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Григорий Лепс

Лепс объяснил, почему выбил телефон из рук фанатки на концерте в Костроме



Москва

В АТОР назвали шесть стран, которые россияне могут посещать без загранпаспорта

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net