Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 30.04.2018

Кабулехь динчу эккхийтарехь байина Маршо Радион журналисташ

Radiomarsho.com 

Лаххара а 29 стаг вийна ОвхIанистанан коьртачу гIалахь Кабулехь динчу шина эккхийтарехь. Царна юкъахь ву 9 журналист. 50 сов стаг чевнаш хилла ву. Цига баьхкинчу журналисташна юкъахь хилла репортерах тарвелла веана Iожалхо. Цо эккхийтина шен дегIах йихкина бомба.

Telegram-на гIортор еш митинг хилла Москох

Radiomarsho.com 

Telegram мессенджерна гIортор еш митинг хилла Москох. Цу акцехь дакъалоцуш вара 10 эзар сов стаг. Митингехь вистхилира оппозиционер Навальный Алексей. Политико емалдира Iедалша а, тIехьожучу органаша а, Telegram дIа а къевлина, лелош дерг. Митинг вовшахтохар къобул дина Telegram кхоьллинчу Дуров Павела.

Германино Мализаев Микаил Кадыровн каралахь…

Radiomarsho.com 

Кест-кеста интернетехула Нохчийчуьрчу куьйгалхошка "махкара бахархой цахьийзор" доьхуш хуьлучу Мализаев Микаилан доьзална Оьрсийчу депорт йина деношкахь Германино, ша а ву даймахка хьажорна кхерам болуш. Оцу юкъанна, иза Iеха а вина, "Кадыров Рамзан къинтIеравоккху" аудио дIаязйина цуьнгара иза волчу веъначу шина нохчочо. Цул тIаьхьа цара йиттина цунна. Дарбан цIийне виллинчу Мализаевс дуьйцу шен доьзал Соьлж-ГIала дIахьажорах а, шена хиллачух а лаьцна.



Лакхарчу Ларсера хьал шен Iуналле эцна полисхоша

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчохь полицино шен Iуналле эцна Лакхара Ларс олучу меттехь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а донанехь лаьтташ долу хьал. Цу меттехь некъ то беш ду Гуьржийчоьнан Iедал.  Хьалхо социалан машанашкахь видио яржийнера чекхволюуьйтучу пунктехь транпорт дукха гулъяларна латарш хуьлуш яьккхина йолу.   Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанехь дукха яккхийн раьгIнаш хиларна, сих-сиха девнаш дуьйлу дехьа-сехьа бовла гIертачу нехан.

Трампана Нобелан совгIат дала деза, боху Къилба Корейн президенто

Radiomarsho.com 

Къилба Корейн президенто Мун Чжэ Ина дIахьедар дина, Къилбаседа Корейна зарратан герз бахьана долуш дуьхьал латтар дIадоккхуш къахьегарна Iамеркан президентана Трамп Доналдана Нобелан цIарах совгIат дала деза аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло президентан официалан векална тIе а тевжаш. Мун Чжэ Ин цхьаьнакхийтира Къилбаседа Корейн лидерца Ким Чен Ынца Оханан-беттан 27-чу дийнахь, шина пачхьалкхан дозанехь йолчу герзех маьршачу зонехь. И цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа тIеэцначу декларацица а догIуш... Читать дальше...

Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министр хIоттийна Пакистанерчу мигрантан кIант

Radiomarsho.com 

Британин чоьхьарчу гIуллакхийн керла министр хIоттийна Джавид Саджид. Цунах лаьцна хаам бо дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсаша. Джавид хьалха куьйгалла деш вара регионийн а, меттигерчу урхаллийн а министралллана. Иза ву Пакистанерчу мигрантан Джавид Iабдуллан пхеаннах юккъера кIант. Британин чохьарчу гIуллакхийн министран дарж цуьнга кхаьчна Радд Эмберера. Меттигерчу прессо дийцарехь, Радд балхара дIаелира министраллан миграцин политика бахьана долуш. Цо леррина харц хаамаш луш хиллера парламентан депутаташна... Читать дальше...

Лоьрийн гIалаташна тIекарлойо Iедало

Radiomarsho.com 

Черкессерчу дарбан цIийнахь веллачу стеган гергарчара лоьраш жоьпе озор доьху Европан кхеле 2013-чу шеран Дечкен-беттан 18-чу дийнахь Тимченко Денисна терапевт кхайкхина цIерачара. Шелвелла, вирус лаьцна, лоьрашна тIегIо, аьлла цуьнга. Амма цамгар дийно-дийно чIагIлуш хилла. Кхин кхо де даьлча медицинан орцан машенца Черкесск-гIалин клинике вигина цомгушниг. Цигахь цунна пехийн пневмония ю аьлла. Гергарчара дийцарехь, карахь полис йоллушехь, Тимченкона молханаш гергарчаьрга эцийтина. Чувиллина де даьлча реанимаце дехьаваьккхина иза... Читать дальше...

Пресса: Шемахь ракеташ тоьхна вийна 26 стаг

Radiomarsho.com 

Шемахь ракеташ тохар бахьана долуш 26 стаг вийна 60 гергга чевнаш хилла ву. Царех дукхаха берш ГIажарийчуьра эскархой бу. Цунах лаьцна хаам бо дуьненаюкъарчу хаамийн агенталлаша, Шеман адамийн бакъонаш талхорна мониторинг ечу центро. Дийцарехь, и ракеташ тоьхна хилла Алеппо а, ХIама а провинцешкахь йолчу герз латточу меттигашка. Шемарчу бакъонашларъярхоша дийцарехь, тохар динарш бу Израилан эскархой.   Официалан кепара и хаам тIечIагIбина бац.



Лаххара а 29 стаг вийна Кабулехь динчу шина эккхийтарехь

Radiomarsho.com 

Лаххара а 29 стаг вийна ОвхIанистанана коьртачу гIалахь Кабулехь динчу шина эккхийтарехь. Царна юкъахь ву 5 журналист а. 50 сов стаг чевнаш хилла ву. Цунах лаьцна хаам бина CNN телеканало, меттигерчу Iедалшна тIе а тевжаш. Телеканало дийцарехь, хьалхара эккхийтар дина Iуьйранна 8 сахьт даьлча Шаш Дарак кIоштахь, цигахь туп тоьхна ю Iамеркан векалалла а, ОвхIанистанан Iедалан гIишлош а.   Цига баьхкинчу журналисташна юкъахь хилла репортерах тарвелла веана Iожалхо. Цо эккхийтина шен дегIах йихкина бомба. Читать дальше...

Къилбаседа Корейн дозанера репродукторш дIайохур ю Къилба Корейно

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Корейн дозанца пропаганда еш шаьш лелийна репродукторш дIайохур ю Къилба Корейно. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу «Ренхап» агенталло. Демилитиаризацин зонера гIирс дIабаккхар долалур ду Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь дуьйна. Оханан-беттан 3-чу дийнахь дуьйна Къилбаседа Корейн дозанца пропаганда яр сацийнера Къилба Корейно. Цу тайпа сацам бинера цу мехкан президенто Мун Чжэ Ина шен Къилбаседа Корейн хьалханчица Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетар хилале. Цу цхьаьнакхетаран жамI дара машаран барт бар. Читать дальше...

Эрмалойн премьер-министр хIотта мегаш ву Пашинян

Radiomarsho.com 

Дуьхьалонан боламан хьалханча, парламентерчу «Елк» фракцин куьйгалхо Пашинян Никол официалан кепара тIечIагIвина Эрмалойчоьнан премьер-министран дарже кандидат санна. Цу хьокъехь кхаж тесна парламентехь 47 депутат волчу кхаа партино. Премьер-министр хIотта Пашиняна гулбан беза 53 кхаж. Эрмалойчоьнан парламентехь 58 меттиг дIалоцуш ю Iедалехь йолу Республикан парти. Цу партино шен кандидат хьалха ца теттина. Эрмалойчоьнан парламенто премьер-министр хоржуш кхаж тосур бу Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь. Читать дальше...

Шемахь Асадан ницкъаш юхатоьхна курдийн тIемалоша

Radiomarsho.com 

Шеман демократин ницкъаш олучу тIемалойн тобано дIахьедар дина кIиранан дийнахь, шайн 4 эвлана уллера Асадан эскархой юхатоьхна шаьш аьлла. Цунах лаьцна хаам бин «Iамеркан аз» зорбанан портало. Хьалхо Шеман пачхьалкхан телевизоно хаам баьржинера, Iамерко гIортор еш йолу оппозицин тобанаш ара а тоттуш, Ефратан малхбалехьара йиъ эвла дIалаьцна Шеман армино аьлла. Цу ярташна Iуналла деш ю коьртачу декъана курдех лаьтташ йолу оппозицин тIемалойн тобанаш.

Иракъехь чубоьхкинчу зударийн бераш цIа дерзор ду Оьрсийчоьнан Iедалша

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхетарна бехке а бина, Iожалла тIекхаччалц яккха хан а тоьхна, чубоьхкинчу Оьрсийчуьрчу зударийн бераш цIа дерзор ду , хаам бина Нохчийчуьрчу президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Хьалхо цу агенталло, Al Sumaria телеканалана тIе а тевжаш, хаам бинера Иракъан криминалан кхело кIиранан дийнахь Оьрсийчоьнан 19 махкахо, яллалц аьлла хан а тоьхна, чуйоьллина аьлла.

Спорт в России и мире
Москва

Команда Орловской области стала победителем хоккейного турнира среди команд Черноземья


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Поведение Путина вызвало резонанс, потерянные в 90–е заводы возвращаются РФ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Шапка

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Москва

РИА «Новости»: брата арестованного Курбонова ранее привлекали за хулиганство

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net