Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 05.04.2018

The Times: "Новичок" дIовш дина Шиханыхь

Radiomarsho.com 

Британерчу Солсбери гIалахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллан хилла волчу  белхахочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а тIелатар деш лелийна «Новчичок» дIовш дина хилла Саратовн махкахь ша-тайпа рожехь латточу Шиханы гIаларчу лабараторехь. Цунах лаьцна яздина Британерчу The Times гезото. Цо дийцарехь, и хаам бина Британин талламан сервисан векалша. Цара дийцарехь, Саратовн махкахь йолчу оцу объектехь зуьйш хилла «Новичок» олу дIовш, ткъа иштта оьшуш кIеззиг нах байа оьшуш хилча цунах пайда эцаран кепаш а. Читать дальше...

Хьаькам вац машен Iаьржа яцахь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан Iедало дихкина Iедалхошна Iаьржачу машенашна тIехь лелар. ХIара бутт чекхбалале иштта бос мел болу машен шайн гаражера дIаяккха еза цара. Муьлхха а бос хила мегар ду Iедалан машенан, иза Iаьржа ца хилчхьана, аьлла ду цу хьокъехь махкахь арахецначу цу омрана тIехь. Иштта сацам бар бахьана ду, машенийн Iаьржа бос Iедалан низамашца лела ца луучарна езаш хилар. ХIинца кхин цхьа башхалла ю иза, Гуьржийчуьра Къилбаседа Кавказе, къаьсттина Нохчийчу вогIуш тида мегар йолу. Кхузахь-м Iаьржа бос бу машенан коьрта меттехь лаьтташ. Читать дальше...



Университетехь герз тоьхна 4 стаг вийна Туркойчохь

Radiomarsho.com 

Герз диттина виъ стаг вийна Туркойчоьнан къилбаседа-малхбузехь Османгази университетехь. Цунах лаьцна хаам бина  меттигерчу Анатолин агенталло. Дийцарехь, университехь Iиламанан талламча болх бечу стага вийна деканан гIоьнча а, факултетан секретар а, хьехархо а, кхин а цхьана факултетан белхахо а. Полицино лаьцна бехкениг.

БагIдади Иракъехь ву, боху Оьрсийчоьнан талламан урхалло

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллана (ГРУ) хетарехь, «Исламан пачхьалкх» тобан лидер ал-БагIдади Абу-Бакр лечкъина хила там бу Иракъехь. Цунах лаьцна "Интерфакс" агенталле хаам бина еарин дийнахь цу урхаллан хьаькамо вице-адмирало Костюков Игора. Костюковс дийцарехь, БагIдади Иракъехь лечкъина хила мега шву, амма иза волу меттиг хууш яц. Стохка Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIгIдора, Шемахь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш тохарш дича иза вийна бохуш. Пентагоно цу хенахь БагIдади вийна бохург тIе ца чIагIдира.

Кавказан културан кIира ду дIахьош Германехь

Radiomarsho.com 

Немцойн ХIамбург гIалахь кху деношкахь дIахьош ду Кавказерчу къаьмнийн културан кIира. Цу гIалахь даханчу шарахь схьайиллинчу Европехь уггаре а яккхийчарех йолчу Elbphilarmonie филармонехь концерташ гойтуш бу Кавказера исбаьхьалхой. Гуьржехара а, Эрмалойчуьра а, Азербайджанера а эшаршлакхархой а, мукъамчаш а, кинорежиссерш а гулбелла ХIамбургехь. Царна юккъехь ю ПIаьнгаза чIожерчу нохчийн эшаршлакхархойн „Ломан аьзнаш“ тоба а.

Гуьржийчохь кхелхина 6 кIорабаккхархо

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан малхбузехь Ткибулера шахта такхар бахьана долуш, вийна 6 кIорабаккхархо, кхоъ лазийна ву. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамехь. Бохам хилла Тбилисина 200 километр йолчу рудникехь. Цигарчу шахтах пайда оьцуш ю "Сахнахшири" цIе йолу гуьржийн компани. 2011-чу шарахь дуьйна, цхьацца бохамаш а хилла, цигахь кхелхина иттаннаш кIорабаккхархой.

ТIаьхьарчу 35 шарахь дуьххьара кинотеатр схьайоьллуш ю СаIудийн пачхьалкхехь

Radiomarsho.com 

35 шарахь дихкина хиллачул тIаьхьа бахархошна кино гайта бакъо елла СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь. Хьалхара юкъараллан кинотеатр болх бан йолалур ю Эр-Риядехь Охан-беттан 18-чохь. Оцу дийнахь керлачу кинотеатрехь гойтур ю Куглер Райана яьккхина «Iаьржа пантера» филм. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло. Кинош гойту а, смукъадоккху а меттигаш дIакъевлинера СаIудийн пачхьалкхехь  20-чу бIешаран 1980-чу шерашкахь, уьш латтор къилахь ду аьлла.   Стохка ГIадужу-бутт болалуш паччахьо Салмана... Читать дальше...

Iамеркан векалаллан белхахой дIабоьлхуш бу Оьрсийчуьра

Radiomarsho.com 

Еарин Iуьйранна сатоссуш жима машенаш а, некъахойн автобусаш а яьхкинера Iамеркан Москох йолчу векалаллан керта. ТIаьхьо транспортан коврано йитина Цхьаьнатоьхначу Штатийн дипломатин миссин керт. Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Iамерко а, кхин а цхьамогIа пачхьалкхаша а дIахьедар дира, шаьш Оьрсийчоьнан дипломаташ арабоху шайн мехкашкара, Британехь талламан сервисийн шалгIа агент хиллачу Скрипал Сергейна дIаьвшен тIелатар дина хиларна, Лондонан тIехIуьттуш аьлла. Оьрсийчоьно дуьхьал цу кеппара гIулчаш йохуш ю. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

«Спартак» набрал больше всех очков в играх с командами из верхней половины таблицы РПЛ


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Московскую компанию заподозрили в хищении 103 млн рублей при реализации нацпроекта в Орле





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о формировании взаимовыгодного международного сотрудничества


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко рассказал о планах расширения НАТО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: встречи по продвижению "формулы Зеленского" дают Киеву чувство вседозволенности


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певец

Певца Николая Баскова заметили на публике с обручальным кольцом по цене квартиры в Москве



Москва

В Москве к следующему учебному году заработают более 30 школ и детских садов

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net