123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 09.04.2018

Емельяненко: "Ахмат" клубан "маьрша латархо" ву со

Radiomarsho.com 

Маршо Радионо Karate.ru сайтана тIе а тевжаш, социалан машанехь гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра ша Нохчийчуьрчу "Ахмат" тобан лигана дIакхайкхош бина хаам бовзийтира хьалхо. Дукха хан йоццуш юхаэцна спортхочо шен дешнаш. Емельяненкос бахарехь, социалан машанехь шен фанаташца къамел деш, лиги юкъара ваьлла ца аьллера ша, "Ахмат"  клубан цIарах "маьрша латархо ву" муьлххачу а организацешкахь лата аьллера. Оцу юкъанна, латархочо "Патриот" клубан куьйгаллийца (Висмурадов Абузайдаца) дина контракт дац шен боху... Читать дальше...

UFC чемпионо Нурмагомедовс доьху...

Radiomarsho.com 

Reebok vs месала куй Ийначу кепехь летачу дуьненаюкъарчу UFC-н къовсадаларшкахь Iамеркахо Яквинта Эл эшорца чемпион ваьлла Нурмагомедов Хьабиб наггахь а ца хIутту хьовсархошна хьалха коьртахь Кавказерчу ламанхойн месала куй боцуш. Оцу "брендах" цо охьа а буьллу дикка мах. Аьлча а, UFC латархошна рекламе яккха тIейожийна "лаба" ца юхуш, месала куй туьллий, юкъаволучу цунна ца ло кхечарна луш долу 3-5 эзар доллар. Кавказхо, дагестанхо, ша хилар массарна а дIагойту 29 шо долчу Хьабиба. Да ... Читать дальше...

"Ва деца, пал тасахьа, бакъдерг дийцахьа..."

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь Нохчийчохь лаьцна холмачалла лелош зуда. Цунна бехке дуьллу, нахана мехах пал тосуш, динехь магийна доцу дарбанаш лелош, нах вовшашна марзбеш, уьш къастош, хIуманаш лелийна хилар. Меттигерачу телехьожийлехь гайтира ханна йоккху и зуда а, цуьнгара схьадаьхна тептарш а, жайнеш а. Цо даредира доллучунна а. Холмачалла лелориг Нохчийчохь лаьцна аьлла шайна хезча, дуьххьара юкъараллехь хезарг "иза ма дика яхьна и хIума лело". Махкахь дукха хена дуьйна дихкина ду иза. ГIара а бохуш, юьхьIаьржа а хIиттош, таIзарш дина хийла стагна. Читать дальше...



Словакерчу турнирехь толамаш баьхна нохчийн спортхоша

Radiomarsho.com 

Словакин коьртачу шахьарехь Братиславехь мукъаденошкахь дIаяхьначу иэдинчу латарийн турнирехь толаман меттигаш бехира Германерчу а, Австрерчу а нохчийн спортхоша. Масех шо хьалха  дуьненаюкъарчу спортехь кхоллаелла йолчу ACB спортан цхьаьнакхетаралло йоккхачу IалагIожца дIакхайкхина яра Братиславера латарийн турнир.  Цигахь дакъалоцуш бара ткъех пачхьалкхашкара латархой - Цхьаьнатоьхначу Штаташна тIера Китайна тIекхаччалц. Нохчийн къомах ворхI спортхо а вара царна юккъехь Германера а, Австрера а, Полшера а, Словакера а. Читать дальше...

Иракъехь вийна Паьнказара Маргошвили Мурад

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан хьалханчан Ал БагIдади Абубакаран накъост Аш-Шишани Абу-Валид (Маргошвили Мурад) вийна Иракъан эскарша. Iарбойн хьосташна тIе а тевжина, бо и хаам Гуьржийчоьнан гIирсаша. Al Sumaria телехьожийлан зерашца, Иракъан Къилбехьарчу Киркук провинцехь вийна иза. Ницкъахоша операци дIахьочу заманчохь, церан карадаьхкинчу кехаташна тIехь информаци ю кхечу террорхойн тобан лидерех а яздо "Керланаш-Гуьржийчоь" хьосто. Паьнказахь вехаш вара 48 шо долу Ал Шишани Абу-Валид исламхойх дIакхетале. Читать дальше...

Веччалгаш яьржина Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Роспотребнадзоран хаамашна тIе а тевжаш, "Оьрсийчоьнан газетано" хаамбина, веччалгаш жигаръйовлу мур болабелла Оьрсийчохь аьлла. Оцу хьукмато Iорадаккхарехь, карарчу баттахь Оьрсийчоьнан 35 регионера 800 стаг валийна дарбан цIийне веччалгаша къийзийна. 370 бер а ду царлахь. Веччалгех лардалар хьоьху лоьраша, веччалг дегIах ца йолийта бедар тIехь лелор а, ишшта уьш къахкош репелленташ лелор а. Роспотребнадзоро бахарехь, буьйда шура молчу хенахь а тарло веччалган энцефалит адаман кийра яха. Цундела шура кхехкийна бен мала мегар дац.

ГIалгIайчохь банкан куьйгаллехь хилларг лоьхуш ву Iедало

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу "Россельхозбанкан" хиллачу урхалхочунна дуьхьал бухкзуламан гIуллакх диллина. Инстаграмерчу шен официалан агIон тIехь бо и хаам гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. "Тахана лаца кхайкхийначу "Россельхозбанкан" хиллачу куьйгалхочунна дуьхьал гIуллакх долор тхан инициативаца доладелла ду. Ас Кхерамзаллан Кхеташонанна а, хIинца банкан волчу куьйгалхочунна а тIедиллина оьшу кехаташ а, цо бинчу балхан жамIаш а ницкъаллийн структурашка дIакхачор", - яздо Евкуровс. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуровс бахарехь... Читать дальше...

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан кхо эпсар лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Москохарчу Пресненскан кхело сацам тIеэцна полицин ши подполковник, Ольшанский Виктор а, Андреев Алексей а, полицин майор Селезнев Павел а шина баттана лоцуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь лаьттинчу векална Цицулаев Рамзанна дуьхьалдаьккхинчу  гIуллакхан хьокъехь лецна уьш. Цицулаев бехкево стаг лачкъорна а, талораш дарна а, полисхочунна тIелатар дарна а, хьарамлонаш лелорна а. Лацале хьалха кхуьй а болх беш хилла Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зуламаш толлучу декъехь. Читать дальше...



Нурмагомедовс дехар дина Оьрсийчоьнан президенте

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу ММА-н латархочунна Нурмагомедов Хьабибна рекордан гонорар елла UFC (Ultimate Fighting Championship) олучу латархойн чемпионатехь Iамеркарчу Эквинт Эланна техь толам баккхарна. 530,000 долларшкахь ахча делла Нурмагомедовна, ткъа цуьнан къийсархочунна кхаьчна 280,000 долларш. Karate.ru сайто бина и хаам. Оьрсийчоьнан спортан исторехь UFC-ехь толам баккхарехь дуьххьара  ву Нурмагомедов. Дагестанан куьйгалхочун дарж ханна кхочушдечу Васильев Владимира декъалвина Нурмагомедов Хьабиб.... Читать дальше...

Нохчийчохь кхиазхо валаран бахьанаш толлуш ду

Radiomarsho.com 

12 шо долу кIант валаран бахьанаш зуьйш ду Шелковск кIоштан талламчаша. Талламан комитето бинчу хаамашца, Шелковская олучу куьпахь шайн цIийнан 4 метар лекхачу беданара чувоьжна бираьнчик бан гIерташ хилла кхиазхо. Йинчу чевнех хьалха ца ваьлла иза, оцу сохьта велла. Бахьанаш теллинчул тIаьхьа процессуалан сацам бовзуьйтур бу кхелахоша.

"Ахмат" клуба юкъарваьлла Емельяненко Александр

Radiomarsho.com 

Социалан машанехь шен фанаташца хиллачу къамелехь гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра дIахаийтина, ша Нохчийчуьрчу "Ахмат" тобан лигехь кхи дIа цахиларх. Karate.ru сайто бина и хаам. РогIера шен латар Стигалкъекъа баттахь хир ду аьлла спортхочо, амма хьенан гIоьнца, билгал ца даьккхина. Набахтехь яккха тоьхна хан ерриг ца йоккхуш маьршаваьккхина хиларан бахьанашца, Оьрсийчуьра аравала цкъачунна бакъо яц Емельяненкон, цундела оьрсийн организаци хила тарло и. Стохка гурахь а... Читать дальше...

"Экстремистийн" литература яьккхина оьрсийн-гуьржийн доза хадочу кхечу мехкийн бахархошкара

Radiomarsho.com 

"Лакхара Ларс" олучу кIоштахь кхечу пачхьалкхийн бахархой лецна дозанхоша, пайдаэца йихкина литература дехьаяккха гIерта. Къилба ХIирийчуьрчу ФСБ-н дозанхойн пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Кхечу мехкашкарчу бахархойн тоба сацийна къайлахчу сервисийн белхахоша оьрсийн-гуьржийн доза хадочу заманчохь, шайгахь юридикан министралло экстремизмалле лерина Федералан тептаре яьхна материалаш а йолуш.

Цхьана кIиранчохь вийна, лазийна стаг вац Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Дийнна кIиранчохь Къилбаседа Кавказехь цхьана а кепара герзашца конфликтехь вийна, лазийна стаг вац. Иштта ду "Кавказан узел" агенталло шайн материалштIехь а, кхечу диллинчу хьосташна тIе а тевжаш, динчу зерийн жамIаш. Лецарш. Байначу беттан 27-чохь Соьлж-ГIалахь веха, стохка Iай вийначу Лорсанов Исламан ваша 19 шо долу Лорсанов Iусман дIавигина полисхоша. Шайн кIант вигарх цуьнан гергарчара хаамбира кху беттан 5-чу дйинахь. Цхьацца хеттарш динчул тIаьхьа шайн доьзалхо маьршавоккхур ву аьлла хеташ Iийнера уьш. Читать дальше...

"Шу нохчий ду – оха хIаллакдийр ду шу"

Radiomarsho.com 

Оханан-беттан 7-8-чу деношкахь оьрсийн эскарша СемаьIашкахь дIаяхьначу операцехь вийна лоруш ву официалан хаамашца 120-140 стаг. Амма беллачийн терахь 400-не кхоччуш лору.

Спорт в России и мире
Москва

Фитнес-эксперт Каневский назвал далеко не новым трендом копирование детьми поведения животных


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Россиянка Хромачёва вышла в финал турнира WTA в Руане в парном разряде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Регоператор провел экологический телемост между школьниками Подольска и Москвы





Путин в России и мире
Москва

Алиев: доволен развитием отношений Азербайджана и России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

В Минске прошла рабочая встреча Александра Лукашенко и Александра Цыбульского




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: "формулой Зеленского" США отвлекали внимание от нового транша Киеву


Навальный в России и мире
Москва

Мосгорсуд оставил в СИЗО журналистку Фаворскую, обвиняемую в экстремизме за репортажи о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Александр Розенбаум

Розенбаум жестко высмеял женщин, увлекающихся пластикой: “Посмотрите на этих губастых!”



Москва

ФСИН начала проверку после жалоб осужденных на пытки в ИК №6 "Черный дельфин"

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net