МахкатIехь реабилитацин центр еш ю
"Ведана кIоштарчу МахкатIехь йолийна 60 стагана лерина реабилитацин центр. Инфаркташ, инсульташ лайначу нехан могушалла меттахIотторехь Iаламат дика меттиг хир ю и, уллехь хьаннаш, цIена хIаваъ лаьтташ. И центр схьаелларо дуккхаъчу нехан проблемаш дIаяйийр яра", - аьлла цо.
ДегIан дола ца далучу нахана лерина йоллу республикехь а яц шиъ бен центр. 120 дархочунна лерина ший а центр Соьлжа-гIалахь ю.
Могушаллин министарллан хьесапашца, верриг а махкахь дегIан амал ца балуш 5 эзар стаг сов ву.
