ХIирийчохь мехах герз схьалахьош ю Росгварди
Оьрсийчуьрчу низамашца а догIуш, шен лаамехь герз охьадиллинарг бехказа вуьтуш ву бехктакхаман таIзарх.
Цул сов, республикерчу Iедало бинчуу сацамца, герз дIаделлачу нахана луш ду ахча. Мехаш иштта ду. Дендаргаш кхуьссучу тоьпан мах бу 15 000 сом, масатоьпах ло 10 000 сом, цхьана гаранатан мах бу 1250 сом, иштта дIа кхин а.
Мел герз схьагулдина республикехь цкъачунна дуьйцуш дац.
