Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Мадонна, футбол, Кадыров – хIун зIе ю?

0
Магомедов Закир

ХIолливудан а, спортан а "седарчаша" сагатдо Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочух


Дуьненан футболан чемпионат йолаелча, Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгаллехь лаьттина бакъоларъярхо Титиев Ойб дIахецар доьху кампани яржа мега.


Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а цхьаьнакхетараллахой дагахь бу оцу боламна юкъа, гоьбевлла футболхой боцуш, бевза актераш а, эшаршлакхархой а, къаьмнийн жигархой а оза.


Соьлж-ГIаларчу цхьана бакъоларъярхочо "Кавказ.Реалига дийцира, боламехь дакъалацар дехна Нохчийчуьрчу жигархошка а аьлла. Амма вуьйш реза ца хилла "шайн дахар кхерама кIел кхосса".


"Тхан аьтто бац дакъалаца – доьзалш а, гергарнаш а ма буй тхан. Ца еза проблемаш цхьанненна а. Амма барт хилла компани йолийначийн цхьацца бевзаш болчу актерашца а, спортсменашца а. Роналду а, Мадонна а декъабахка тарло боху", – элира цо "Кавказ.Реалига".


Тхо зIенедевлира массех дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн цхьаьнакхетараллашца. Амма ца елира цара Титиев Ойбан агIо лоцуш гIатта тарлучу компанин хьокъехь комментари.


Human Rights Watch юкъараллан Оьрсийчуьрчу директорна Локшина Татьянина хетарехь, мехала ду алссам гоьбевлла нах Титиевна орцахбахар.


"Комментари яла со кийча яц цкъачунна. Цхьаъ ду, вуно чIогIа оьшу Оьрсийчуьрчу а, дуьнетIерачу а юкъараллийн тидам Титиевца йоьзначу ситуацина а, "Мемориал" Нохчийчуьра арайоккхуш латтарна а тIеберзор" – боху Локшинас.


Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолалур ю Оьрсийчохь дуьненан чемпионат. Футболах ловзур бу массийтта гIалин стадионашкахь, амма яц церан декъахь Къилбаседа Кавказера гIаланаш. Бакъду, чемпионат йоьдучу юкъанна Соьлж-ГIалахь совца дагахь бу Мисарара футболхой. Оцу юкъанна, актераша, спортхоша, жигархоша Титиев хьахош компани йолаяхь, юхуррий-те Iедало Нохчийчохь дерриг а дика ду бохуш кхуллу имидж?


"Хаийла шуна, иза [имидж] цкъа а ца яьзна безачу ХIолливудерчу актерех я гоьбевлла бевзачу футболхойх, царна хетачух", -  дIахьедира "Кавказ.Реалиига" Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Умалов Жамбулата.


"Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а кхел ю, цо бен зуламхо вац я чувуллуш а,  я бехкевоцург арахоьцуш а", - хадийра Умаровс. Иза тешна ву, Титиевца доьзна "Оьрсийчоьнна дуьхьал йолош йолчу компанина" тIехьа Iамеркан Штаташ лаьтташ хиларх.


"Титиев зуьйш бу талламчаш. Цунна духьалбаьккхинарг жима бехк бац, шен бакъо къовса цунна Iедало луш  аьттонаш а бу. Оха дуккхаза а баьхна, Нохчийчоьнна лаьа иза маьршаволийла. Иза тIех дукха хьехаво массанхьа а, нохчашна кIордийна цуьнан цIе йохуш. Йолалуш йолу дуьненан чемпионат цуьнан цIарца йозар – иза Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, цуьнан уьйраша а Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьккхинчу агрессин юьхь ю", - аьлла хета министрна.


Кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь лецира Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев. Ханна жима а воцчу оцу бакъоларъярхочун машенчохь нароктикаш карийна шайна, аьлла даржийра ницкъхоша. Ша Титиевс а, цуьнан накъосташа а иза бакъ ца до, наркотикаш полисхоша кхийсина машенчу, боху цара.


Титиев лацарца долийра Къилбаседа Кавказехь "Мемориална" дуьхьал зуламаш дан. Дечкен-беттан 17-чохь Несарахь цIетесира центран офисна. Дечкен-беттан 23-чохь цабевзарш ягон гIоьртира Дагестанерчу "Мемориалан" офисан машен. Зазадоккху-беттан 28-чохь ХIинжа-ГIалахь бевзашбоцучара йиттира офисан лидерна Дациев Сираждинна.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net