Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

"Хуур дар-кха Макитов Хьусай оьрси хиллехь…"

0
Садовская Алена

ФСБ-н белхахоша ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо вер ца хьехадо федералан хаамийн гIирсаша


Зазадоккху-беттан 6-чу буса стаг вийна ГIебарта-Балкхаройчохь – бехначу ницкъхоша, саца а вина, довдаьккхина шина вхархочуьнца, леташ, урс диттина, вийна цхьаъ.


Бохамах лаьцна алссам даржийна социалан машанаша а, Кавказан тематика тергонехь кхобучу цхьаболчу хаамийн гIирсаша а ("Кавказ.Реалии" а ю церан декъахь). Амма федералан сайташа а, телевизионаша а, оппозицехь ларалучу либералаша а хьахоза битина хилам.


Хиллачух лаьцна федералан эфирехь дуьххьара дийцинарг вара журналист Орхан Жемал – "Эхо Москвы" радион "Ша-тайпа кхетам" ("Особое мнение") программехь. Стаг вийна 4 де даьлча дара цо шена хIинцца хезначух лаьцна дийцича.


Элбрусан когашкарчу Азау юьртахь, кафе чохь, молуш-къоьруш, персонал а хьийзийна, арабевллачу ФСБ-н ницкъхошна тIеIоттавелла оцу юьрта, цигахь бен ян а йоцчу банкоматехула ахча схьаэца веана хилла ши кIант – Макитов Хьусай а, цуьнан накъост Алим а.


ФСБ-хоша шаьш Чегет юьрта дIадига аьлла Хьусайга а, Алиме а, дийцира Жемала. Кегийрхоша, шаьш таксисташ дац, аьлча, царна кочаэха буьйлабелла вуьйш. Цхьаъ урс а эцна, тIоволавелла Алимна, урс Iоьттина. КIант хьалхара ведда, гIо а доьхуш. Оцу юкъанна, видеокамерашна гуччехь, некъаца лаьттачу машенийн социйлехь, ФСБ-хоша урс диттина вийна Хьусай.


Цул тIаьхьа, кхечу стаге, иза кхера а вина, Жемала дийцарехь, шаьш боххуче дIадигийтина "заманан долахоша".


ФСБ-хоша садоIуче еъна полици. Амма санаторин да Бапинаев Рамазан туьгуш ца хилла куьгбехкенаш полицин карабала. Жемала дийцарехь, ФСБ-н белхахошна тIекхача полицина аьтто бина меттигерчу къаноша. Иштта лецна ФСБ-хой.


"Суна хетарехь, юкъаралло тидаме эца деза хилларг. ФСБ жоьлкийн структура хилла яьлла. Тегенекли юьртахь лаьтта цуьнан санатори Волоколамск-кIоштахь яржийначу дIаьвше нехел а кхераме ю", - элира "Эха Москвы" радион эфирехь журналисто.


" ФСБ-н белхахоша, уьрсаш хьоькхуш, нах бойъуш хилча, хьал тидаме эца декхаре ду вай. Бехкенаш жоьпе озорал а совнах, цигарчу санаторех терра болу ФСБ-н дIаьвше бенаш адамашна гергахь кхоллийта а ца беза", - бохура Жемал Орхана.


"Хьал оха а латтор ду тергонехь ", - жоп делира цунна радиоэфир дIахьочу Соломин Алексейс.


Делахь а, бац оцу бохамах лаьцна цхьа а хаам "Эхо Москвы" радион сайтан агIонтIехь. Цу тIе, ала догIу, Орхана къамелдинчу шолгIачу дийнахь, Заздоккху-беттан 13-чохь, Нальчикехь гулам хилира буьйцучу бохамца доьзна – иза а бисира тидаме эцанза.


Ца бина хиллачух лаьцна хаам "Медуза" газетан сайто, ткъа "Новая газета" а, "Дождь" телегойтила а IадIийна Макитов Хьусай вийначу дийнахь хиламах лаьцна Зазадоккху-беттан 7-чохь боцца хаам а бина.


Оццу дийнахь изза хаам баржийра Ходорковский Михаилан "МБХ Медиа" хьостано. Навальный Алексейс хьаххане а ца хьахийра хилларг ша оцу кIиранах арахецначу хаамийн программехь. Макитов вер тергамза дитира Собчак Ксенияс а.


Стенна ду иза иштта? Федералан зорба, политикаш кхору Кавказехь хилларг хьахо? Я хьашт дац царна цигара хиламаш бийца?


Элбрусна гергахь хиллачух лаьцна хIинца а дац дерриг а ма-дарра девзаш: ницкъхоша ца баржабо хаам, гергарнаш тийна Iа, бохам хиллачу шиннах дийна висинарг а вац журналисташна тIекхочехь. Цхьа а вац бакъдерг ахка араваьлла.


Вийначу Макитовн меттехь оьрси хиллехь? Муха хьаьвзар бара хаамийн гIирсаш? Урс хьаькхна, ФСБ-н белхахоша вийнарг Калугера я Тюменера бехкевоцург нисвеллехь?


Къоман битамаш орцане ийзор нийса дац, оцу битамех лаьцна дуьйцуш а ца хилча-м муххале а (ала дашна, Жемала бахарехь, Уфара бу буьйцу ФСБ-хой). Ницкъхоша лелочу харцонна буханисвала тарло муьлххачу а къоман векал.


Хиллачо цхьана могIара боху массо а къаьмнийн бахархой, декхаребо цхьаьнакхета – хуьлда уьш Кавказера, Идална гонахара, Юккъерчу Оьрсийчуьра, Сибрехара. "Федералан кхерамзаллин урхалло" динарг – ша и урхалла ерриг а пачхьалкхан дакъа хиларе терра – доьрзу массо а халкъан гIайгIане.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net